Хь. Аболхановн - 65 шо
Хьехархо, публицист, поэт
Аболханов Хьаькаман биографии (йоцо йовзийтича) кху кепара ю: юккъерчу школехь а, университетан филологин факультетехь а дешар, армех г1уллакх дар, юьртарчу школехь хьехархо, кху т1аьхьарчу 25 шарахь - «Даймохк» газетан журналист. Оцу масех мог1ано чу ца лоцу вайн йозанан турпалхочун белхан а, амалан а аг1онаш, цуьнан хат1, шатайпаналла. Вешан ницкъ кхочучу кепара, оцунна т1е тидам бохуьйтур бу вай.
Бексултанов Мусас шен «Цхьалха са» ц1е йолчу эссехь яздо: «…Вай кхечу хьесапца деха, сина метта «со» лелош, «хьой-изий» д1а а даьккхина…» Вайн юкъара сурт яздархочо говза х1оттийна. Бакъонна юкъахь хуьлу билгалдаккхар (я юкъарадаккхар) санна, Аболханов шатайпачу адамех ву.
«Со» бохуш ца веха иза. Веха, цхьа адам а дуьненан меха хеташ. Ша хьул а веш, ша таь1на а 1аш, гуттар а адамийн дика аг1онаш лоьхуш, царех воккхаверца цец а вуьйлуш, уьш гайта г1ерташ…
Аболхановс вай цецдовла кхойкхуш яра «Даймохк» газетан аг1онаш т1ехь дуккха а шераш хьалха араяьлла цуьнан «Тамашийна нах» ц1е йолу статья. Цу т1ехь авторо дозалла дарца, цецваларца дуьйцура «тамашийначу» шина адамах - вежарех Дадашах а, Даудах а Байсултановг1ерах, кхо эзар гергга фразеологизмах лаьтташ йолу «Нохчийн-оьрсийн словарь» язйина болчу. Вежарша арахецна словарь цу тайпаначех вайн маттахь дуьххьара хилар тидаме а эцна, журналиста цхьа шатайпа дешнашца х1оттийначу суртаца билгалбаьккхира къоман культурин дахаран и боккха хилам.
Журналиста шен дош ца олуш, шен хазахетар ца гойтуш ца буьту вайн литературехь, искусствехь – ерриг культурехь болу цхьа а жима а, боккха а хилам.
Ч1ог1а мехала ю, Аболхановс даима т1еюзуш схьайохьуш йолу «Нохчийн энциклопеди» а.
Аьхна-куьце а, маь1не а т1ома дешнаш а хилла д1ах1иттина Хьаькаман х1ара мог1анаш:
«Х1усамнана… Вайн х1усамашкара иман, беркат дедда, акха къизалла, эхь, г1иллакх-оьздангалла дацаралла нохчашлахь даьржинчу х1окху сингаттамечу заманахь ма ч1ог1а оьшура вайна, кхерчашкара ц1е ларйина ца 1аш, вайн х1усамашкахь вайнехан г1иллакх-оьздангалла, барт, иман лардан хьуьнаре, кхетаме, собаре «нохчийн сийлахь ц1ийнаной». Тахана ма ч1ог1а оьшура вайна, диканна шайн х1усамдайн дегнаш т1емадохуш, зуламна церан ка юхауьйзуш, тур-тапча даьккхина, къонахийл хьалха лелхаш, шаьш къонахий хила ца г1ерташ, шайн чохь, шайн х1усамашкахь къонахий кхио хьекъале х1усамнаной…» (1993 шо)
«Вай вешан меттан лерам баран билгало а, къоначу чкъуран ненан матте безам кхиоран мехала г1ирс а хила беза Нохчийн меттан де билгалдаккхарх. Хенан йохалла, дуьххьара ненан ц1е яккхар а, дедоьхча Деле кхайкхар а, диканан шовкъехь «х1орстоъ» алар а цхьаъ долчу массо нохчийн синхьаамна жоп луш, вайн ойла цхьаьна юзуш, боккъал Деза де хилла д1ах1отта деза и де. Иштта хилийтарехь дакъа лаца мел луучун а Дала аьтто бойла!»
Ала дог1у, цуьнан поэзин дош а ду, шеца карзахалла, эвхьазалла йоцуш, даггара аьлла, нехан дегнашка кхочур долуш. Кхиъна евлла, говза шайца суртх1оттор долуш, дика байташ язйина Аболханов Хьаькама:
Стаг товш ву ламанан к1ожахь ца соьцуш,
Ирх кхийдаш къегаче ло.
Ц1е а тов ца сийсаш, стигла мотт хьоькхуш,
Т1аккха цо йовхо а ло…
* * *
Нохчийчоь,
Ирсе ву велларг,
Хеназа хиллехь а кхалхар,
Хьан бала ца гуш и веллехь.
Нохчийчоь,
1азап ду вахар,
Бахамо вукъвина вахахь а,
Хьан лазар дайдан ницкъ бацахь.
* * *
Ма ч1ог1а хьоьгу со цу маьлхан нийсонах –
Цхьатерра хьоьсту цо, къен-миска ца хоьржуш.
1ожаллех воккхаве, х1оранга кхочучу –
Маьхьшаре дуьгу цо, хьал-дийне ца хьоьжуш.
Кхин ч1ог1а воккхаве и малх а, 1ожалла
Тешийна вайх йоцуш, Да волуш шен хиларх.
Аболханов Хьаькамца хилла цхьа-ши х1ума а дийца лаьа суна.
- Со Хьаькам ву, хьайн ц1е х1ун ю алий, дийцахьа айхьа деана г1уллакх, - кхуо шена т1ееана хиллачу цхьана хьехархочуьнга аьлча, «со Раиса ю, суна хаьа хьо хьаькам вуй, дуьйцур ду ас», - аьлла иза д1айолалушшехь, шеха иза нийса ца кхетар бахьнехь юьхь1аьржа а хилла, ц1ий а велла, Аболхановс аьлла хиллера: «Бехк ма биллалахь, со г1алат ваьлла, аса нийса ца аьлла, со ву бехке, сан ц1е ю Хьаькам, вуьшта-м хьаькам вацара со». Юх-юха а иза ша хьаха а дой, ц1ийло Хьаькам. Иза вевзачарна хаьа, ша боккъалла а хьаькаман даржехь хилча а, цу маь1нехь иштта алалур долчех вац х1ара…
…Цкъа цхьана хьехархочо, кхуьнга «Даймохк» газета д1а а кховдош, элира:
- Ешахьа барта х1ара Довкаевн «Нохчийчоь цхьаъ бен яц» ц1е йолу стих, ч1ог1а тайна суна цуьнан мотт а, чулацам а.
- Соьга ма ешийтахьа иза, - Хьаькама аьлча, «х1ан-х1а, суна ахьа еша лаьара иза», - олуш, важа къар ца елира.
Эххар а Аболхановс хозуьйтуш йийшира и стих. Эхь а хетна, ца хаийтира кхуо цу стихотворенин автор ша вуй а, «Довкаев» шен псевдоним хилар а…
Аболханов Хьаькам даггара декъалво вай – цуьнан 65 шо кхачарца!
Лараме Хьаькам! Могаш а, маьрша а волуш, Дала кхин а дуккха шерашкахь г1оза вахавойла хьо!
Свидетельство о публикации №217052302021
Выражаю искреннюю благодарность за этот материал об Аболханове! Тебе удалось в небольшой по размеру статье дать исчерпывающий образ человека, который заслуживает всех похвал!
Если ты позволишь, мы опубликовали бы в газете "Аргун".
С глубоким уважением и к автору, и к ЛГ,
Айза Барзанукаева 25.05.2017 15:34 Заявить о нарушении
Если материал будет напечатан в газете "Аргун", то это, в первую очередь, будет приятно всем знакомым и воспитанникам Аболханова, проживающим в городе Аргун!
С уважением,
Асламбек Гайтукаев 25.05.2017 16:09 Заявить о нарушении
Айза Барзанукаева 25.05.2017 16:22 Заявить о нарушении