Цуьнан амат вайн дегнашца деха

ДоттагIа, со виц ма велахь,
ДIагIахь а со гуттаренна:
ДIагIур вац со гуттаренна,
Сан амат хьан дагца лелахь!
Мохьмад Сулаев

   Кху йозанийн хьалхарчу декъехь вевзаш волчу поэтан, прозаикан, критикан, гочдархочун Сулаев Абун Мохьмадан амат карладаккха лаьа цуьнан дахарерчу масех хиламца.

   Иза дара ХХ-чу бIешеран 80-гIа шераш дуьйлалуш. Студенташ долу тхо деканатан белхахоша леррина гулдинера, лоьран хьехамашка ладогIа. Дукха ца Iаш, лор чоьхьаваьлча, факультетан цхьана хьаькамо элира: «ХIинца шуна хьалха къамел дийр ду республикин коьртачу санитарни лоьро Сулаев Мохьмад Абуевича».

   Дукхахболчарна вевзира, лор а, яздархо а волу Мохьмад. Лоьран хьехамашка студенташа леррина ладуьйгIира. Сулаев шен къамел дина ваьллачул тIаьхьа, кегийрхоша цхьацца хаттарш а дира цуьнга. Цхьана оьрсийн йоIа хаьттира: «Вайн цхьаболчу кегийчу наха, уьш боцчара а, дукхахьолахь – Iилманан белхалоша, маж лелайо. Оцу стеган юьхьан чкъурана цхьа а зен дой-те цо?»

   Лоьро жоп делира: «Зиэн ца до, цхьана а кепара зиэн ца до. Бакъду, шу дуьхьал дацахь, маж-мекх лелорца доьзна вайнехан цхьа дийцар-м далор дара аса шуна».

   Студенташа цхьабосса «Дийцахьа», – элира, Сулаев дийца волавелира:
– Вайнахалахь хьалха маж-мекх хьам-хьамма а дуьтуш ца хилла. Муьлххачу а маж-мекх лелочо тIелаьцна хуьлуш хилла, иза цо цхьаьнгге барта дIа ца аьллехь а, кхо хIума:
 
1) Мел чIогIа халахетар хилча а, велха бакъо ца хилла оцу стеган.
2) Мел доккха хазахетар хиларх, цергаш а гойтуш, вела бакъо а ца хилла.
3) Мел кхерамечу метте ша нисваларх (валарна а кхерам болуш), бохамехь волу стаг а витна, шен са кIелхьарадоккхуш, цу меттера вада, дIаваха бакъо а ца хилла маж-мекх лелош волчу стеган.
 
   Маж-мекх дитинчо и кхо хIума кхочушдеш а хилла, и кхо декхар кхочушдийрдолчо бен маж-мекх дуьтуш ца хилла...

   Юха лоьран лекци чекхъяьлча, деканатехь болчийн Iодика а йина, тхан хьаша дIаваха араволучу хенахь, тхо масех студент цунна тIаьххье вайн университетан 3-чу корпуса чуьра ара а ваьлла, цуьнца трамвайн социйле кхаччалц гIаш дIавахара, оха лоруш волу яздархо ган а, цуьнга дистхила а тхан баьллачу аьттонах даккхий а деш...

   Ша чIогIа товш а, шен къамел мерза долуш стаг вара Сулаев Мохьмад. Шена юххедевлла догIучу тхоьх хIораннан а тидам, терго а йира цо оцу йоццачу хенахь. Тхоьх хIора а схьаваьлла юрт хаьттира, оцу меттигех шайна тIе тидам гIур болу доцца цхьацца хIума а дийцира (тхуна девзаш доцург а!).

   ТIаьхьо, «юхаметтахIотторан» (перестройкин) шераш даьхкинчу хенахь, Соьлжа-гIаларчу цхьана школехь дIаяхьначу хьехархойн семинаре веана а гира суна яздархо Сулаев Мохьмад. ХIинццалц нохчийн мотт шена чохь хьехна а боцчу школан куьйгалхошна гайта лиъна хиллера шаьш нохчийн мотт а, нохчийн гIиллакхаш а Iамор «кхиамца» юкъадаьккхина хилар а, цу тIехь йоццачу хенахь «баккхий кхиамаш» бохуш, гIуллакхаш керлачу, юхахийцинчу кепара «дIанисдеш» хилар а.

   Семинарехь гайтира  литературан-мукъаман композици. Сихаллехь кечдина хиллачу цхьаьнакхетарехь дешархоша юьйцура яздархойн биографеш, йоьшура стихаш, лоькхура эшарш. Мохьмаде дош далале, оьрсийн маттахь йийцира цуьнан биографи а. Кхуо язйинчу говзаршна юккъехь ягарйира кхуьнан йоцу, кхечу вайн яздархойн евзаш йолу говзарш а.

   Ийзалуш санна, хьала а гIаьттина, Сулаевс элира: «Ас шуьга бехк цабиллар доьху. Хаийта лаьа, сан говзарш ю аьлла, бевзаш болчу кхечу авторийн говзарш а аша ягарйина хилар. «Бекин воIарий» («Сыновья Беки»), «Берзалойн буьйсанийн» («Волчьи ночи») авторалла а аша суна дала ма тарло тIаккха?!»

   Семинаран вовшахтохархой а кхийтира шайн гIалатах. Уьш шайна бехк цабиллар деха хIиттира, и семинар кечъяр шайна масех де хьалха бен тIедиллина а дацара, бохуш. Ткъа Сулаев Мохьмада-м шех доьзначу декъехь къагийра и цхьаьнакхетар, шен а, кхечу вайн поэтийн а тоьлла стихаш а, кхийолу говзарш а йоьшуш.

   Сулаев Мохьмад дика гочдархо хилар чIагIдеш цхьа масал далийра цкъа шен къамелехь Iилманчо Мунаев ИсмаьIала: «Мохьмадца цхьаьна цхьана мехалчу Iилманчийн-гочдархойн конференцехь нисвелира со. Оцу конференцин дакъалацархошка цкъа хьалха ла а доьгIна, шена масех минотана дош а дехна, вистхилира Мохьмад.

   Цо бохура, ша Iилманча вац, хIумма вац, лор ву ша, амма шуна хьалхахь цхьа-ши дош ала лаьара шена. Амма Сулаевс кIеда-мерза вистхиларца, дагаваларан кепехь хьахийра цу зала чуьрчу дуьненахь а бевзачу Iилманчаша гочйинчу шуьйра евзачу говзаршна тIера шена нийса гочйина ца хетта цхьайолу меттигаш. Цо ларамца, оьзда, шена нийса-м иштта кеп ма хетара бохуш, доцца дина къамел и берриг нах цецбохуш а, кхуо дуьйцучунна дуьхьал ала хIума доцуш, хилира. Мохьмада юха а олура, ша хIумма а вац шуна хьалха, ша-м шена хетарг ала а, дагавала а лууш вистхилира...»

   Ткъа шо сов ду Сулаев Мохьмад вайца воцу. Кху тIаьххьарчу шерийн баланаш, тIемаш ца гуш дIавахара иза вайна юккъера I992-чу шарахь. Дагахьлаьтта оцу шарахь вайн радион цхьана белхалочо Мохьмаде дина хаттар а, цо оцу хаттарна делла жоп а. «Нохчаша арадаьккхина гIуллакх муха дIадоьрзур ду аьлла хета хьуна, Мохьмад?» - аьлла шега хаттар дича, цо доцца жоп делира: «Муха дIадоьрзур ду-м хаац суна, амма иза дика дIадерзийта сайн са а дIадала реза-м хир вара со».

   Цкъа Арсанукаев Шайхис яздинера: «Нохчийн яздархойх дуьххьара суна гинарг а, вевзинарг а Сулаев Мохьмад вара. Со хIетахь Веданан кIоштан «Колхозан дахар» цIе йолчу газетехь болх беш вара. Цхьана дийнахь, цIеххьана телефон а екна, ас трубка схьаэцча, суна девзаш доцчу, цхьа эсала, цхьа кIедачу озо элира:

   – Бехк ма биллалахь, Арсанукаев Шайхи везара суна…
– Со ву-кх Арсанукаев.
– Де дика хуьлда…. Со Сулаев ву. Мохьмад ю сан цIе. Шун райкомехь ву со. Кхузара гIуллакх чекхдаьлла сан. ХIинца хьо а ца гуш, дIаваха ца лаьара суна, нагахь хьан хан елахь, схьаволахьа… хIан-хIа! Со цига дIавогIу хьуна. Цигахь хилахьа… Со хьелур вац…

   Со цецвелира – Сулаев! И муха кхаьчна кхуза? Со хьан вийцина цунна?
Иштта вевзира суна и лаккхара культура йолу, гIиллакхе, оьзда, даима а велакъежна, догдика, адамашца ийна, эсала, бакъволу интеллигент. Цуьнан поэзи-м суна и вовзале дуьйна хазахеташ а, езаш а яра. ХIетахь дуьйна даима а сан нийса накъост хилла чекхвелира Сулаев Мохьмад».

   Кху йозанан къамелан шолгIачу декъехь газетдешархойн тидам тIебахийта лаьа мукъамаша тIомадаьхначу Сулаевн цхьайолчу байтийн могIанашна.
Оцу иллеша язйо адамалла, догдикалла, ойланийн, гIуллакхийн цIеналла, буьйцу Даймохк а, цIена, сирла безам а, гойту вайна «дашон пхьалгIа» дIайиллина долу Iалам. Нохчийн иллиалархоша Дагаев Валида, Магомедов Султана, Усманов Iимрана, Салманов Iилмана, Айдамирова Марема, композиторша С. Димаевс, Ш. Эдисултановс ишта дIа кхечара а цуьнан могIанаш мукъаме дерзор а ларамаза дац. Поэтан дош аьхна а, атта мукъаме доьрзуш а хилла хилар цхьа а шеко йоцуш ду.

   Поэтан мукъаме дирзинчу цхьадолчу иллийн цIерш ю: «Маьлхан бIаьхо» (Советски Союзан Турпалхочун Магомед-Мирзоев Хаважина лерина), «Цавевзачу салтичун каш», «Оьрсийн аре», «Ламанан маса хи делхьара со…», «Мел хаза йина хьо!», «Уггаре а хаза зезаг», «Аганан йиш»,«Къонах», «Цавевзачу салтичун каш», «ГIан», «Махо левар»...

   Германис болийначу тIаме, шен Даймехкан сий лардан, маса дIакхаьчначу мартанхочух Хаважих поэта дозалла дина, хIунда аьлча иза «маьлхан бIо боданах летачохь вайна», воьжна «фашистийн гIеранаш махкара лохкуш».
 
БIаьхочух шен дош иштта дерзадо Сулаевс:
Хьоме кIант хеназа велла ву, алий,
Елха ма елхалахь, Хаважин нана!
И велла вац хьуна: малх мел бу кхеташ,
Хаважин са деца малхаца лепаш!

Iуьйренца гIоттучу цу маьлхан зIаьнаршца
Вайн коре схьахIутту Хаважин сирла са:
Халкъана делла са, малхах дIаийна,
Даима ма догу Даймехкан сийнна.

   Толаман 30-35 шераш кхочучу хенахь цухенахьлерчу къоначу а, къеначу а чкъурашна къаьсттина дика девзаш дара «Цавевзачу салтичун каш» цIе йолу илли. Иттаннаш эзарнаш кIентий Даймехкан тIаме хьажийначу халкъан векал волчу поэтан бакъо яра иштта ала:

Хаац, хьо мича къомах хилла,
Хьо мичхьа ваьккхина салт,
Амма хьо билггала хилла
Даймехкан хьанала кIант!

   Цавевзачу салтичуьнца ша дечу къамелаца Сулаевс говза гойту иза маьрша ваьхна стаг хилар – вай санна, дуьне дезаш, адаман хаза сурт долуш,  ваьхна хилар. Амма иза тIаме вахана, шен хьоме юрт я гIала а йитина… Цул сов, автора хоьтту:

Хилла-те хьо цхьаъ бен воцу
Хьайн ненан хьомсара воI?
ХIинца а хьо дагалоцуш
Юй-техьа хьо везна йоI?

   Ткъа «Ламанан маса хи делхьара со…» цIе йолчу могIанца йолалучу байтехь поэтан ницкъ кхаьчна шен лирически турпалхочун догцIеналла, комаьршалла, маьрша а, къинхетаме а ойла йовзийта. Ламанан маса хи, я аренан шуьйра хи я сирла хи хилла а – «шортта, шуьйра, сирла» адамашна охьакхочуш хила лаьа цунна. Байт маьIница ерзош, жамIе дека хIара могIанаш:

…Ткъа, нагахь сирла хи делхьара со –
Буьйсанан къегачех седарчий дохуш,
Уггаре хазачех зезагаш кхоьхьуш,
Даима, ца соцуш, мерза йиш лоькхуш,
Со винчу юьрта оьхур дара со!

   Фольклорни мукъамехь йогIучу «Мел хаза йина хьо!» цIе йолчу байтан дешнаш хазаза дукха хир вац. Айдамирова Марема кехатан пондарца мукъам а балош, уьш дуьххьара дIааьлла а ю дукха хан.

ХьаргIанан тIам санна,
Хьан Iаьржа и лепа
ЧIабанаш хьарчийнарг
Буьйса ю, бохийца.

КIайн дарин духаршца
Хьо йогIуш ва яйча,
Хьуна тIе теснараш
Мархаш ю, бохийца…

   Уггар кегийчарна, берашна, лерина аганан эшарш вайн халкъан дуккха а ю. Халкъан дешнашна, мукъамашна тIе а тийжаш, уьш дIаязйина фольклористаша, шайн цIарах кхоьллина вайн цхьаболчу поэташа. Царна даьхна мукъамаш а ду.

   «Буьйса декъала хуьлда шун, бераш!» цIе йолчу передачехь дIаалийта хьакъ а долуш (царах дукхахдолчарна мукъамаш а даьхна) дешнаш ду вайн, «Аганан йиш» цIе шайн коьртехь а йолуш. Уьш берашна дIакхачо хьакъберш тIаьхьабуьсуш, ца ларош хета. Берашна яздийриг, церан дуьхьа кхуллург – баккхийчарна санна а, кхин а дика хила деза, эрна олуш ма ца хилла.
 
Мархаш дIатеттина,
ЦIеххьана къегина,
Схьакхетта беттаса санна,
Шаршу дIахилийна,
Чоь серлаяьккхина,
Сан кIорни, хьо доьлу хьанна?   

   Ишта могIанаш ду Сулаевн «Аганан йиш» цIе йолчу байтехь.

   Сулаев Абун Мохьмадан дахарерчу хиламех а, поэтан мукъамечу поэзех а  кхин-кхин а яздан йиш яра. Дуккха а болчара цу хьокъехь яздахь, царех ирс-беркат эца таро-аьтто мелла а сов хир бу.


Рецензии