ПохIмица а, доьналлица а билгалваьлла йаздархо
Нохчийн Республикин халкъан йаздархочун Бексултанов Мусан кхолларалло йоккха меттиг дIалоцу таханлерчу нохчийн литературехь. Говза, маьIне, шатайпанчу маттаца дийцарш цо йаздаро чIагIдан бакъо ло, дийцаран жанр карайерзорехь вайн литературехь уггар лакхарчу тIегIане кхаьчна йаздархо ву иза, ала.
Мусан говзарш йух-йуха а йеша дог догIуш, хIоразза а шайца керланиг карош, азаллехь дуьйна схьадаьхкина вайн гIиллакхаш карладохуш, шен дешархо кхиарехь, гIиллакх-оьздангаллехь лакхавоккхуш, историн, массо хиламан ораме кхийда Iамош ду. Классически олучийн могIаре довлу уьш, шайн кехата тIера шекъа дакъа а далале бохург санна.
Ас дукха ладийгIина, хьехархоша, журналисташа, кхечу йешархоша Бексултановн кхоллараллех дош олуш. Вай йуьйцурш леррина вовшахтоьхна суьйренаш йац. ХIара иштта маьIне доцуш, шен чулацамца, башхачу маттаца цецвоккхуш доцуш, дийцар хIунда йаздина-те кху йаздархочо, аьлла, Мусан цхьа а дийцар ца хааделла тхуна, бохура цара.
Дахарехь дагавала, шех масал эца, ша дикачу агIор гайтинчу турпалхойх масал эца, ойла нийсоне, цIеналле, маршоне кхийда Iамаво йаздархочун исбаьхьаллин дашо.
Муса! Хьо волуш оха дозалла до, хьан дешан сий, ларам, тIалам бан а хьовсу тхо!
Могаш-маьрша а волуш, дуккха а шерашкахь вахавойла хьо Дала!
Аьтто хуьлда хьан хьайн сирла Iалашонаш кхочушйан!
(«Даймохк» газет, 2009 шо, жимма йацйина)
Свидетельство о публикации №217060401838