Дин-беречун меттиг
(яцйина)
Нохчийн литературах лаьцна ойла йича уггар хьалха дагайог1учу ц1ерашна юккъехь ю халкъан яздархочун Айдамиров Абузаран ц1е. Иштта аларца вай цуьрриг а лах ца бо кхечу нохчийн баккхийчу яздархоша-классикаша вайн литературехь бина сийлахь некъ…
Тахана вайн къамел Айдамировн кхоллараллех лаьцна ду. Меттан а, литературан а говзанча вац со, делахь а лаьа яздархочо шен «Лаьмнашкахь ткъес» романехь дин-беречун, говран меттиг гайтаран башхаллех лаьцна дийца.
1илманчо, профессора И.Ю.Алироевс билгалдаккхарехь, Кавказехь говр ларар ширачу заманахь дуьйна а схьадог1уш ду. Абхазхоша говрана сужда деш хилла. Нохчашна ширчу заманахь дуьйна а говр евзаш хилар т1еч1аг1до вайн «говр» боху дош урартийн меттанашкахь долчаьрца цхьаьнадог1уш хиларо а, ткъа иштта стаг а, говр а цхьаьна д1адоьхкина кешнаш нохчийн Зандакъа юьртахь карийна хиларо а (Хьажа: И.Ю. Алироев «Язык истории и культура вайнахов», Грозный, 1990 г.).
Вайн дайша говран сий-ларам баран г1иллакхашна тешаме висна нохчийн яздархо Абузар Айдамиров. Амма нохчийн халкъан иллешца, кхечу авторийн говзаршца дуьстича, кхуьнан «Лаьмнашкахь ткъес» романехь говран меттиг гайтар шен башхалла йолуш ду.
Масала, халкъан иллешкахь говр - схьалебан мотт боцуш, д1ааьлларг а хууш, са ц1ена ю. М.Ю. Лермонтовн Казбичан Карагезах долчу иллино а ч1аг1до: «дикачу говран мах бац, цунах халачу новкъахь тешаме накъост хуьлу...»
Иштта, кхерамечу, халачу новкъахь дика накъост ю говр А. Сулеймановн «Дог дохден ц1е», М. Дикаевн «Дагна синтем лоьхуш...» ц1ераш йолчу стихашкахь а,
М. Бексултановн «Торг1а» ц1е йолчу дийцарехь а. Т1аьхьарчо юьйцу Шанд ц1е йолу говр ю берх1итта етт а белла чергазошкара эцна. 1.Шайхиевс шен «Чолакх говр» ц1е йолчу бераллин дагалецамашкахь юьйцу говр ю нох текхош, хьокхуш, оруш, кхин мел дерг деш хилла.
Яздархочун Муталибовн Зайндин «Дин беллачу дошлочун илли» лерина ду Дохтукаев Юсупана. Т1ам т1ехь говран (динан) меттиг шатайпа хилла. Говзачу дешнашца, шен а, шена гонах болчийн дахаран бакъдолчунна т1ехь иза гайтина вай юьйцучу говзарехь.
Оцу илли т1ехь буьйцуш болу дин – ваша, доттаг1 санна гергара бу дошлочунна, «сих шен са хьарчийна, нанас шен бер санна хьоме кхиийна» а.
Къонахчун дин белча – тезет х1уттуш, динан бере (дошло) д1акхелхича – говр, б1аьргех дуьра хиш а оьхуш, йоьлхуш – иштта схьадог1уш хилла къонахчун а, динан а доттаг1алла. Дин белла висинчу дошлочун г1айг1а-бала, сингаттам, сурт х1оттош, дика гайтина:
Хьан сих са хьарчийна массо а заманна,
Нанас шен бер санна, ас хьоме кхиийр хьо.
Мацаллех ларбина, г1иллакхехь 1амийна,
Тешаме сайн ваша хьо лоруш вара со…
…Мостаг1чун бомбано декъаза де делла,
Хьан хьежар г1елделла, турпал дег1 дегадеш,
Ден узарш, хьоькху ког… хьан кийра 1овжийча,
Хаьара сан дагна, весет дуй сайга деш.
Шийлачу 1ожалло хьо
Хеназа баьккхира сох.
Хьан къина дог доьхна со
Висира, бекхам беш хьох…
Ткъа А.Айдамировн «Лаьмнашкахь ткъес» романехь говраш т1ехь хьуьнарш къийсар алсам гайтина. Романехь буьйцу цхьа дин Яьсси тог1и юьззина деши делча а лур боцуш бу. «Иза дац и стаг хьал долуш хилар, иштта дин атта бохкац», - яздо автора.
Macала, хьуьнарш къийсарца доьзна цхьа сурт романа юьххьехь гайтина. Хьуьнарийн хьийсарш д1адахьа леринарг Ц1еран Аре ц1е йолу метгиг ю. Хьалх-хьалхарчу заманахь а хуьлуш хилла кхузахь и къийсадаларш. И зама машаре а, т1ом боцуш а хиларна, дезчу деношкахь говраш хахкийтаран a, береша хьуьнарш зеран бахьанаш а кхин хилла.
Цу хенахь говраш хохкуьйтуш хилла: б1аьстенан оханаш долош а, гуьйренан ялта чудерзийча а, ломара даьхни ц1а дирзича а. Хаза хан хилла иза. «Т1аьхьарчу шерашкахь, - яздо автора, - кхузахь хьуьнарш къовсар вовшахтуху воцчунна к1ант вича а, я Сибрехара, я Хонкаран махкара, дуккха а хан яьккхина, юьрто лоруш волу къонах ц1а веъча а».
Чехкабевллачу хиламаша дахаран болар чехкадаьккхина, ткъесах тарделла денош, цундела автора говр болх беш я некъан накъост йолуш к1еззиг гойтуш, къийсадаларшкахь хьуьнарш зуьйчохь дукха гайтина, цунна т1е тидам алсам бахийтина. Къизачу, халачу дахарца деха адам а, оцу адамийн дахаран накъост хилла еха говр а оцу зеро, дахарехь шортта йолу а, кхин т1ех1итта тарло а халонаш лан 1амадо, шатайпа дахчадо.
Хьовсур вай мел хала хилла дин-беречунна, мел доккха жоьпалла т1едужу цунна а, цуьнан говрана а оцу дезчу дийнахь – хьуьнарш зуьйчохь: нуьйрахь ирахь вар, рогг1ана цхьацца кога т1е a х1уттуш; луьйтанара схьа когаш а ца бохуш, aг1op кхийзавалар; туьрца серий хедор; кортош, когаш хедийна, юкъ-юкъа лаьтта охьакхиссина газанан чархаш, ойий, говра т1е хьалаяхар; г1уркхашнийн, оьрнашний, ц1арний т1ехула лелхар, берда йистехь говр сацор; хьалхайовла говраш хахкар... Уьш чолхе а, кхераме а къовсарш дара. Майрачу беречо ша санна майра 1амабора дин. Иза дерриге оьшура майрачу латаршкахь.
Олуш ду: дикачу говрана цкъа тоьхча тоьа шед. Айдамировн романа т1ехь вуьйцучу дин-беречо Мохьмада т1аьхьабисина бог1учу шен динна шед тоьхча – иза, кхоссалой, хьалхаболу вукхул. «Шедо лазорна доцуш, шен жимачу дас ша цакхоop халахетта, оьг1азбахана...»
И дерриге чекхдаьлча луш долу совг1аташ а дара хьуьнарийн мехха: «Хьалха еанчу говрана – детица кхелина нуьйр. Шолг1а еанчунна – кечйина шед. Дуьхьалонех чекх а яьлла, берда йистехь ши аьрша генахь сецначу говрана – детица кхелина берриге а говран г1ирс а, верта а, башлакх а. Говра т1ехь хьуьнар гайтинчу беречунна – атлазан г1овтал. Герзаца хьуьнар гайтинчунна – цо хьуьнар гайтина герз».
Кхузахь ца йицйора забар а. Адамо шен самукъа доккхура. Масала, иза дика гойту кху кийсако: «...Гуьржийн къомах волчу эла Аваловна а цхьана ханна дицделла шен хьаькамалла а, возалла а. Кавказхочун ц1ий дац шениг дитина 1аш. Коьртара фуражка охьа а йиллина, нахаца цхьаьна г1адвахана мохь хьоькху цо. Тоьлларш декъал беш, деттачу маьхьарший, кхуьйсучу герзаший юха а къардира х1аваъ»…
Айса дуьйцучуьнца мелла а з1е йолуш х1ума карийра суна цкъа вайн «Даймохк» газета дешча: «Дуьнент1е воллушехь аьрха, синтемза (бунтарь) хилла волу Абузар, хаъал хилчахьана т1еман баьччан (полководцан) даржах хьоьгуш вара. Девешин говр а лачкъайой, дечгах дина тур а лестош, маьхьарца юьртара берийн ц1оз т1аьхьа а тосий, ша винчу Мескетана а, луларчу Г1алит1ана а юккъехь долу Яьсси хин 1ин дустуш хуьлура и цхьана хенахь...»
Халкъан кица ду: «Дин некъаца бевза, к1ант аренца вевза». Ала дог1у: Айдамиров Абузара шен говр халкъан г1уллакхашна хихкина, цундела цуьнан ц1е ехар ю. Дикаев Мохьмада ма-аллара:
Амма ца къарло дин,
Мел ч1ог1а х1оттарх,
Мел мерза х1оъ баларх
1еха ца ло.
2002 шо
Свидетельство о публикации №217052100793