Шек баькхи ахь сан дуьнен тешам

Ма кхардахьа безам,
Сан доьлхучу денна.
Ма лекхахьа  эшар,
Сан доьхна дагна.
Хьо вахалахь везар,
Хьай керлачу езарна.
Амма са йоьхна лелар,
Дац ахь яздина.


Шек баькхи ахь сан дуьнен тешам,
Г1айг1ане ю сайн некъана,
Х1ун бели те хьо марх а безам?
Муха кхета еза рицкъанах.

Тахна хьо хьайна ву,
Хьай лаамехь ирсе.
Амма х1оранна собар ду,
Сан йоьлхуш ю тахне.
Хьо вахалахь везар,
Ца 1овжош  цу чоьвно.
Со къинтера ялар,
Жоп ло хьун сан даго.


Шек баькхи ахь сан дуьнен тешам,
Г1айг1ане ю сайн некъана.
Х1ун бели те хьо марх а безам?
Муха кхета еза рицкъанах.


Рецензии