Имам Ахьмад

   Бехха некъ эцна воьдуш хилла имам Ахьмад. Арахь Iаржйала йоьлла. ХIара цхьана йуьрта кхаьчча. Кхузахь кхунна вевзаш, йа хIара вевзаш стаг а ца хилла. Йуьртахь буьйса йаккха соцур ву ша аьлла, ойла хилла Iеламстеган.

   Жимо маьждиг гина Ахьмадна. Цу чу а вахана, салават а диллина, набарна дIатовжа дагахь хIара охьалахвелча, цIаьххьана чувеанчу маьждиган хехочо хаьттина:

– ХIей, хьо хIун дан гIерта?

– Набарна дIатовжа воллура со-м, – жоп делла Ахьмада.

– ХIара набйен меттиг йац, – аьлла хехочо.

   Йуха а хехочо  тIедожийна:

– Аравала маьждиг чуьра!

Цхьажимма мукъана а наб йайтахьара шега, аьлла, дехна имамо.

– ХIан-хIа, ахь кху чохь наб йийр йац, иза тхуна дихкина ду, дIагIо! – аьлла, Iеламстаг маьждиг чуьра араваьккхина хехочо.

ТIаккха имам Ахьмад маьждигна уллохь лаьтта дIатевжина.

   Хехо йуха а тIевеана цунна:

– Хьо хIун деш ву?

– Кхузахь дIатевжинера со-м, маьждиган неIарна уллохь, – кхуо аьлча:

– НеIарна уллохь а мегаш дац дIатовжа, – олуш, оццу хехочо, такхийна некъа йисте дIаваьхьна хIара.

   Оццу хенахь Ахьмад гина датта дезачу баьпкана бод хьакхош волчу цхьана стагана.

– Схьавола соьца, со волчу гIур ву вайша! Кху чохь йовха а йу, садаIа аьтто болуш чоь а йу, тховса сайн хьаша вийр ву ас хьох! – аьлла, кхунах къа а хетта тIевеанчу пурнхочо.

   Хьала а гIаьттина, пурни чу вахана волу имам, оцу стеган а, цо лелочун а тидам бан воьлла. Бод хьакхош волчу цо, шен куьг ша меттах мосазза доккху «АстагIфируллахI» олуш хилла.

   Хьалаайбавеллачу Ахьмада хаьттина:

– Дукха хан йуй ахь иштта олуш долу?

– Iаламат дукха хан йу, – жоп делла вукхо.

– Ахь иштта аларца доьзна цхьа а беркат гучудаьллий хьуна? – хаьттина Ахьмада.

– Гучудаьлла.

– ХIун ду иза?

– Сан дерриге а доIанашна Дала жоп ло, цхьаъ доцчунна! – аьлла белхахочо.

– Ткъа муьлхачу доIина жоп делла дац хьуна хIинца а? – шега хаьттича, пурнхочо аьлла:

– Сайн Деле даима, имам Ахьмад ибн Хьанбал цкъа сайна бIаьрга гайтар доьхуш ву со!

– АллахIу Акбар! АллахIа хьан оцу доIина а жоп дели. Со имам Ахьмад ибн Хьанбал ву, АллахIа нуьцкъашха такхийна хьуна тIе валийна волу!!!

               


Рецензии
Дала жоп ца луш до1а ца дита.

Зура Итсмиолорд   21.05.2025 21:26     Заявить о нарушении