Дикалла

   Кратким переводом нижеследующего материала на русский язык является публикация "Доброта".

   Дала дахаран некъашца ша стенга кхачор ву ца хаьа цхьана а стагана. Араваьлла леларг тайп-тайпанчу хиламийн теш хуьлу, хаамаш хеза, амма царах цхьадерг еххачу ханна хьан к1орггерчу иэсехь дуьсу, цадевзачунна иза довзийта лаам кхолало. Дала, дика дерг ган, дан а ницкъ, хьуьнар деллачу стага  – 1аларойн-Эвларчу Базуркаев Сайд-Эмис дийцира суна (ма-дарра аьлча, яздина схьаделлера):

   – Стохка (2011-чу шеран) б1аьста Керла Г1оьрдала тезета ваханера со, «Некъ» телерадиокомпанехь къахьоьгуш волчу 1еламстеган Илесов 1арбин ден нана кхелхинчу. Шен балха т1ехь вевзинера суна 1арби. Бакъдерг аьлча, суна иза ц1ера мичара ву а ца хаьара хьалха. Иза бен цуьнан гергарчех суна вевзаш стаг дера вацара. Делахь а, кхечуьнга хьал-де хоттучу хенахь 1арби тезетахь ву аьлла хезча, кадам бан ваха нигат долуш араваьллера со.

   Со тезета д1акхаьчча, 1арби чувахана, тезетахь вацара. Кадам чекхбаьлча, жима охьахиъна а витина, со д1ахьевира. Аса сой 1арби схьаваллалц 1ийр ву элира.

   Со д1авахийта аьлла волу воккха стаг 1арбин да хиллера. Соьга, хьо мичара ву аьлла, хаьттира цо. Аса сой 1аларойн-Эвлара ву аьлча, цо кхин а хаттар дира соьга: «Турко вевзий хьуна шайн эвлара?» – аьлла. Цо и хаттар дича, масех ойла хьаьвзира сан коьрте. Хаттаро сагатдира сан, иза х1ун ала волу ца хууш.

   Аса вевзий хаийтича, цо дийцира:
– Вайн чуьра жимахволчу к1анта Туркон машен т1е машен тоьхнера. Турко валош ц1авеанера вайгарниг. Со оцу хенахь меттахь вара. К1анта х1оьттина хьал дийцича, аса Туркога элира: «Тхан хьал, хьайн хьал а дустий, хьайна дегаза хинбоцу мах алий х1ума дехьа». Тхайн эвлара сайна вевзаш волу машенаштойийриг (пхьар) билгал а ваьккхира аса цунна.

   Турко хьалаг1аьттира. Т1аккха элира цо: «Хилларг доккха х1ума а дац. Оцу машен чохь хиллачу зударша аьлларг новкъадеанера суна. И к1ант г1иллакхах воьхна а вацара. Шен бехк буй хууш вара. Со-м эццехь а, иза декхарийла ца веш, д1аг1ур волуш вара. Цунна ван лиъна, веара со. Хьуна Дала парг1ато йойла. Марша 1ойла».

   Оцу стага лелийна г1иллакх диц ца луш ву со. Цуьнца гергарло таса а, лело а мегар ду аьлла, д1ахьедина аса берашка…

   1елас сайн юьртахочух лаьцна тамехь дерг дийцича, суна хазахийтира, ткъа Туркога, сайна гина а воццушехь, безам бахара.

   Со 30 шарахь ц1ераваьлла лелла, цундела кегийрхой юьхьдуьхьал бовзац суна. Турко столаш, г1анташ деш ву бохуш-м хезнера. Цуьнан да-нана девзинера суна. Жалу вара цуьнан да, дохнан лор вара иза. Лела хууш а, шен болх бевзаш а, шена далуш долу г1уллакх балха т1ехь а, вуьшта а деш, юьртахоша лоруш стаг вара иза. Х1инца вац иза, Дала гечдойла цунна а, вайна а.

   Нана йолуш ю. Кхокху ю цуьнан ц1е. Шена хилла цатам цкъа а шен чохь а, лулахь а хаийтина йоцуш, 1еламнехан ц1ент1ера йолуш,  стаг ю Кхокху.

   Оцу доьзалехь кхиъна волу Турко кхечу кепара хуьлийла а дацара. Шен ненан пусар деш, лара а лоруш, чохь болчаьрга а лоруьйтуш, ялсамани ненан когаш к1елахь ю бохург х1ун ду а хууш, цуьнан когийн к1ело хилла, к1ант ненаца муха хила веза гондхьа болчарна а гойтуш, вехаш ву Турко. Доьзалехь барт бу.

   Кхечу юьртахь, кхечу ярташкара тезета баьхкинчу нахана юкъахь цуьнан дикаллех дерг сайна 1елас дийцича, кхин хетийла доцуш хазахийтира суна.
Турко шолг1а (машен тойиний хоьуьйтуш) ша волчу веача, ша хиъна 1ийначохь (цхьаьнгге а и ша дуьту аьлла вист ца хуьлуш) эзар сом дитина ваханера 1елас аьлча, со цец ца велира.

   Юха тезет д1адаьллачул т1аьхьа дикка хан яьлча, 1арби волчу балха т1ехь и лакхахь вай дийцинарг юха а хьахаделча, 1арбис кхин а г1олий довзийтира хилларг:

   – Оцу аварина бехке 1985-чу шарахь вина волу сан ваша Сулиман вара. Цуьнца доьзна тхан дас 1елас аьллера Туркога: «Хьажал, Турко, хилларг хилла даьлла. Тхан бахамаш (эх1 аьлла боцу) хьо гуш ву. Дела а, хьой а реза волучу кепара х1ара г1уллакх д1адерзо хьовсур ду вай. Бехк х1окху к1ентан бу ... Тхо хьарам даьхни гулдина, я харц некъаш лелийна нах дацара».

   Туркос цул т1аьхьа аьлла: «Ахь динчу къамело сан дог даший. Суна х1окху машенах х1умма дала ца оьшу. Аса айса тойойтур ю сайн машен».

   Туркон машен Ойсхара говзанче тояйта д1аелира. Тойийриг мах 5000 сом хадийра пхьеро. Туркос ша машен пхьере д1алуш аьлла бохура цуьнга: «Цаьргара цхьа а сом оьцур дац ахь, мах ас д1алур бу хьуна». Машен схьаэца ша вахча, пхьеро, хьоьгара а, я цаьргара а оьцур бац, кхин машен тоеш дисина сир дара, ша х1ара тоеш дукха къа а ца хьегна, аьлла, мах ца эли бохура, Туркос мел кхийдийча а ахча схьа а ца ийци бохура.

   Машен схьаэцча, 1ела волчу веанера Турко. Оцу муьрехь больницера араваьлла вара 1ела. Луьйш-олуш 1ийна Турко д1авахча, 1елийна и хиъна 1ийначохь 1000 сом карийнера. 1елас боху, адам вовшах мел кхеттачохь оцу 1аларойн-Эвларчу Туркос динарг (цуьнан г1иллакх, оьздангалла) дуьйцуш 1аш ву ша. Иштта х1ума лечкъо ца деза, къайладахийта ца деза. Дика масал ду иза кхечарна а цунах пайдаэца.

   Цхьаболчарна к1езиг х1ума хетахь а, ишттачо г1о до х1окху сихачу заманахь нахе ойлаяйта а, т1ех1оьттинарг шайт1анан лааме диллина зуламе ца долуьйтуш машаран некъа дерзо а, нахана юкъа марзо йолла а.

   Дала ишттачу меттехь доьналла лойла вайна т1едеанарг Делера дуй а хиъна, собаре хилла, г1иллакхах ца духуш, Зандакъарчу Г1еза-Хьаьжас санна шайт1анан букъ бо.

   …Ц1еххьана т1едеанчу вуоно некъ талхабо стеган. Т1аьхь-т1аьхьа совдуьйлу стагана т1е вуон дан бахьанаш. Къаьсттина машенаш бахьана долуш вер-ваккхар хуьлу, адамаш сакхат хуьлу, заь1ап нах алсамбовлу, йоьрзуйоцу чевнаш юьту вуочу балхо, нахана юкъа мостаг1алла дуллу.

   Машенаш. Дукха ю машенаш, къаьсттина, Нохчийчохь. Адамийн таронаш-аьттонаш сов хилар а гойту машенийн барам лакхабаларо. Уьш хилар-м дика ду. Делахь а, цхьаверг шен техника лело бакъо елахь а, яцахь а новкъаволу. Берийн кара а ло цхьаболчу баккхийчара машен. Г1аш вог1уш волчу хьуна цинцаш-хатташ тухуш воьдург хуьлу. Шех и даьлча, саца а сецна, къинт1ера ца воккху, хьуна юххехула, хьох хьакхалуш а, ца хьакхалуш а чекхъиккхинчу оцу «къонахчо».

   Дукхахьолахь, 13-15 шо долу бер хуьлу оцу машен чохь. Ахь саца а вина бехк баьккхича а, х1умма а хьан пусар дийр долуш ца хуьлу.

   Вайна и хьал девзаш ду. Делахь а, машенан урх  карахь йолчарна (шоферашна) юкъахь дукха бу г1иллакх-оьздангаллица болуш, шайн новкъа д1абоьлхуш-юхабог1уш а, шайх нахана новкъарло хиларна а кхоьруш, некъан бакъонаш ца талхош болу нах. Сайлаканна (доцчу г1уллакхана) машенаш ца хоьхку цара, цхьа г1уллакх ца хилча кех ца бовлу уьш.

   Царах цхьаъ ву Базуркаев Сайд-Эмис вайна вийцина волу 1аларойн-Эвлара Юсупов Турко (шуна иза го суьрта т1ехь). Ша дикаллех вуьзна волчу Базуркаевна карийна дика дина волу Турко.

   Базуркаевн шен дикаллех лаьцна а мел доккха тептар язлур дара. Кхузахь кхачо ян лаьа суна, цуьнан шен бакъо а йоцуш, аса лахахь далочу Сайд-Эмин байтан башхачу мог1анех. Базуркаев тоъал вевзачунна хаьа, х1ара мог1анаш яздан иза хьакъ хилар:

Дала сайна дуьне делча,
Берриг бахам цхьаьна болуш,
Дуьненан сайх паччахь вича,
Дерриг адам муьт1ахь дина –
Г1айг1ане со хир ма вара,
Боккха бала кийрахь болуш,
Кхоьрур вара галваларна а,
Нийсонах со д1акарчарна.

Дуьне лоьхуш со ца лелла,
Бахамо со ца 1ехийна,
Хьо цхьаъ хилар дагчохь долуш,
Г1ийла дуьне текхна аса.
Ца хууш сайх х1ун дер Ахьа,
Ву со кхоьруш дуьхьалх1отта,
Къинхетаме ас сатуьйсу,
Диканаш сан к1езиг ма ду.

Хийла г1ело соьга кхечи,
Йоьхна киртиг т1е ма х1оьтти,
Хьоьгара уьш ас ларарна,
Г1айг1а йоцуш чекх ма вийли.
Цхьа а х1ума соьгара дац,
Массо х1ума Хьоьгара ду,
Цахууриг 1овдал ма ву,
Кхетар ву и – т1аьхьа хир ду.

Къематан де генахь ма дац,
Далла дуьхьал х1итта деза,
Делан кхиэлах девриг ма дац,
Нийсо цигахь лелар ма ю.
Йисина хан к1езиг ма ю,
Кхача волу суьде со Хьан,
Къинхетам бар доьху Хьоьга,
Бехке ца веш т1еэцахь а.

…Фирдовси сан даго ехарх,
Реза ву Ахь еллачунна.

 
   Вайн йозанан къамел дерзош ала лаьа - дикалла йовш яц,
               ехийла бакъйолу дикалла!

Суьрта т1ехь: 1аларойн-Эвлара вахархо Юсупов Турко.
2012 шо 


Рецензии
Цергах хи долуш, олу вайн наха, - оцу кеппара хаза хеташ йийши аса. Ехийла оцу тайпана йолу дикалла!

Айза Барзанукаева   25.05.2017 16:11     Заявить о нарушении
Дела реза хуьлда, Айза!
Шайх масал эца хьакъ болу дика нах ахьа а
дуккха бовзуьйту хьайн йозанашкахь!
Иза а, Дала мукъалахь, зиэн довр дац!
Боккхачу ларамца,

Асламбек Гайтукаев   25.05.2017 18:51   Заявить о нарушении
На это произведение написаны 2 рецензии, здесь отображается последняя, остальные - в полном списке.