Заманан мехаллаш
Вовшашца гергарлонаш хера девлла
Доьзалехь леладеш вай хилла низам
Д1адовш ду,шех хилла к1орггера хийцам.
Кхетам кхиош берг бу «Дуьненан маша»
Воккхачо аьллачух ца х1утту ваша.
«Аш лайнарг,лелийнарг ю яхна хан»-
Бохуш ца туьгу доьзал аьлларг дан.
Суннаташ леладарх,дицдина фарз
Саг1а к1еззиг деш,вай еш йолу харж.
1уьйранна баржоза ламазна куз,
Сурташ т1ехь гайтарх вай нахана рузба…
Дас-Нанас аьлларг дар ца ларахь декхар
Дела а,неха а байъича безам,
Г1иллакх а,г1уллакх а дицдича дайн
Нохчий ду ала хьакъ хир дуй те вай?
Свидетельство о публикации №217042100634