Корта-лекха ойла-лаха нахах лаьцна аьлла дош

   ГIан-набарахь цIеран цIе ягIна волу, къонахчуна лар йитина, бакъдолчу Эхарте кхелхина волу шен ден ден да гайча, жима стаго цуьнга дина къамел:
   «Во, Дади! Тхан муьрехь юкъадевла кеманаш ду, Латта-горгаллин хIоровнал лекха дуьйлуш, Маьлха-зIаьнарийн ТIур-Ненехь лелаш, дерриге латтан букъ тIехь долу хьал гуш, адамаш а тIаьхь.
   Дуьненахь массанхьа, хIора цIачу кхача герга дахана, маша бу тесна; оцу машин сарех куораш ду уьйруш: цаьрна чохь кхечу дуьненан маьIIехь дехаш долу адам гуш, ткъа цуна сехьахь верг гуш ду, вовшашка уьш биста а хуьлуш.
   Адамаллийн къел яьржина, дешан шалхонаш, ши юьхь лелош долу «садерш» ду, адамаш ду ала агIо а йоцуш.
   Къизаллин васт ду дуьненан юкъраллин са тIехь лаьтташ:
     Шех тера воцург галне ву аьлла кхайкхадо,
     шена дуьхьал волчуна хIу дов,
     ша ловш верг дакъаза воккху,
     шена муьтIахь верг пах сенбелла, велла вахьвожжалца вацош. Церах цхьаллигора цхьаъ ма вац тоьлла, ша и къизалла йоцург.
   Мацон метта Iаламан кхачанан екхо еъна:
   Кийра бузош, синан са лакъош, дегIехь матардулуш дааран куьцехь дIовшаш ду нахана духкуш, наха иэдеш.
   Латтий, даьхний а бохучунна сий дайна;
     Ясакхо са дууш ду;
     Iазапо са кхачош ду;
     ГIайгIано са мерах доккху!
   Адаман куьцехь вампалаш даьржина;
     Дегнаш мекха,
     Амалш экха,
     Къамелаш текха!       
   Хьо дийна валахьара, вен ца оьшуш, дог даьттIа лийра вара хьо, дуьхьал хIуттун долу сурт хьайна гайча!
   Велла валар со; дийна схьавалар хьо! Тенгахь йу-техьа и йийцина зама: белларш схьабалара бохуш хин ерг.
   Баккхийчара кегийчарца жималла къуьйсу; кегийчара баккхийчаьрна тIехула куьга ойъу: соьлла хьекъалан эшначаьрна сох Ваши ца хилла, Воти хилла вели-кха со! Эхартан зама!»
   Дика ладийгIира Дадес шен воIан воIан воIан къамеле. Дика хьесап дира. Шена бала белхийна вож ваьлча, цхьа дош бен ца элира цо: «ГIатта».
   Вижна Iуьллучура, тIакх, самаваьлла а, гIаьттира-кха, кхин шех Ваши ца хилла, Вотий хилла ваьлла волу Демалхан Iуспа. ТIаккха багар делира-кха цуна: «Джалай, Сийна Саьрмик, джалай! Сох кхин ваший ца хилла, оцу корта-лекха ойла-лаха хардангашх дийдий-махь бийра бу-хьуна ахь соьгар хьо декъалйарца!»    


Рецензии