Ненан мотт бицбинехь...
Жима ву со, амма цхьана тамашийначу хIуманан тидам бина аса. Апрель бутт гергабан боьлча, нохчийн маттах лаьцна йолу стих я кхин хьекъале аьлларг лаха араволу жима а, воккха а, хьехархо а, дешархо а. Иза дика билгало ю, дика г1иллакх ду. Шаьш ара а девлла лехнарг, цкъа 1амийнарг дика дагахь лаьтта, иэсехь дика ларло.
Халкъан кица а ма ду: «Жимчохь 1амийнарг, т1улга т1е яздина йоза санна, ду, воккхахилча 1амийнарг, ша т1е яздина йоза санна, ду», – аьлла.
Амма суна цхьа кхачамбацар го вай дуьйцучуьнца доьзна. Цхьана хеначохь дан дезаш гIуллакхаш хуьлу дахарехь (марха кхабар, дастар, ялта чудерзор, синтарш дIадер, экзаменаш дIаялар, дешаран керлачу шарна кечам бар, белхех вахар…), даима дан дезарш хуьлу (Дела цхьаъ вар, Делан Элча, Делера салам-маршалла хуьлда цунна, бакъвар, да-нана ларар, царна муьт1ахь хилар, ойла, дег1 а ц1ена латтор, г1иллакхе хилар, х1авааца садаIар…).
Къуьйсийла доцуш, мотт безар, ларар, 1амор, говза, нийса, ц1ена бийцар цу шолг1ачарна юкъадог1уш ду. Иштта аса х1унда боху? Дера боху, мотт ца хиъча адамийн юкъаметтигаш, уьйраш чолхе хир йолу дела. Мотт ца хиъча, 1илманашлахь а 1илма долу (наука наук) хьесапдаран 1илма (математика) 1амалур дац, кхидолу 1илманаш 1амалур дац.
Шен мотт ца бевзича, кхин меттанаш муха девзар ду стагана?! Ткъа дешна воцу стаг – иза стом ца лучу диттах тарво нохчийн кицано.
Тхешан дегахула цхьа дийцар девзира суна (цунна а 30 шо гергга хьалха хезна ду иза). Бен доцуш ца витира со оцу дийцаран чулацамо, шуна а иштта хетар ду аьлла ч1аг1дан х1уттур вара со.
…Немцошца хиллачу Даймехкан тIаме вахана хила жима стаг. Ницкъ ма-кхоччу летта иза мостагIчух, амма, цалуъушехьа, мостагIчун каравахар нисделла цуьнан. Германехь висна иза, цигара шена зуда а ялийна. Шен цIа са ца гатдеш ца Iийна хIара, амма тIехIоьттина даьллачу хьолехь ша хаьржина некъ гIолехь карийна кхунна.
Самах а, гIенах а кIантаца дехаш хилла винчу ненан сурт, амма ненах дерг цахааро дагна ницкъ бора. Шен оьздачу маттахь, хIара яхьах ца вохийта дош олуш, нанас тIаме хьажийна вара шен кIант. ТIом чекхбаьлча а шен кIантах лаьцна цхьа а хаам ца кхаьчча, нанас шена тIе Iаьржа духар дуьйхира.
Оцу духарца хIора сарахь кетIа а йолий, цигарчу гIанта а хоий, юьрта чу богIучу новкъа бIаьрг бетташ Iара и ехха. КIантана иштта цо сагатдира ткъе итт шарахь гергга.
Даймехкан тIамехь халкъо толам баьккхина 30 шо а дуьзнера хIинца. Шен Iаьржачу духарца нана кетIаяьллачу хенахь кхаьрга веара вевзаш воцу хьаша. Цо дийцира ша путевкица Германе вахарх, цигахь шена дайнарг. Германехь вехаш волчу оцу ненан кIанта дехар дина хиллера шен Даймахкара веана стаг шена гича, ша вина-кхиъначу юьрта гIой, дийна елахь, шен нене кост дIатохахьара аьлла.
Хьешо нене дийцира:
-Хьан кIант дийна ву, могаш ву, Германехь вехаш ву иза шен доьзалца. Хьо йолуш юй хьажий, хьоьга маршалла ло бохура. Аьтто балахь, ган доьгIнехь – гур ду бохура…
Хьаша хIусаме кхайкхина, цунна юург-мерг елира бухарчара. Нанас шен Iаьржа духар а хийцира. Хьаша новкъаваккха шаьш кетIа девллачу хенахь, цIеххьана шена дагадеана хаттар дира нанас хьеше:
-Дийцахьа, къамел муьлхачу маттахь дира ашшимма?
Жимма воха а воьхна, хьешо жоп делира:
-Немцойн маттахь…
Хьаша дIа а вахале, сихха чу а яхана, шен Iаьржа духар юха а тIедуьйхира нанас. ТIаккха элира, хьешана хезаш:
-Иза сан кIант вац, цо шен ненан мотт бицбинехь. Иштта ца Iамийнера ас иза…
…Дийцаран масало хаза кхетам ло вайна. Вешан мотт бийцахь, ларбахь, кхиабахь, юьхьк1айн лелар ду вай.
Ненан мотт ларбан а, цунах дозалла дан а хьуьнар, доьналла лойла вайна Дала!
Аб.Гайтукаев
Свидетельство о публикации №217041602324
Дика дийцар ду ахь яздинарг.
Дала низ лойла вайна вай нена мотт лорабе.
Лерамца Хьамзат
Хамзат Фаргиев 18.04.2017 07:50 Заявить о нарушении
Шен мохк, мотт безар, ларбар, кхиош дакъалацар деза-мехала г1уллакхаш хилар ч1аг1до 1илма долчу наха. Ден ц1ахь (Даймахкахь) къаьсттина ларбан беза мотт, х1унда аьлча мотт бацахь - къам дац. Базоркин Идрисан шуьйра евзаш йолчу романан дешхьалхенехь маттах лаьцна яздинарг деза-доккха х1ума лорура оха - студенташа. Дагахь а 1амадора и дешнаш.
Ларамца,
Асламбек Гайтукаев 18.04.2017 09:42 Заявить о нарушении