П. Давыденко. Догкхиира сан а

   Перевод на чеченский язык воспоминаний жителя г. Грозного П. Давыденко
о депортации чеченцев и ингушей в Среднюю Азию и Казахстан


   - Суна хаац, маца а, х1унда а схьакхелхина хилла сан дай Къилбаседа Кавказе. Амма суна дагадог1у граждански т1ом чекхбаьллачул т1аьхьа уьш Сема1ашкахь баьхна хилар а, ткъа цигара Советан 1едална мостаг1ий ларалуш болчу г1алг1азкхех бу аьлла, х1орш махках баьхна хилар а.

   Дуккха а божарий цу хенахь лийцира, царех цхьаболчарна тоьпаш а туьйхира. Оцу декъах сан да хьалхавелира, иза заь1апхо хиларна, оцу бахьанина цуьнан цхьана а тобанех д1акхета (цунна лиъча а) йиш хилла ца хиларна. Х1етте а сан да-нана, кхиберш санна, юьртах даьккхира. Ч1ог1а хало лайра цара. Шайна рицкъа луш хиллачу лаьттах а къаьстина, и шиъ, ма-дарра аьлча, даа а, мала а, т1едуха а доцуш дисира. Саг1а дехар бен, кхин дисина х1умма а дацара.

   Сан вежарий – цхьаннан пхийтта, шолг1ачун – шийтта шераш хенаш яра – коча т1оьрмиг а тесна, саг1а деха бахара. Цушиннан шича волу Шевченко Степан а т1аьхьах1оьттира царна. Наха шайн ерг кховдайора берашна.
 
   Цкъа иштта х1орш баханчуьра Степан ц1а ца веара. И бахьанехь баккхийчара ч1ог1а сагатдира. И сагатдар а, т1аьхьо гучу ма-даллара, эрна хиллера. Нохчийн доьзало т1елаьцна хиллера и к1ант. Чобин а, Кайпин а бераш дацара, царшимма, Степан муьлхачу къоман, тайпанан, тукхаман ву бохучун дукха ойланаш а ца еш, шайн чу витира к1ант, цунна да а, нана а хуьлуш. Иштта Шевченко Степанах хилира Катаев Солтамурад, ткъа Чобина а, Кайпина а, цхьана аг1ор, вукху аг1ор, сан дена а, нанна а юккъехь тасаелира дика юкъаметтигаш.

   Ткъа тхан Солтиках дерг бохий аш? Иштта олура Степанах цуьнан самукъане амал бахьанехь. Иза кхуьуш вара, цуо кхачам боллуш 1амийра нохчийн мотт. Цунна нохчийн зуда ялийра, бераш а девлира дуьнен чу. Иза, колхозан председатель вара я юьртда хаьржира, дика дагадаг1ац суна.

   Дерриг а дика д1аг1уш дара, иза 1едало лаццалц. Иза стенна бехке винера, хатта стаг вацара, сан дас-нанас соьга иза ца хоуьйтура. Кхоьруш хилла хир бу, хетарехь, сан багах совдерг даларна, т1аккха керла бохамаш т1ех1итта а тарлора.

   Суна т1едиллинарг деккъа цхьа х1ума дара: цунна х1ора дийнахь яа х1ума д1аяхьар. Жимачу ц1ерпошто набахтехь берш балха буьгу а, ц1а бало а некъ болчу воьдура со. Ц1ерпошт сецначохь Солтике д1акховдайора аса айса еънарг, цу т1ехь сан декхар чекхдолура. Т1аьхьо цхьана аг1ор д1авигира иза, ткъа тхан цуьнца йолу з1е еххачу ханна хедира.
 
   Цул т1аьхьа Чоба дуккхаза а веара тхоьга. Цкъа иза тхоьга веача догдоьхна-а вара. Хьуна х1ун хилла шега хаьттича, цуо сан да коре а вигна, элира: «Хьажахь, Михайло, муха д1атарбелла д1о-о седа. Вайн халкъана т1е бохам бог1уш хиларан билгало ю иза». Со а хьаьжира цу седане. Беттан гуонан маь11ехь, летта болуш санна, гуш бара иза.

   Бохам т1ебог1уш хиларан билгало иза муха хуьлу, суна ца хаьара, амма Чобера г1айг1а-бала, генабоцчу балех догкхиар соьга а кхечира. Со вилххина д1авахара. Цул т1аьхьа нохчий а, г1алг1ай а махках бехира. Кхечаьрца цхьаьна д1абигира Чоба а, Кайпа а. Хийрачу махкара уьш буха ца бирзира. Цул т1аьхьа тхуна уьш цкъа а ган а ца гира.


   
                П. Давыденко, Соьлжа-Г1алин вахархо.

 


Рецензии
Kxichu stagan, koman dog lazarg ben stag vaz kxu dunenchox. I taipa stag Dalla a veza naxa a leram bu...

Delareza xulda xona, Aslambek, dika dosh malxe dyakkxarax

Хамзат Фаргиев   25.02.2017 20:45     Заявить о нарушении
Йозанаш гочдаро дешархой совбоху, мотт кхиорехь аьтто бо олий, бахьанаш леладо вай оцу аг1ор. Дела реза хуьлда хьуна а, Хьамзат! Кхиамаш хуьлда кхоллараллехь!
Ларамца,

Асламбек Гайтукаев   26.02.2017 16:33   Заявить о нарушении