Дала делла похIма а...

Дала делла похIма а, хаддаза болу къинхьегам а цхьаьнаийна
(Ахмадов Мусан кхолларалле бIаьргтохар)
Биографи

Ахмадов Муса вина 1956-чу шарахь. Иза, вина меттиг – ГIиргIазойн мохк, Даймохк - Нохчийчоь хуьлучу чкъурах ву. Дай баьхначу Лаха-Варандахь а, ткъа иштта Шуьйтахь а дешна цо ишколехь. 1974 шарахь иза деша веана Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университете, ткъа I979 шарахь чекхъяьккхина иза. Ишколан дешархо волуш дуьйна а ша зен волавелла иза литературехь. Ахмадовн говзарш арайийлина цкъа хьалха кIоштан а, республикин а газетийн агIонаш тIехь, тIаккха «Орга» альманахехь а, яздархойн коллективни гуларшкахь а.

Тайп-тайпанчу шерашкахь «СтелаIад» а, «Орга» а журналийн редактор волуш а, университетан доцентан даржехь а белхаш бина цо. Дуккха а стихийн, поэмийн, дийцарийн, туьйранийн, повестийн, кхаа романан, иттех сов пьесийн, дуьххьарлерчу нохчийн мультфильман сценарий, «Нохчийн гIиллакх-оьздангалла» цIе йолчу Iилманан белхан - Iаматан автор ву иза. Оцу ерриге говзаршна юккъехь леррина берашна язйинарш а ю цуьнан дуккха а.

Мел хала хьелаш тIехIиттарх, шен яздархочун болх ца буьтуш, чулацаме, «хиллачу оьздалле» вай кхойкхуш йолу говзарш кхуллуш а, кхидолу дика гIуллакхаш вовшахдетташ а схьавогIуш ву и похIме, хьуьнаре яздархо.
Адамаша къобалъеш тIеоьцура цо иттех шо хьалха кечъеш хилла «Орамаш» цIе йолу телепередача. Ткъа цо язъечу критически а, публицистически а статьяша гойту Ахмадов Муса оцу декъехь а говза хилар.

Яздархочо ша дика вовшахтохархо а, юкъараллин гIуллакхийн жигара дакъалацархо хилар а гайтина шен дахарехь. XX-чу бIешеран 70-чу шерашкахь иза вара «Пхьарматан» куьйгалхо. Ахмадов Муса вара Дуьненаюкъарчу Орцанан Комитето кхоьллинчу Нохчийн культуран, Дешаран Кхерчан а, ткъа иштта Нохчийн культура а, дешар а юхаметтахIотторан а, кхиоран а Фондан куьйгалхо. Цунах къона волуш хилла СССР-н яздархойн Союзан декъашхо.
 
Поэзи

... Хьан пIелг лозуш,
 Сан дог лозура даим,
Иза-м upc ду
Халкъ, хьан дуьхьа вацар...
М. Ахмадов,
«Нохчийчоьне».

Ахмадов – поэт хьалхе вевзина суна Ахмадов - прозаикал, драматургал...
ДIадаханчу бIешеран 70-гIа шераш юкъал тIехдевлла хан яра иза. Студентийн фестивалаш хуьлура Соьлжа-ГIаларчу университетехь xIopa шарахь. Цигахь цхьана фестивалехь тоьллачех лерира авторша Бисултанов Аптис, Яралиев Юсупа, Ахмадов Мусас шаьш дIаешна йолу церан «Джоконда», «Кад», «Нохчийчоьне» цIераш йолу байташ. Цу хенахьлера Ахмадовн байташ тахана каро а хала ду вайн библиотекашкахь, туьканашкахь а.

Стигал, Iуьйре, суьйре, буьйса, дохк, тал, хотеш, «ломахь товш йолу бIаьсте...» юьйцура поэта шен хьалхарчу байташкахь. Массо а хIетахьлера къонанаш санна, иза а вара дахарехь дика лар йита лууш, лаьттахь «доь дисийтар» дезаш. Ша хьакъволчу похIмаллин лакхенехь хила лаьара.

Амма шен тIаьххьара кхетам дIабале,
Евзира цунна цхьа дахаран къайле:
Йолчунна стигланийн кIоргенаш муьтIахь
Мегаш дац лахвалар, и лакхе юьтуш.

Дахарехь хуьлучу харцонашна а, харцкхетамашна а дуьхьало ян езарх а, нийсачу новкъа, адамаллех а ца вухуш, стаг чекхвала везаш хилар гойтуш, Ахмадовс дукха хьалхе яздинчу могIанаша тахана юх-юха а гучуюьйлучу ачонийн сибат дIадоьллу:

Мотт бужийла, ян цхьа тоьла
Шен говзалла йоццушехь,
Ламчуьра бIов, уггар тоьлларг,
Ша йоьттина бохучун.

И бIов лаьтта махо яьшна,
Цхьа а цуьрг ца йолуш шек.
Нагахь йина хиллехь аьшпех,
Доь дайна хир дара шен.
 
***
ХIетте а адам, хьан гуттар а
Адамалла хуьлда,
Толахь а
Я нислахь, хьо хIаллакьхуьлуш, -
аларца, поэта сийлахь лору стаг гIиллакх-оьздангаллех цавохар, экханах цатарвалар.

Нийсо-харцо, хьанал-хьарам, дика-вон. Я хьалхарнаш а, я шолгIанаш а дицлуш, довш цахилар гойтуш, кIорггера маьIна а, философски чулацам а болуш, стага ша-шен дахар юьстах маца кхуссу гойтуш, гимн санна ду поэта хIинцачул бIешеран чийрик хьалха язйинчу «Экъанча» байто схьалаьцнарг:

Хьо велхарх, узарш дарх гIо хьуна хир дац, -
Дахар – и экъа ю, цкъа бен ца кхуссу.
Бегашна, ловзарна хIума дац кхузахь.
Дерриг ду тIаьххьара, юха цахирриг...

Цкъа Нийсо хьоьшучохь Харцонна къежна,
Хьо цунна, Бакъ делхош, ма хили муьтIахь.
Амма ахь хьайнна вуо ца ди-кха кIезга:
Дахаран хьайн экъа кхоьсси ахь юьстах.

Заманан кхиэл хийца таро яц цхьаннан:
Ахчанан я уьйрийн, бевзачу нехан.
ЮьхьIаьржа ца хIитта цхьана а ханна,
Дита вай цакхочург Адаман меха.

Мехалла, маьIна совдуьйлу поэзин могIанаш кIеззиг дац Ахмадовн кхечу говзаршкахь а. Атта ца евза, и могIанаш дешча, уьш яздина хан а. Дуккха хьалха яздина могIанаш а, тахана яздича санна, тахана ког мел баьккхинчохь xIopa денна нислучу хиламашна а догIуш хуьлу.

ДIатийсина ирзош а гуш, хотешкахула волавелла лелачу поэтана новкъа ду вай орамех хедар, мацах «доггах тешаш шайн дахарх а, ирсах а» вайн дай баьхна меттигаш вай йицъяр.

Охьатасий и хьайн лекха мачаш,
Тасий дита гIалин атта некъаш,
Когаш Iуьйра хьо шайн ирзе кхача,
Стигал йолуш догIанна тIекъекъаш.

Цкъа мукъне хьо xIoттa хIокху керта,
Цкъа мукъне ладогIа тIулган арзе.
ЦIе латаяй хьайн дайн ширчу кхерчахь,
ХьаьжкIаш ятта я бацалахь варжа.
(«Со хотешца волавелла лела...», 1983 шо)

Ширчу кхерчан цIе а яйина, гIала хаьржинчеран «гIалин атта некъаш» - цул тIаьхьа итт шо даьлча, «тIамо дохади». Цу хьокъехь шен «Соьлжа-ГIала» цIе йолу поэмехь Ахмадовс яздо:

Веллачуьнан а садукъло
Гича хIара балин децIа.
 
Соьлжа-ГIала хала ю
Схьага бIаьрса долчунна.
Соьлжа-ГIала еза ю
Хаза лерса долчунна.
 
Соьлжа-ГIала - кIарлагIа
Харц лийначу нахана...
Соьлжа-ГIалахь ийна вовшех
Iаьржа буьйса дийнаца,
 
Шийла чиллий, йовха товвий,
Докъазалла ирсаца.

Оцу дерригенан орам бийцина ца Iаш, авторо гойту некъ.
Абдулаев Лечас «Турсло вогIу! Турсло хьалхаваккха» бохург санна, Ахмадовс олу:

Къастамбийраш хьалхабовла,
Тоха доза! Тоха сиз!
Гайта аша серло толо
Шайгахь хилар ондда ницкъ!
 
Гайта ерзош чов а, дов а,
Нийса озар, дустар а.
Къастамбийраш хьалхабовла,
Хилий мехкан устазаш!

Поэтана даима а дагахь ду дахарехь Iалашо хилар, лар йитар, «уггаре тоьлларг жайна яздар», «хьагI ца лелош цхьанцца вахар», «мидалш а» хьагI йолчарна йитар, шега «деши, жовхIарш, даьхни ца кхочучу», «дахар латточу» безамах дош алар, доттагIаша «вовшийн баланаш цхьанисса бекъар». Бакъболчу доттагIаша а бен эра дац вовшашка xIapa дешнаш:

Хьо лаьтта, суьртан тIайх вала миэл оьшуш,
ДIаэца – сан миэл бу: хьо дехьа оьшу.
Киртиг тIехIоьттича, доьхна ца латтал,
Къонахий ца хилча, къа деца лаьттан.

Ахмадов Мусас берашна язйина 15 байт зорбатоьхна ю цуьнан 2002-чу шарахь Нальчикехь араяьллачу «БIе эзар дика гIуллакх» цIе йолчу гуларехь. Дешархой кхетош-кхиорехь, царна нохчийн мотт а, литература а, этика а (гIиллакх-оьздангалла) хьехарехь дика Iамат ю и гулар ша а, цу тIера «Дуьненчу деъна бер», «Зингатан къамел», «Баккхийчаьрга», «Зингатийн барз» и.дI.кх. цIераш йолу стихаш. Ахмадовн цхьайолчу байташна мукъамаш даьхна, иллеш а, эшарш а ю Нохчийчохь олуш а, локхуш а.

Проза

Ахмадов Мусас язйина «Сатоссуш, седарчий довш», «МаьркIажехь дит-таш», «Буьйсане доьдура хи» романаш, «Стагана анайист оьшу», «Лаьтта тIехь лаьмнаш а хIиттош», «Воккха стаг Очча», «Иштта, дIавоьдуш, цу некъах ца туьлуш, чекхвала», «Зингатийн барз а ма бохабе», «Мохк бегийча» цIерашца араевлла повесташ (кхин ца яьллехь а, царех тIаьххьара шиъ оьрсийн маттахь а араяьлла), дуккха а дийцарш, туьйранаш.

Мусас «Буьйсане доьдура хи» романехь («Орга», №5,6, 2002 шо; №1, 2003 шо) гойту «денна а чуьра синош дIауьйзуш санна, басадевлла догIу адамаш». Амма, уьш лардан, уьш самадаха санна Дала кхоьллинчу адамех ву Овта. Готессина, дIаваха гIоьртинчу ИбрахIиме воккхачу стага боху:

- Схьавола, тIех ма вала. ЛадогIа соьга, лаьтта бухарчу шовданийн некъаш дохийна хьуна, тайп-тайпанчу меттигашкахь IаьIаш хиш ду хьуна, и алсамдаьлча хIун хир ду ца хаьа хьуна, гила-кема дехьа, хьуьнхахь боккха поп а лахий, гила-кема. Оцу лаьттан кийрахь болу ницкъ кхераме бу-кх, и мичахула тIебер бу хьанна хаьа... Иштта буьйса юккъе йоьдучу заманахь ладогIа, хьан лерса сема делахь, хезар ду хьуна...

Шен романан турпалхошкахула автора вайга а кхойкху бендацар дIадаккхаре, хила гIортаре, дерзинадала гIертачу «стеллин» ойла яре, бодане а, карзахалле а ца кхийдаш (ишттаволчунна ИбрахIима олу: «Цхьа хIума хьаьхна хьуна, цундела карзахваьлла, Дала диканна дойла хIаpa»), серлоне кхийдаре, къайлах диканаш дан хьовсаре.

Массо а юьртахь, гIалахь ду оьзда, шаьш дIадевлча, мехкан дегац1еналлина,  бусалба динна эшам хуьлуш адамаш. Ткъа уьш, буьйл-буьйлуш, дIабуьйлуш хилар гайтина ца Iаш, «Буьйсане доьдура хи» романехь автора гойту мила ву вуьсуш. Царех цхьаъ ву – цунна юххе кхаьчча а бен и боьрша стаг хилар къаьсташ доцу, Москвахь Iаш волу, хьийзина месаш йолу, осала велакъажар долу, тамашийначу машенаца лела Бадик а.

Ишттачу наха боху сингаттамаш. Царна адам дош ца хета – иза дийна долуш а я делча а. Кхин ву ИбрахIим. Цкъа шаьш дакъа эцна догIуш (Занун дакъа) иза бисинчел чIогIа кIадло, амма тIаккха иза кхета: «шен белшаш тIехь Iуьллург цхьа Занун дакъа хилла ца Iаш, хIинццалц схьа хилла дерриге а дуьне ду, шен тамашийначу аьзнашца, басаршца, мукъамашца, сатийсамашца. ХIинца бац цхьа а сатийсам. ХIинца дац и дуьне - хIинца тIехь Iуьллу йозалла ю, легашкахь къаьхьа чам а».

Романехь гучудоккху адамийн марзо, синтеме дахар дIадолуш, карзахалла, саьрмикел а кхераме йолу адамийн карзахалла яржар а, и гIуллакх карзахдаьллачу Iаламал а кхераме хилар «Буьйсане доьдура хи» романан тIум го суна ИбрахIиман кху дешнашкахь:
 
«Везан Дела, хастам бу-кх Хьуна! Хьан дуьненан, Хьан суьйренийн, Хьан Iуьйренийн хазалло Iадийна, со меттавале дIаели-кх сан бералла а, сан къоналла а. Везан Дела, со ца кхии-кх Хьан ниIматех, сайн гергарчарах, бевзачарах ма-хетта марзо эца... Везандела, оццул Ахь исбаьхьа, тамашийна кхоьллийна дуьне, ган бен, и довза ца кхиош, цунах Iама ца кхиош, тхо, абаде хьаьдда йоьдучу заманан хиэ довдадой, чекхдоху.

Оцу Хьан дуьненан хазаллина, хедачу марзонашна, хиллачу къестамашна хаддаза велха бен ца кхиаво. Изза – хаддаза велхар, Хьоьга велхар - и ду кху дахаран маьIна. Айхьа чуьркан тIоммал а ца леринчу хIокху дуьненахь оццул тамашийна хазалла хилча, мел хазаллаш хир ю Ахь тIаьхьа, заманан хин дозанал дехьахь, декъалхиллачарна гойтург?! Везан Дела, делахь тхо декъалхилларш... Овтас дийцина гила-кема хьуьнхара хен а беана дан-дезаш ца хилла, иза ойланехь карон дезаш хилла.

Иза ду: Болх Далла тIе а биллина, хьайн даге ла а доьгIуш, цо хьоьхучу новкъа дIавахар, хиллачунна Далла хастам а беш, Делан дикане са а туьйсуш, хьайх я кхечу адамех дозуш дерриге доцийла а хууш, хьан декхар – ниййат цIена латтор а, хьайга далург дар а; ткъа нийса жамI дар а, бекхам а Делехь бу».

Ахмадов Мусан йисинчу романаша, повесташа, дийцарша а стеган дахаран оьмаран а, маьIнин ойла йойту, синкхетам самабоккху стаг - тIаьхьало йолччу новкъа тIе (бусалба динан а, нохчийн гIиллакх-оьздангаллин буха тIехь болчу) воьху.

Драматурги

Ахмадов Мусас язйина «Мохк бегийча», «Барзанаккъий, кхибершший», «Ша тIехь йина гIала», «Буьйсанан береш», «Алдара Ушурма», «Дахаран урчакх», «БIов йоттар», «Акхарошний, адамашний, кхийолчу садолчу хIуманашний тIом ца беза», «Юрт йиллар», «Муьлха меттиг ю хаза», «Сагала лелийнарш» и.дI.кх. пьесаш. Цара ойбу таханлерчу заманан проблемаш.

Хийцамийн заманан билгалонаш дика гайтина «Ша тIехь йина гIала» цIе йолчу трагикомедехь. Кхузахь Iедал малдаларца хецаделла зIараш, сийсайоьлла карзахаллаш, цхьадолу вайн адам Iехадалар, цара ша тIехь, малх схьа ма-кхийтти хи буха гIур йолуш йолу, гIаланаш яр, уьш йохар. Амма ишттачу хиламашна бехке болчу турпалхошца цхьаьна бу таза хьекъал а, кхетам а болу нах а. Царех ю Исрапилан хIусамнана Санет.
 
Йийначу берзан меженаш а юхкуш, нах лебеш волчу шен хIусамдега Исрапиле цо эххара олу: «...Ас жимчохь дуьйна сатийсинера оьздачу доьзале. И тайпа доьзал хьоьца кхолла дагахь а яра со... Амма ахь оцу барзах айхьа диннарг дин вайн юкъаметтигех. Диг а детташ, меженаш а йохуш, дIасадийкъи вайшинна юккъехь мел хилла Сийлахьниг, Сирланиг, Лекханиг. ДIасадийкъи, сан дагах кийсигаш а йохуш, бевлла лелачу зударшна, къаркъанчашна, эхь-ийман доцчарна...

И дерриге талор суна тIехь дина ваьлча, сан цIаяха цIа доцийла а, сан нанас вина ваша воцийла а хууш, ахь боху: «Хьайна луъучу гIуо!»... Хьуна моьтту хир ду, айхьа со чохь йитичхьана, со хьайца Iиэн реза хир ю. ХIан-хIа, со жIаьла ма дац, доьша доьттичхьана, тоам беш...

ЦIаяха цIа дацахь а, хьо стагаца ца Iалла куралла ю хьуна сан... Со дIайоьду... Мича? Дуьнен чу. Деле сайна гIо дар а доьхуш, адам а хилла, дуьнен чухула чекхъяла». Трагикомедин мотт халкъан мотт бу, шен бухехь кIорггера забар а йолуш. Шаьш-шайн Iорадохуш сурташ ду кхузахь дерш. Кхузахь йолчу забаро дешархочун кхетам лакхабоккху дуьйцуш долчу галдевллачу хIуманел, хиламел...

Критика

Цхьана вевзаш волчу журналиста элира, шена а, вайн цхьаболчу яздархошна юккъехь цхьа башхалла ю: цара шайн-шайн говзарш бен ца йоьшу, ткъа ша церан массеран а массо а говзар йоьшу, аьлла. Ахмадов Мусан кхоллараллехь, иза вайн яздархошлахь къастош, цуьнца ю цхьа башхалла: цо массо жанрехь а дика язйо.
 
Цул сов, вайн литература дийнна гуш а, дика евзаш а ву иза. Юкъарчу (коллективни) дукха гуларшна дешхьалхенаш язйина цо, цу гуларшна юкъаяхначу говзаршна леррина анализ а еш, хIора авторна лерина довха дош олуш, цуьнан кхиаран некъаш, тIегIанаш билгал а дохуш.

Иттаннаш яздархойн тоьлла говзарш я оьшучохь, шен-шен меттехь, царна тIера кийсигаш юкъаялийна Ахмадовс «Нохчийн гIиллакх-оьздангалла» цIе йолчу Iаматехь. Иза, вайн литература цунна, аса лакхахь а ма-аллара, дика йовзаран а, езаран а, Мусас оцу литературах дозалладаран билгало а санна го суна.

ТIаьххьарчу хенахь цо газетийн а, журналийн а агIонаш тIехь язйина масех мехала статья. Уьш лерина ю Ш.Окуевн, М.Кибиевн, Л.Абдулаевн кхоллараллашна а, ткъа иштта вайн литературин проблемашна а.

МогIарерчу дешархочунна вайн яздархойн кхоллараллин агIонаш гIолий йовзуьйтуш а, нохчийн литературехь критикин а, литературоведенин Iилма тIедузуш а йолу оцу тайпана материалаш яздархочо кхин-кхин а язйойла лаьа.

Публицистика

Ахмадов Мусас публицистикехь динарг дукха ду. Суна оцу дерригенна а юкъара схьакъасто лаьа Мусас Сулейманов Ахьмадах язйина цхьа статья  («Сулейманов Ахьмадан некъаш а, марзонаш а». - «Даймохк» газета, №35, 2 апрель, 2007 шо). Мусас мелла а гергадалий вайн нохчийн бакъволчу къонахчун-къинхьегамхочун дахар. Шена дуьйцуш хезна а ца бохуш, Мусас дуьйцу шена гинарг, хезнарг, ша зийнарг, ойла йинарг, тидам бан хьакъдерг. Журналисташа, студенташна, хьехархошна-филологашна каракхечи дашо хазна.

Оцу статьяна тIерачу масалшца, Ахьмадан дахаран бакъдолчаьрца шайн къамелаш а дузуш, хьехархоша оцу поэтан кхолларалла юьйцучохь болх бахь, мел ирсе, самукъане, даккхийдерца къегар ду ладугIучу дешархойн, студентийн бIаьргаш. Ша къонах хиларна, А.Сулеймановс Гадаев Мухьмад-Селахьах лаьцна – «и санна стаг эзар шарчохь цхьаъ бен ца вогIу», - аьллехь а, оцу Ахьмадах а ала мегар дара и дешнаш.
Ахмадов Мусас Ахьмадах мел яздийриг мехала ду: цуьнан дайх а, доьзалх а лаьцна дерг а, Бадуевс Ахьмаде аьлларг а, тIаьххьарчо хьеший тIеэцаран башхаллех а, цуьнан Iер-дахарх доьзнарг а.

Ахьмад-м, боккъалла а, башха стаг ма хилла. Дийнна Iилманан-талламан институто иттаннаш шерашкахь бан тарлуш болу болх бина ма хилла цуо-м, топоними гулъярца. Халкъана шен хазна схьаялар санна ду иза. Иза (и болх) тоьшалла ларало кхузахь, кху махкахь, вайл хьалха цхьа а къам даьхна цахиларан, вай вешан махкарчу маьIданийн, дерриге Iаламан тIалам, сий-пусар деш, хьекъалца, собарца, кхетамца, даха дезаш хиларан.

Таханлерчу кегийрхошна масал эца дукха меттигаш гайтина Мусас:
«…Дукха жима волуш велира Ахьмад новкъа. Цуьнан некъ мехкан, халкъан юкъара гIуллакхех бала кхачар а, уьш кхочушдан гIертар а бара. Ша жима стаг волуш дуьйна кхеттера Ахьмад къоман дахарехь коьрта цуьнан синкхетам, оьздангалла хиларх. Цундела иза дIа а кхийтира и деза дукъ – халкъан культура кхиор – шайна тIелаьцначу нахах…»

«Шун хIоттийна ваьлча, Ахьмада хьала а гIаьттина, шен хьажар корал арахьа, геннахь анайистехь гучу лаьмнашка а доьгIна, элира:

- Аса хIара шуьнан дош олу, мацах цкъа дечиган нахарца дуьххьара хIокху мехкан хьена латта а аьхна, дезчу ялтин хIу дийначу ахархочун сийнна, аса хIара шуьнан дош олу, хьуьнхахь ирахь лаьтташехь, якъаелла къахьаштун дечиг а хадийна, иза нисйина, шарйина, тойина, цу тIе кхо мерз а оьзна, дечиг-пондар а бина, цу тIехь дуьххьара къонахаллех, тешамах, собарх илли аьллачу илланчин сийнна; аса хIара шуьнан дош олу вайн мохк лолле лаца, цуьнан сийлахь кхерчаш, оьзда мехкарий сийсазбан баьхкина мостагIий эшийна, хьаьшна, дIабаьхначу нохчийн тIемалойн сийнна!..»

«…Иза вайн къоман кIант а, оьздангаллин хехо а вара. Шен, шен доьзалан гIуллакхаш тIаьхьа а теттина, цо хьалхадехира вайн мехкан, халкъан юкъара гIуллакхаш…»
Поэт-илланча-классик, дика хьехархо, школан директор, иттаннийн Iилманчийн болх бина Iилманча Ахьмад (Дала цунна гечдойла) вайна «шатайпа гергавеа», цо уггар луьрчу Iедалан заманахь гайтина хьуьнарш мелла а бIаьрла гучудевли. Тахана дехачу вайн а декхарш совдехи Ахмадов Мусас: вайна юккъера дIаваханчу къонахчун Сулейманов Ахьмадан сий-пусар дан дезар гайти, ваьш йохучу гIулчийн ойлаян а кхайкхи.
Хьакъволу къонахчух догцIена дуьйцуш верг а къонах ву.

Iаламат мехала ду Мусас вайн  ненан меттан сий айбарехь дийриг.
Цундела цхьажимма дийца лаьара, Ахмадовс публициста санна а, юкъараллин дахаран жигархочо санна а оцу декъехь дечух.

Муса тийналла лоьхучу яздархойх, публицистех вац. Исбаьхьаллин дош яздина ца Iаш, цо юкъараллин гIуллакхаш до, ира публицистически материалаш язйо вайн меттан сий айбаран, иза бийцар шуьйра даржоран Iалашонца. Оцу гIуллакхех мехалниг цхьаъ хетта суна 2005-чу шеран 11-чу октябрехь «Республикин хаамаш» («Вести Республики») газетан агIонаш тIехь зорбане яьлла йолу цуьнан чулацаме статья. ТIаьххьарчун цIе ю: «Кегийрхойн гIиллакх-оьздангаллин иммунитет меттахIотторехьа».

Авторо толлу кху тIаьхьарчу хенахь вайн хуьлуш йолу дискуссеш. Уьш лерина ю, хууш ма-хиллара, юьхьанцарчу классашкахь дешар нохчийн матте даккхарна. Ахмадовс оцу хаттаран истори а йовзуьйту вайна.

I944-гIа шо кхаччалц вайн долчохь хилла къоман маттахь ворхIшеран школа. Оьрсийн маттана а тIебохуьйтура хьокъалла боллу тидам. 50-гIа шераш чекхдовлуш халкъ хийрачу махкара цIадирзинехь а, хила ма-езза, юьззина реабилитаци ца йина вайна. «Культурехь а, дешаран декъехь а къоман хIума ду аьлла, цхьа цIе яра», - боху публициста.

Вайн республикин гурашкара ара а волий, Ахмадовс вайгара дусту хьал гонахарачу регионашкахь долчуьнца. Ткъа оцу дустаро-талламо гойту, къоман школа кхиорехь нохчий башкирел, гIезалойл, дагестанцел дуккха а тIаьхьабисина хилар. Шен ненан меттан гIирсашца доцу кхетош-кхиор – иза мел Iаткъаме хир ду, кIеззиг ойла йича а, гуш ду-кх. ГIиллакхан новкъа вайн кегийрхой бевр бац ненан мотт Iаморан буха тIехь бен.

Сулейманов Ахьмадан, Айдамиров Абузаран, Чакаев Катин и.дI.кх. дахаран масалх пайда а оьцуш, Ахмадов (шен Iаь цхьаьнайогIучеран гIоьнца) вайн къоман школа меттахIотторехьа къахьоьгуш схьавогIу. И гIуллакх шаьш дIакхехьа дезаш болу нах а гIуллакхах ца кхеташ а дера хаало. ХIун дийр ду ткъа? Хьал иштта хIоьттина-кх: нохчийн меттан гIуллакхе цахьажарх (цуьнга хьажар церан белхан декхар доллушехьа), оцу нехан «гIуллакхаш» вон дац, уьш даржашкахь а бу дешаран дакъошкахь.

Ахмадов Мусана новкъа ду – тIемаш бахьнехь вайн культурина, меттан гIуллакхашна хилла зен. «Оцу хенахь дийнна чкъор кхиъна вайн, пхеа минотехь нохчийн маттахь бистхила хууш а боцуш… «Къам дуьсур ду я дуьсур дац», - бохучу зила тIе кхаьчна вай», - яздора Мусас.

Публициста, цундела, орца доху: «Самадовла вай!», - бохуш. Некъаш а хьоьху: I-4-чу классашкахь дешар нохчийн маттахь хила деза. (Оцу гIуллакхна дуьхьал публикаци язйинчуьнца гIиллакхан гурашкахь къовсало публицист). Ахмадовс дуьйцучух кхетархьама, вай, собарх а ца духуш, еша еза цуьнан публикацеш. Бакъволчу къовсамхочо санна, цо довзуьйту шен оппоненташна хетарг а, шена а, шен накъосташна а хетарг.
 
Мусан оппоненташа боху:
1. Берашна оьрсийн мотт вон хуур бу, уьш вузашка деша бахалур бац.
2. Вайн говзанчаш а, гIирсаш а бац оцу гIуллакхана.
3. Цхьана хорша йирзина йолу дешаран система юхур ю.
4. Цкъа хьалха масех школехь эксперименташ дIаяьхьа еза.
5. Сепаратизман Iаь етталуш санна хетало оцу гIуллакхах (иза схьа ца боху, дагахь долуш санна хета).
6. Нохчийн мотт цхьанхьа а оьшуш бац, цуьнан хIун до Iамийна?

Мусас хIора пунктана дуьхьал шениг олу:
1. Цхьаммо ца боху, оьрсийн мотт Iамо ца беза. Мелхо а боху, оьрсийн мотт Iамор тодан деза. Оцу гIуллакхна аьтто беш бу ненан мотт.
2. Говзанчаш а дера беза. Цундела вай гIулчаш яха йоло еза (постепенный переход за 4 года).
3. Система йохо ца еза, иза мелхо а тоян еза, берашна, уьш кхетачу маттахь хьеха а хьоьхуш.
4. Эксперимент I50 шо герга хьалха П.К.Услара а йина. Иза юха а шайн статьяшкахь тIечIагIдина вайн Iилманчаша Халидов Мусас, Манкиев Аюба и.дI.кх.
5. Нохчийн мотт цахаарх стаг вахалур ву, рицкъа а даккхалур ду (иза коьртаниг делахь), амма шен къоман башхаллех, билгалонех стаг дIахедар ву. Шен дайшца зIе дIаер ю-кх. Дийнатех тарлур ду-кх вай.

Ахмадов Мусас жамI до: «Дела реза хинволу гIуллакх а дац иза. Сийлахьчо вай нохчий долуш кхоьллина, вайга иза хетта ца хоьттуш. Делан лаамна вай реза ца хилча довлац…»

Шен лаамехь, шен кхетамехь маттах хада лиъначуьнга дийцар эрна ду. Иза вуьтур ву вай. Аса-м Ахмадовга а, цуьнан дог-ойлица дог-ойла йогIучуьнга  ладугIур дара.

Дерзоран дош

Ахмадов Муса Iилманча-методист лара а вогIура, кхин хIумма а ца хилча, цо язйина йолу «Нохчийн гIиллакх-оьздангалла» цIе йолу Iамат (учебник) бахьанехь. Оцу Iаматах айса язъеш шакъаьстина статья хиларна, кхузахь мелла а кIеззиг хьахайо аса иза. Дуьззинчу цхьана дешаран шарчохь оцу Iаматан а, цуьнца йогIуш хIоттийначу программин а буха тIехь I0-чу а, 11-чу классашкахь хьехна аса изза цIе йолу предмет...

Ахмадов Муса гIеметтахIоьттина, къегина, шуьйра вевзаш яздархо ву. Иза цIеххьана хилла яздархо вац. Цунна Дала делла похIма а, хаддаза болу къинхьегам а цхьаьнаийча бен, язлур яцара иштта говзарш. Иза цкъа а ца хилла идеологически яздархо, шен кхоллараллин муьро Советан заманан ткъех шо схьалаьцнехь а.
 
Суна хетарехь, яздархочо бохург цхьаъ ду: бусалба дино, нохчийн гIиллакх-оьздангалло лардийр ду вайн халкъ, цуьнан мохк, паргIато. Иза дерриг кхочушхила лаарна, яздархочо, ша шен белхан говза пхьар хиларе терра, мух-мухха а ца бо Сийлахьниг, Мехалниг, Оьзданиг лардаре вай кхойкхуш болу шен болх. ХIума дан, иза кхочушхила луучо, иза кхочушдан бахьанаш лоьху, ца луучо – гIуллакх ца дан бахьанаш лоьху.

Жимчунна, вокхачунна язъеш, вайн дахаран массо агIо чулоцуш, нохчийн литературин массо жанрехь къахьоьгуш схьавогIучу яздархочо бинарг а, беш берг а боккха а, мехала а болх бу. Дешархойх, студентех, хьехархойх, кIоштийн дешаран дакъойн а, дешаран министерствон, вузийн а, Iилманан институтийн а белхалойх дозуш ду яздархочо кхоьллинчу, вайга схьакховдийначу мехалчу хазнех пайдаэцар, пайдаэцийтар а.

НIаьно а аьлла боху: «Iуьйрана кхайкхар шен декхар ду, малх гучу цабаларна ша бехке яц». Иштта, яздархочо Ахмадов Мусас шега догIург дина, деш а  ду.


Рецензии