Iилма тоьлу
"Сибрехахь шело, мацалла, харцо лан дийзира нохчийн. Кхечу цхьана хIуманна тIекхиийра со оцу шераша: Iилма - ша воьдуче (Сибрех а) дIа а дахьалуш, стагана гIо деш, иза ларвеш, беркате бахам хиллера.
Сибрехахь тхан лулахь нисвеллера нохчийн меттан хьехархо Джамалханов Зайнди. Иза ша цIахь волуш дуьйна а йоза-дешар Iамийна хиларна, Зайндих тхуна а, лулахошна а доккха беркат долура. Нехан дехарца, цо тайп-тайпанчу хьаькамашка, мел гена а, тхан баланаш, халонаш йуьйцуш кехаташ йаздора. Дукха хан йалале, хIоразза а, тхуна гIо кхочура йуучуьнца а, йухучуьнца а. Наха йуха а олура цуьнга, цо керла кехат йаздора, тхуна кхин-кхин а г1о кхочура...
Зайндис оцу тайпана деш долу гIуллакхаш бахьанехь кхин цхьа беркат хуьлура, суна хетарехь: бераша, кегийрхоша шайн тидаме дуьллура, Iилма – мехала хазна, бахам хилар, иза Iамор массо а агIор санехь хилар. Цу гIуллакхо тIеIаткъам барца ас чекхйаьккхира школа а, институт а..."
Свидетельство о публикации №217022302135