Меттан хазна йовзуьйту Исраилова Яхас

   Рассказ о журналистке телерадиокомпании "Вайнах" (г. Грозный) Исраиловой Яхе


   «Маршалла ду шуьга, махкахой! Эфирехь ю: «Мотт – халкъан хазна», – аьлла йолу передача». Оцу дешнашца д1а а йолалуш, нохчийн аьхначу маттахь вайн меттан башхаллех, хазаллех, къоман литературах, оьздачу г1иллакхех лаьцна евзаш йолу журналист Исраилова Яха дуьйцуш схьайог1у советан заманахь дуьйна.

   Нохчийн ширчу юьртара Эвтарара ю Яха ц1ера. Хьаналчу латталелорхойн Хож-Ахьмадан, Шайманан доьзалехь дуьнен т1е яьлла иза. Яха а, цуьнан ши йиша 1айнаъ а, 1айнет а, ваша Илес а латталелорехь болу берриге бохург санна белхаш бан 1амийна дас-нанас. «Дела реза хуьлийла цаьршинна, тхуна къахьега 1аморна!» – боху Яхас.

   Т1ех дикачу хааршца чекхъяьккхина Исраилова Яхас хьомечу юьртара №1 йолу юккъера школа, Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан университетан филологин факультет. Цо лерина доьшура шен дас яздина долу «Ленинан некъ» (х1инца "Даймохк") газет.

   Юьхьанца болх бина Шелан к1оштан культуран декъан г1уллакххо йолуш. Ткъе итт шо сов зама ю цо радиохь болх бен.

   Яхина кхоччуш карабирзина ала мегар ду нохчийн журналистан болх. Халонех ца кхоьруш, хьуьнарца, кхоллараллица кечйо цо радиопередачаш. Уьш кечъярхьама, 1алашо а х1оттаяй, хьалххе т1екере а яй, мел генарчу ярташка а д1айоьду иза.

   Яхас студехь д1аязйина передачаш к1езиг хуьлу аьлла хета суна. Цундела дуккха а нахана хетарг тидаме оьцуш, церан ойланех-хьежамех радиоладог1архошка ирс-беркат эцийтар – 1аламат мехала а, чолхе г1уллакх ду.

   Хетарехь, Исраилова хилаза к1ошт хир яц вайн махкахь. Цуьнан къамелийн дакъалацархойн ц1ераш яха а 1аламат дукха хан езар яра. Культурехь шен-шен некъ беш ваьхна а я веха а кхоллараллин стаг ву царах х1ора а.

   Уьш бу культурин а, дешаран а хьаьрмара тайп-тайпанчу чкъуран нах. Церан 1илма, пох1ма, ойланаш, цара деза-сийлахь лорург я леринарг мехала доккхуш, вайна гергадалош схьайог1у Яха.
 
   Кхоллараллин суй хилла ца 1аш, доккха хьуьнар а, каделла а, шен корматаллина тешаме хилар а 1аламат ч1ог1а оьшу, ткъе итт шарахь сов болчу муьрехь, радиоладог1архойн кхиэле царна к1ордор доцу къамел х1оразза диллархьама. Цо д1ахьош йолу рубрика цхьаъ-шиъ бен яцахь а, х1ора къамел, интервью шатайпаналла йолуш, ойла серлайоккхуш, яхье воккхуш, хьалха дага ца деанчунна я к1еззиг ойла йинчунна т1е тидам боьхуьйтуш, шеца керла хьежам хаалуш хуьлу.

   «Говза дина хаттар – ахжоп ду», – олуш ду. Исраилова Яхас шен турпалхочуьнга (студин хьеше) дина хаттар говза а, чулацаме а, цхьана передачернаш кхечарах тера доцуш хуьлу. Журналистан дешхьалхе а, дерзоран дош а – вайн уггар сагатдечух долу пох1ме дина доца къамел хуьлу.

   Цкъа ас цуьнга со дакъалацархо волуш д1аяздинчу къамелах лаьцна ала а элира: «Яха, ахь соьга дина хаттарш а, хьан долоран а, жам1 даран а дош юкъара д1адаьккхича, сан къамел деккъа ша охьадиллича г1ийло ма хийтира суна-м?!»

   Олуш дерг, дуьйцург дика т1еч1агдо б1аьрлачу масало. Иштта х1ара къамел а жимма къагорхьама а, ца девзачунна а корматалле журналистан пох1ма гергадалорхьама а, дало лаьа «Вайнах» телерадиокомпанин корреспондента Исраилова Яхас «Мотт – халкъан хазна» ц1е йолчу цхьана къамелехь (масех шо хьалха) хьеше дина хаттарш а, къамелан чам тобеш цо шегара т1етоьхнарг а:

   «Вай сих-сиха дІахьо уггар хазачех, хьалдолчех болчу нохчийн маттана лерина йолу передачаш. ХІорш хІора дийнахь ярх а сов хир яцара, хІунда аьлча и вайн массеран а ненан мотт бу. ХІун хир ду цул хьоме дуьненчохь дехачу адамашна, нанас шен мерза Іаьнарца йовхо луш, аьхначу куьйгаца хьостуш болчу ненан маттал?

   Нанас Іамабо берана шен оьзда мотт, оьзда гІиллакхаш. Дуьххьара дош ала Іамош ерг а, цІенкъахь хьалхара гІулч яккха дуьххьара шен ховхачу куьйгаца вайн куьг схьалаьцнарг а нана ю. Ненах доьзна дІадолало дерриге а адаман дахар. Буьйсана наб йоцуш, дийнахь тем боцуш, вай даларна а, цамгаро лацарна а кхоьруш, шен гІийлачу узамца аган иллийца дІадижадо нанас бер. Ненан а, беран а марзо йоккха ю массо а исбаьхьаллел.

   Нохчийн мотт къен бу, гІийла бу олу цхьаболчара. И бакъ дац. Цунна гІело йинарш вай ваьш ду, цуьнан хам ца беш. Ткъа школашкахь нохчийн меттан Іаматаш тоъалчу барамехь яц. ХІокху масех шарахь цуьнан балхам бо хьехархоша а.

   Амма кхин цкъа а хьахо лаьа суна, вайн ненан маттана мелла а гІело еш хилар. Ша вехачу меттехь хьалхара рагІ шен къоман метта хила еза, нагахь ша шен да, нана а ларахь, цара буьйцучу меттан сий а дахь.

   Делан къинхетам бахьанехь, кІеззиг белахь а болуш бу ненан мотт кІорггера хууш, безаш, буьйцуш, шайна хуург халкъана дІакхачош болу нах. Тахана вайн передачехь дакъа лоцуш ву царах цхьаъ...

   - Ненан маттах долу къамел вай деш хилча, уггар хьалха оцу меттан хазалла, цуьнан цІаналла, цуьнан исбаьхьалла, цуьнан куц-кеп дуьйцуш, цуьнан сурт хІоттош дийцича бегІийла хир дара. Хьанех, дош хьоьга ду-кха...

   - Хьанех, кегийчу наха олу нохчийн мотт хала бу, чолхе бу, бийца атта дац. Дуккха шераш ду хьо кхолларалин балхахь волу. Нохчийн маттахь язъеш болчу могІанца, олучу дашца хало хуьлуш, ницкъ хуьлуш хІумма туса а лой хьуна?..

   Хьуна баркалла, Дела реза хуьлда къамелехь дакъалацарна. Нохчийн матте безам болчуьнга бен и тайпа къамел далур дац, хІунда аьлча, ша нохчи ву бахарх тоьаш дац, нохчийн мотт цІийх боьлла дагчухула чекхболуш вацахь. Цундела ахь дина долу къамел мелла а мехала хир ду вайн ладогІархошна. Кхин цкъа а хьуна баркалла.

   Ненан мотт хаар, Іалашбар а вайн массеран а декхар ду. Цуьнан дозалла оза хир дац дуьненчохь цхьа а терза. Терзан барамца нисбича а хир бу иза массо хІуманал беза. Литтина деши санна цІена, мазал мерза, ховха, аьхна вайн мотт бийца хьекъал, кхетам а лойла вайна. Дала шен шорта болчу къинхетамца даржехь са дохийла вай. Аша ладуьйгІира «Мотт – халкъан хазна» аьлла йолчу передаче. Къамелехь дакъалецира хьенеха...»

   Тхан шеца хиллачу къамелехь Яхас ц1ераш  йохура шен кхоллараллина беркате т1е1аткъам бинчу белхан накъостийн. Цу хенахь учрежденехь хиллачу хьелашца доьзна, нохчийн маттаца доьзнарг школо к1езззиг делира шена, боху Исраиловас. Университете деша яхархьама, цо ша-шена т1ехь дуккха болх бина, цахуург т1едузуш, хаарш низаме, цхьана къепе далийна.

   Яха даима лехамехь ю, ша динарг дукха хеташ а яц иза. 

   Дерзош ала лаьа: кхоллараллин балхахь кхин а лакхарчу кхиамашка кхочуш, вайн меттан исбаьхьалла, мутта-марзо йовзийтарехь, къоман мотт ларбарехь, кхиорехь аьтто беш, ирсе йолуш, Дала дуккха а шерашкахь могаш-маьрша яхайойла хьо, лараме Яха!


Рецензии