поэзийн махкахь
Бераллехь яьллера новкъа.
Поэзий, хьан махках ийна,
Хьох хьерчаш, ирс декъа хьоьца.
Жималлехь цу некъах тилла,
Кхолламо яьккхира гена.
Лаамах сатийсам хилла,
Кхебира хьо дагчохь тийна.
Беха некъ дахарехь барах,
Хьоьца бен сайн ирс ца гина.
Исбаьхьа хьан дуьне тайна,
Йоьсси со хьан махка сирла.
Седарчех йоьттина б1аьвнаш,
Хи буххлахь забаре лепаш.
Цу маьлхан з1аьнарш а лоьцуш,
Юьйцина керташ го къегаш.
Туьйранахь юьйцу ца хезна,
Исбаьхьчу хазалле кхаьчна.
Поэзий, ахь ирсах дуьзна,
Саци дог карийна дезнарг.
Вевзарий хьуна
Резванова Айза
- Ассалам – 1алайкум,
Тхан сийлахь Даймохк!
Вевзарий хьуна со?
Суна хьо – м, бевзара...
Хьох къастар ца лайна,
Ненан дог доьлхуш,
И б1аьрхиш, цу кийрахь, мийланарг ву со!
Безамца хьан суьрташ, шен дагчохь хьоьстуш,
Шен кийрахь нанас хьо,
Марзбинарг ву со!
1уьйренца дашочу, з1аьнарийн маша,
Хьан лаьмнийн баххьаш т1ехь, цу малхо буцара.
Цу т1улгий ламанех, самукъне хьаьрчаш,
Кхийссалуш, и сирла шовданаш ловзура.
Бесс– бессара шакаршца, эшаре дуьйлуш,
Юькъачу хьаннашкахь, олхазарш декара.
Б1аьстенца аренгахь, помбархат зезагийн,
Тхи муьйлуш, полларчий х1аваие г1уьттура.
Баьстенан зазанах, седарчий къегий,
Бода д1акъехкабеш,
Бетта са даьржара
Куц хазчу 1аламах, Ойланца хьаьрчий,
Сан ненан са т1ома, 1аьршашка долура.
Хьоьгарчу марзоне сатийсам г1оттий,
Шовданийн аьзнашца, мукъаме йолура.
Юха а, къастаран бала т1е 1аьткъий,
Г1ерг1ачу терках и,
Елхаре йоьдура.
Стогаллин амал т1ехь, Кхиуо къахьоьгуш,
Турпалчу къонахийн
Амалаш хьоьхура.
Дайн оьзда г1иллакхаш, Шайн кийрахь кхиош,
Бехачу мехкарийн,
Сий лаккхахь гойтура.
Генарчу Сибрехахь, Хийрачу махкахь,
Даймохк, хьан ц1е Йохуш,нанас дог лоьцура.
Ша хьегна марзо шен, т1аьхьаьнна йоьхуш,
Даима, до1ийца, цо Деле доьхура.
Халонийн, харцонийн Дозанаш эешош,
Ца къарлуш, Дег1астан Некъа со ваьккхира.
Мерзачу сих хаьдда,
Дилх лаьттах эелуш,
Шех хилла лаьттан цинц, Хьох тохар, дийхира,
- Ассалам – 1алайкум, Тхан сийлахь Даймохк!
Вевзарий хьуна со?
Суна хьо – м, бевзара....
Сийлахьчу, хьан ц1еран, Декъашхо хила,
Нанас т1е диллина, хьан к1ант ву со!
Даймохк, хьан сий долчу ц1арт1е ц1е йилла,
Ирсана кхаж баьлла, нохчо ву со!
Свидетельство о публикации №217032100702