МаслаIате, дика адам дара Зайнди

Воспоминания о народном учителе Зайнди Джамалханове


   2002-чу шарахь дуьххьара хилира со Зайнди вехачу хIусамехь Лаха Неврехь. Вайн махкахь дIабоьдуш тIом бара, хIетте а лараме хьехархо кху дуьнен т1е веана 80 шо кхочуш хилар вайна дагахь дара.

   Меттан говзанча а, фольклорист а волчу Зайндих лаьцна ала догIург дерриге шена чулоцуш хета Iилманчин-лингвистан Ю.Д. Дешериевн дешнаш: «Дукха хан йу суна Джамалханов вевза. Цунна санна нохчийн литературин мотт а, къоман фольклор а йевзаш стаг гина вац суна. Со цецвийлина а ца волу цуьнан хаарех, хьуьнаречу къинхегамах. Вайнехан лингвистикин дозалла ларало иза…»
               
   Кхузахь хьахо лаьа Зайндин хаза гIиллакхаш, амалш.  Бакъдерг аьлча, иза цу дийнахь шех лаьцна ша дийца а, аса шех лаьцна йаздан лууш а вацара. Цо забарш а йора, кхиберш а хьехабора. Зайндис аьлларг ира а, дагахьлаьтташ а нислора. Шен могашаллах лаьцна цо элира: «Селхана хиллачул эшна йу, кхана хинйолчул гIоли йу».

   Зайнди вехачу ков-керта воьдучу суна хьалхаваьлла веанчу меттигерчу ишколан директора Хасимиковс, тхойшиъ чукхаьчча, охьа а хаале бохург санна: «Зайнди, «самородок» боху оьрсийн дош муха хир дара нохчийн маттахь?» – хаьттича, х1усамдас сихха жоп делира: «Вешшехь, винарг», – аьлла. Т1аккха: «Собардел», – аьлла, дехьачуьра Карасаевн, Мациевн "Оьрсийн-нохчийн дошам" схьа а йеана, цу т1ера ша дийшира тхуна: «Самородок – пох1махо; золотой самородок – дашо б1елиг», – аьлла. Суна-м оцу хаттарна делла долу Зайндин (шен) жоп дика хийтира.

   Йуха, тхо чай молуш долуш, Зайндис элира: «Х1ара хьажийта охьайиллина йац шуна, йаа йиллина йу шуна. Масех де хьалха сайн лулахочуьнга а аьллера аса изза. Т1аккха цо бохура: «Со-м, ч1епалгаш а ца дууш, схьавеана ву!» «Х1унда ца диира ахьа уьш?» - аса шега хаьттича, «Дацар-кха!» - бохура...

   2002-чу шеран май беттан 18-чу дийнахь Лаха Неврехь дукха адам гулделлера, Зайндин ларам беш. "Цхьаьнакхетаран куьгбехкечун" б1аьрг кхийтира гуччохь д1атоьхначу терахьан: «80». «И ноль дукха х1ума а йацара, д1айаккхийша цу т1ехьара, 8 шо долчух тарлуш ву со х1инца», - забар йеш, элира цо.

   Йуха (меттигерчу бахаман куьйгалхочо вовшахтохарца) тхо йуучух кхетачу хенахь, нохчийн меттан киншкийн автор а, юбиляран нийсархо а хир волчу Эжаев Умалта цхьаъ дийца долийра: «Зайнди къона волчу хенахь, х1ара тур такхош волчу хенахь…» аьлла. Зайндис сихха элира: «Со дег1ана лоха волу дела, сан тур текхаш дара бохург-м дац хьан иза?!» «Дац, дац, - элира Умалта. – Тур такхош берш а хуьлу, тур текхаш берш а хуьлу! Хьо – хьайн тур такхош вара!»

   Цу дийнахь, Зайндин 80 шо кхачаран юбилейхь, и болх д1ахьош коьрта къамел диначу Эсхаджиев Якъуба аьлла маь1не дешнаш дагахьлаьтта: «80 шарца  дусталур доцуш ду Зайндис динарг. Х1ара ца вевзаш стаг хир вац Дег1астанахь. Х1ара ву - вуьззина къонах, хьанала х1усамда, доттаг1а, лулахо, цхьанне а халахетар дийр доцу адам, вайн къоман жовх1ар, 80 карат мехала ша долуш!!!»

  Цу дийнахь Зайндих лаьцна дукха къамелаш дира гулбеллачара. Цхьа а шеко йоцуш, теша мегар ду – цIеначу даггара дара цу наха дийцинарг.
   
   Зайндис аьллачу маь1не дешнех ду х1орш а: "Вай дуьсуш, нах белла; нах буьсуш, вай а лийр ду". Цуьнан шен тезетахь ларамечу йаздархочо элира: "Зингатна а новкъарло йийр йолуш вацара х1ара..."   

   Цул тIаьхьа кхин а масех цхьаьнакхетар хилира сан Зайндица. Дуккха а ирс-беркат ийцира аса а, наха а цунах, тахана а лелаш долу сагIа хилла деха цуьнан йозанаш, Дала мукъалахь. Хьаналчу къинхьегамца боккхачу лараме кхаьчна стаг вара иза…

   Иштта бу сан – маслаIате, дика адам ша долуш ваьхначу – Джамалханов Зайндих лаьцна боцца дагалецамаш.


Рецензии