Сан озах жоп

Резванова Айза

Цхьа 1уьйре йог1ур ю тийна,
Малх хьоьжуш, шен басах тилла.
Зезагийн малхана къежар а,
Дуьсур ду тидмаза, г1ийла.

Тоьур яц б1аьргашна серло а,
Шаьш лоьхург ган хьежарх,хийла.
Мела мох хилла хьо леларх а,
Со хир ю, дуьненна хийра.

Аз хаддал, мохь бетташ, велхар а,
Идор ду мохо, йиш йина.
Кхетар дац х1ара дуьне хьох а,
Дуьненах, я сох а, хьо а...

Ца кхеташ хьан дагах хьекъал,
Хьекъале ца доьрзуш дог.
Вуьсур ву хьо, хаьттарш дебаш,
Цахезаш, сан озах жоп.   
2017

Генахь дац...
Генахь дац и аьзнаш, дехьа чохь санна уьш хета,
Х1ора г1улч ас йоккху,дуьненчохь т1аьххьара лоьруш.
Ялсмана хьозарчий, шакаршца соь кхойкхуш дека,
Цхьа пен бу, цхьа парду, 1ожалла бен чекх ца йолуш...

Къинт1ера яьлла со, даггара, дериг дуьненна,
Доьху ас, къинт1ера далар а, массо а сига.
Лелла яц дахарехь сайн сина лоьхуш аьхналла,
Ткъа марзо лаьхна ас, дуьненахь, массо а сица.

1ожалло дахарца къуьйсучу дозана юккъехь,
Г1айг1ане со соьцу, чот етташ, къа-мелий узуш...
Оьмар ас диканех юттуш ерг соцуш ю, юккъехь,
Лийринарг яра еха, т1аьхьенан некъ ирсах буцуш..

Резванова Айза

Хедога

Макхуолалахь, хьо - м сан малх бай,
Дуьне серла даьккхина...
Зезагийн беш ас кхиийна,
Ма ю хьуна томана...

Ас доь1у са, хьан ойла еш,
Ду сан дагна синтеме...
Хьан б1аьргаша дог а хьоьсту,
Хьо хиларна т1ех хьоме...

Зезаг хазде полла санна,
Ю хьо хазъеш сан къайле...
Хьо - м сан малх бай, хьоме Хеда,
Дукхуяхарг, хьо ирсе!

2018
12 : 07


Рецензии