Дустийша
Х1ун ду те ца тоьург т1е??
Ца лало соь беран делхар,
Цхьа шен маттахь йохуш ц1е.
Дегбааме, б1аьрхиш 1енаш,
Къинхетам ца тоьуш шех.
Х1ун сингаттам кийрахь дебаш,
Доьлху те и,жима бер?
Беран са ду, г1ийла, миска,
Совг1ат дац-кха 1ехо и.
Х1орамма дустийша шеца,
Х1ун ду ненал мерза кхин!?
Х1унда доккху бер шен ненах?
Стенна бехке хилла и?
Карор дац мел дукха лехарх,
Тукар хадо церан уьйр...
Свидетельство о публикации №217033000368