Бехке дуй-те
Лерехь мерза мукъам кхерстош.
Хьо-м сан дагчу кхаьчна вели,
Зезагах сан ойла кхели.
Дуй-те вайша цунна бехке,
Т1аьхьайисна ярах б1аьсте??
Дац кхин аз сан дагна томехь,
Хьоьга кхойкху дог сан къайлехь.
Хир ду лерса сема хьан,
Кхетар ду дог, дагах сан.
Дуй-те вайша цунна бехке,
Т1аьхьа йисна ярах б1аьсте??
Нагахь дагчу йоссахь буьйса,
Хьан б1аьргаш чохь кхоларш дита.
Хьо хилалахь цунна кийча,
Толам хир бац вайгахь х1инца.
Дуй те вайша цунна бехке,
Т1аьхьа йисна ярах б1аьсте??
Сан малх кхуоло, кхаж хьан балахь,
Со а хир яц 1аьнна генахь.
Гуьйре йохъеш кхетац малх,
Гуьйре нисло, малхах къегаш.
Дуй-те вайша цунна бехке,
Т1аьхьа йисна ярах б1аьсте??
2017
Шу хьена, стенгара мехкарий оьзда,
Дуй те шу кхиина Ведан к1оштахь?
Зезагаш шух тера ас цигахь хьоьста,
Ма дац - кха сан дог шун цуьриг а мостаг1....
Лерамца Хазане
Свидетельство о публикации №217022600747