Сан деган къайле

Юнусова Марям

Дуьненан б1аьргаш,
Вайшиннах хьегош.
Безамах масал,
Иманехь къегош.
Б1аьстенан амал,
Сайн дагчохь кхобуш.
И дахар ду ас,
Ойланца тоьгуш.

Вайшиннан ирсах,
Къага сатуьйсуш.
Сатасале г1уьттуш,
Малх серла буьйлу.
Хьозарчий корехь,
Эшаре дуьйлу.
Вайшинца лоьхуш,
Безаман уьйраш.

Б1аьстенан 1алам,
Эесала техка.
1уьйренаш хазъеш,
Лаьмнех дохк хьерча.
Х1ора вайн м1аьрго,
Хастаме йостуш.
Безамо хьоьстуш,
Ойланаш хоьрцу.

Мох санна маса,
Зама ю уьдуш.
Сан деган къайле,
Ю денна кхуьуш.
Зезагийн б1аьсте,
Денъен малх санна.
Хьо цхьаъ ву дахар,
Сан ирсе къагош.


Рецензии