Безам а, къиийсам а шегахь лелалуш ваьхначун масал

Слово о творчестве и жизненном пути Магомета Мамакаева
               
   Мамакаев Мохьмад 1910-чу шарахь вина, 1973-чу шарахь дIакхелхина. 63 шарахь бен ца ваьхна иза. Халкъан яздархочо Бексултанов Мусас Мамакаев Мохьмадах йолчу шен эссехь боху: «Къонахчун Iожалла даим ю-кх хеназа… Иза нохчех дуьххьарлера поэт а ву, шен заманахьлерчу поэзица къоман амалх дIа а ийна, поэт а волуш, къонаха висина: ша къонаха а, юха ша – поэт а хилла, ваха йиш йолуш. Суна иза бIешарашкахь вуьсур вуйла а хаьа, тахана вайна санна волу Мамакаев Мохьмад а хилла…»

   Мохьмад дукха хьалхе да а, нана а делла висина. Ден, ненан, йиша-вешин уьйр-марзонехь ца кхиъначу, берийн цIийнахь бералла дIаяхначу кIентан амал хьалхе чIагIъелла. Оцу амало цунна гIо а дина, халонаш тIехIиттича, букъ ца саттош, корта айббина шен дахаран некъахь чекхвала, шен къомах сий-лараме дош олуш. Шен дайн мохк, халкъ а дезаран шовкъо язъяйтира цуьнга нохчийн маттахь байташ.
 
   Мамакаев Мохьмада ткъех шо набахтехь даьккхина, царах 6 шо – ша цхьаъ бен воцчу камери чохь доккхуш. Цо яздина: «Сан 16 шо бен дацара, со Ленинграде а, Кольски ахгIайре йолчу а кхаьчначу хенахь. ТIаьхьо Эрмалойн махкахь а, Генарчу Малхбалехь а хилира. Сан ваха, къахьега дийзира ГIум-Азехь, тундрехь, Полярни гуонал дехьахь а. Йистйоцчу Даймехкан хIора маьIигехь а шатайпа билгалонаш а, хазаллаш а карайора суна».

   Шеца амал йогIучу къонахошца вазалуш, ледарлонаш емалъеш ваьхна иза.
Цуьнан «Даймохк» бохучу кхетамо Нохч-ГIалгIайчоьнан латта юкъалаьцна ца Iа. Кхечу къаьмнийн яздархошлахь цуьнан хилла доттагIий: А. Горький, В. Маяковский, Д. Гатуев, Г. Кайтуков, К. Кулиев, М. Шолохов, А. Фадеев, А. Серафимович, Л. Леонов, Э. Багрицкий, дуккха кхиберш а.

     М. Мамакаевх яздинчо, иза вевзинчийн дагалецамаша вуно бIаьрла гучудоккху цуьнан куц-кеп, амал, доьналла. Бакъ къуьйсуш, къонахаллийца, цIенчу даггара ваьхна иза. Шена аьтто ца лоьхуш, цуьрриг шеца хIилла доцуш, онда орам хецначу харцонашца къуьйсуш  хала некъ бина цо. Некъ бина, шен дош – дош долуш, ницкъ кхочучу кепара мехкан, меттан, халкъан дола а деш. Иза дерриг бахьанехь Iедало лаца а лаьцна иза. Ца лаьцна, шех гIалат даьлла, я харцдерг дийцина, я шех тешийначунна тешаме ца хилла-м.

     М. Мамакаевн къонахчун амалан тоьшаллех цхьа тоьшалла ду 1956-чу шеран ноябран 16-чу дийнахь Москвахь советски историкийн конференцехь цо дина къамел (буьззинчу барамехь цуьнан чулацам дуьххьара бевзира вайна «Молодежная смена» газетан агIонаш тIехь: №89 (188), 10.11.2004). Оцу конференцехь кхуьнгара хIума даккха, хIара собарх вохо гIерта ши юьхь йолу историк Аджемян, амма Мохьмада шен доьналлийца, собарца, кхетамца, хьекъалца тоьшаллаш а далош, бакъдолчун буха тIехь толам боккху.

   Шайн сакхташна, ледарлонашна, ямартлонашна мукIарло дай, дохко а довлий, гечдар дехий, шаьш муьлш ду а хаий, IадIе, боху Мамакаевс, хIоъ тес-тесначу агIор а буьйлуш, котамаш санна леллачу Iилманчаш бу бохучу харц-историкашка. Амма цаьрга иза ца дало, тIаккха Мохьмада, кхоа ца беш, шен говзачу, хьекъалечу къамелаца шайн хьакъ дуьззина дIало царна:
 
«… Суна чIогIа ца тайра накъ. Аджемяна дийцинарг, резавоцуш виси со накъ. Фадеевс динчу къамелана а. Ма-дарра аьлча, цIенчу даггара доцу бехказдийлагIертар ду иза. Фадеевн, (иза волччу барамехь вайн историн цхьадолу хаттарш нийса ца тидарна бехке болчу) дуккха кхечу накъосташкахьара иза дерриг кхеташ хир дара хIинцачул, масала, пхи шо хьалха…

     Айса хьо (Аджемян) мел чIогIа ца ларахь а, кху тIаьхьарчу шерашкахь сайга хIоьттина хьал хьоьга хIотта луур дацара суна… Партин 20-гIа съезд хиллачул тIаьхьа, дийнна халкъашна тIехь йина гIело, дина Iазап ерриг партис, вайн советски халкъо а нийса доцуш леринчул тIаьхьа, там боцуш хета хIокху жоьпаллин трибуни тIера хезаш долу Аджемянан а, цунах терачийн къамелаш… Дуьнен тIехь дац вуон а, зуламе а халкъаш, амма хIора халкъа юккъехь вуон а, зуламе а долу адамаш ду; дуьненан дерриг халкъийн мостагIий бу уьш, вайн сийлахьчу хьалхахьа бечу некъана кхиаме йоцу новкъарлонаш еш долу.
 
     …Вайна лаьа, вайн халкъийн доттагIалла дохалур доцуш хуьлийла, хIунда аьлча цуьнца ду дуккха къаьмнаш шена чохь дехачу  вайн сийлахьчу Даймехкан ирс, ницкъ а».

     КIезиг бац вайн поэташлахь М. Мамакаевн сий-ларам беш стихаш язйинарш. Поэта Сатуев Хьусайна шен цхьайолчу байташкахь хIоттийна долу М. Мамакаевн васт хьахо лаьа. 1991-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь зорбане яьллачу «Чов йина илли» цIе йолчу шен стихийн гуларехь Хь. Сатуевс къаьсттина меттиг дIаелла Мохьмадна. Цхьана киншки тIехь кхоъ байт ю оцу воккхачу яздархочунна-къонахчунна лерина («Дарце», «Илланчин чов», «Буьрсачу арено гIелвина…»). Хьалхарчу байтехь дорцан куьцехь гайтина, хIара «аркъалветташ, гIора дIадоккхуш, хеза къемат»,  Мохьмада лайна, ловшболу «ца лехна бала», инзаре-яккхий халонаш, кхул хьалха а, назманча «доьналлех вохо, гуора хIотто гIерташ, тIелистина кхерамаш», амма «Iожалла къаръеш», къонах хьалхахьа ихна хилар.

     Оццу гуларера, 1973-чу шарахь язйинчу (Мамакаев Мохьмад кхелхина шо) «Илланчин чов» стихехь Сатуевс говза гайтина (оцу деношкахь шайга хьошалгIа варе ларвина волу) Мамакаев Мохьмад кхалхаран хьокъехь шен керта кхаьчначу хаамо «шен хIусам балане йожаяр», ша цунна «ларйинчу назманан аз, хорамо къардина, алаза дар». Мохьмад дийна волуш «лечанах левзина» долу Сатуевн  аьрха дог, «тIам бойна, бодашка чудожар», назманча ларвина «бIаьргийн нур довхачу ладарша дIадахьар»:

Iаржбелла техкира стигланийн гуо,
Латтанаш когера шершара дIа,
Са лаьцна лаьттира чов хилла со,
Ткъов етташ, суна тIехьаьвзира Iа.

Хьайн халкъан лазамаш дIакхехьна да,
ГIаролехь лаьттачохь дIавели хьо.
Алаза дисинчу хьан иллин аз
Хьох дагавийлинчу ас ойур ду.

   КхоалгIачу байтехь Сатуев Хьусайна говза гайтина «безамо ира-карахIиттийначу» Мамакаевга халонаш эшаяларан къайле:

…Сан лаьмнаш, шу дезаш ца хиллехь,
Тоххара гIорийна хир вара.

     Харцонашна дуьхьал ша латтийначу къийсамашца цхьаьна назманчин болх Iаламат хьуьнаре, говзаллица, шегахь доккха похIма хиларан бIаьрлачу тоьшаллийца кхочушбина Мамакаев Мохьмада. Поэзин могIанашка цо дуьллура дахарехь ша лайнарг, сатийсинарг, зийнарг. Цо собарх, стогаллах дуьзна долу дош аьлла шен Даймахках, халкъах, заманах, ненан маттах, безамах.

    Цхьаболу иттаннаш эзарнаш могIанаша чулоцучул маьIна дуккха алсам долуш, муьлххачу маттанна догIуш (цара, оцу дешнаша, буьйцург нохчийн мотт боцуш, муьлхха мотт, муьлхха къам ду чулоцург) могIанаш, ма-дарра аьлча, цкъа а лийрбоцу биъ могIа язбина Мохьмада:

Шен ненан мотт халкъо,
Сий ойбуш, Iалашбахь,
Цу халкъан паргIато
Цхьаммо а хьошур яц.

     Мел доккха хьекъал, дарба, Iилма ду цаьрца, оцу дезчу дешнашца, вай шайх кхачамболлуш пайда а ца оцуш дуьтуш долчу! Уьш I953-чу шарахь яздина. Къизачу замано ха хорцу мур бу иза.
 
   Дукха ду М.Мамакаевс нохчийн поэзехь, прозехь динарг: «ЦIий хуьйдина лаьмнаш», «Орган тIехь Iуьйре», «Ненаца дина къамел», «Хаьржинарш», «Сан некъан кехат», «ТIулгаша а дуьйцу» стихийн, поэмийн гуларш, «Революцин мурд», «Зеламха» романаш, нохчийн къоман юкъараллин дIахIоттамах, Iер-дахарх, маттах, историх публицистикин, Iилманан статьяш.

   Мамакаев Мохьмадан кхолларалла нохчийн литературан цхьа лакхе хилар, литература езачо, нохчийн къоман культура йовза луучо хIораммо а яккха езаш хиларх яздина шайн белхашкахь литературоведаша. Мамакаев Мохьмад шен говзаршкахь даиманна а халкъаца, махкаца ву. Уггаре лакхара дарж лору цо шен къоман поэт хилар.

   Вонехь а, диканехь а нахаца цхьаьна хилар ду цо коьрта лоруш дерг. Адамийн хьашташца, заманан лехамашца цхьаьна деттало цуьнан лирически турпалхочун дог. Доьналла долуш стаг ву поэтан лирически турпалхо, ондда дека цуьнан аз, шуьйра ойлайо цо заманах, адамийн дахарх, Даймахках.
«Зама» цIе йолчу шен стихотворенехь поэто даггара боху:

Даймехкан сийлахьчу декхарна
Дуьненахь массо а деха вай.

     И ойла Мамакаев Мохьмадан ерриге а кхоллараллах чекхйолуш ю.
 
     Шех шатлакхан илли (гимн) ала хьакъдолуш ю «Даймехкан косташ» цIе йолу назма. (Тидам биний вай цхьана бакъдолчун: 1940-чу шарахь Мамакаевс «Даймехкан косташ» назма язйина, ткъа оцу башхачу дешнашна мукъаман тIемаш лур долу Дагаев Валид а оццу, 1940-чу, шарахь дуьнен тIе ваьлла!) Халкъан даггара язйина хиларна, халкъо доггаха тIеоьцу «Даймехкан косташ» назманан хIора а дош:

…Хьаша-да, оьздангал
лаьттинчу хIусмашкахь,
Яхь йолуш кхиъначу
шен дикчу кIенташка, –
Бехачохь, дуьйцучохь,
боккхучу когаца,
Сийлахьчу Даймехкан
сий айде, боху цо.

Де доьхна, Iаьржачу
халоно хьовзийчахь,
Мацалло бIарздина,
гIелонна кIелдуьсчохь,
Бохамна, харцонна
юьхьдуьхьал хIиттинчохь
Собарах, стогаллех,
ма довла, боху цо.

   ДоттагIаллах лаьцна а язйина Мохьмада шен дикачех йолу стихаш. Безамах Мамакаевс язйина байташ вайн къоман шатайпа хазна лара мегар ду; тIетоха, дIадаккха а сов хIума шайца ца хаалуш, маьIнех, собарх, гIиллакхах, оьздангаллах, тешамах юьзна ю цуьнан «Шовда», «ЧIегIардиг», «Безам» цIераш йолу байташ, халкъан илланчас В. Дагаевс мукъаме дерзийна дIаолуш ду. Жиманиг, воккханиг бендоцуш вуьтур воцуш ду поэтан башха могIанаш:

Безамах къастаро
Хеназа къежвина,
И гаре сатуьйсуш,
ГIайгIано бIарзвина.
Сагатлуш, ладугIуш,
Ойлано гIелвина
Алахьа ахь, безам,
Вай хIунда къастийна…
Къоьжалло къанварах,
Дог къона долуш ву,
Безам а, къийсам а
Лелалур болуш ву.

   Тайп-тайпанчу къаьмнийн меттанашка яьхна цуьнан дуккха а говзарш. Уьш оьрсийн матте яьхначу гочдархойн шуьйрачу гуоно а (Н. Тихонов, А. Твардовский, А. Передреев, Э. Багрицкий, Н. Асанов, Н. Гребнев, А. Казаков, В. Щепотев, В. Бугаевский, С. Олендер, С. Куняев, Ю. Тимофеев и.дI.кх.) гойту Мохьмадан кхолларалла дуккха а къаьмнийн йовза аьтто хилар.

   Шен дахаран тIаьххьарчу шерашкахь ша «Орга» альманахан редактор волуш, хийлачу нохчийн къоначу поэтан, довха дош аьлла, догъэцна, хийланна поэзе некъ биллина Мохьмада.
 
   Динарг кIезиг хеташ, дерригеннна ша гIатта веза аьлла дог тешна волуш, халкъан лазамийн гIуллакхна юкъ йихкина ваьхначу къонахчо оьзда лар йитна дерриг къоман исторехь. Мамакаев Мохьмад виццавар, вайн де доьхча я тоделча а цу тайпанчу нехан дахаран масал дагалоцуш вай хилар, царах Iама гIертар, церан оьздачу весеташна муьтIахь хилар, – кхин хIумма ца хилча а, – вайна ваьшна дарбане, санехь, тIаьхьало йолуш  ду. Безам, къийсам а лелалуш ваьхначун масал оьшу вайна массарна.


Рецензии