Дуьне лоьхуш со ца лелла...

С-Э. Базуркаевн дикаллех дош (ХIара йозанаш 2009-чу шарахь  зорбане девлла ду)


   ХIора стага шен дахарехь цхьа лар юьту: жима я йоккха, догцIенчу бевза-безачарна юьхькIам беш я юьхьIаржо йохьуш. Делан къайле адмашна йовза йиш яцахь а, цхьаволчух лаций, цуьнан дикалла билгальяккха лууш: «Шена ялсамане яьккхина ваьлла (яьлла) хьенех», -  олу вайн адамаша.

   Курчалойн кIоштарчу Iаларойн-Эвлара вахархо Базуркаев Махьмудан Сайд-Эми шен дахарехь хьанала къахьоьгуш, нахаца кIеда-мерза волуш, Делан дуьхьа аьлла дика гIуллакхаш деш схьавеана, схьавогIуш стаг ву. Тахана а, ша пенсехь вара аьлла ца Iаш, мелехьчу гIуллакхашна араволий лела иза, хIора дийнахь бохург санна.

   Хьарам-хьанал вуно лерина къасто а хьожуш, цхьана хенахь цо болх бина юьртарчу зIенан декъехь (почтехь). Цул тIаьхьа дуккха хан яьллехь а, юьртарчу адамаша, селхана хилча санна, дагалоьцу цухенахьлера хIуманаш.

   Шен доьзалца Караганда-гIала вахана а яьккхина цо цхьа хан. Тахана Базуркаев кIоштан газетан корреспондент ву. Вайн мехкан исторех, хьуьнаршца сий-лараме кхаьчначу адамех, и.дI.кх. теманашна язйо цо шен чулацаме материалаш.

   Шен цхьана статья тIехь цо иштта яздинера: «Вайн хIора берах доглозу сан. Лаьа вайн юкъараллехь царах хIорамма шена хьокъалла йолу меттиг дIалоцийла. Вай иштта а кIезиг ма ду. Вай дерриг хIораннах жоьпалле долуш, хIора а массеран ойлаеш волуш хила дезара. Иза иштта хила дезар кху тIаьхьарчу шина тIамо гайтина вайна…»

   Меттигерчу шина ишколан дешархошца, хьехархошца доккха гергарло ду цуьнан. Сайд-Эми вогIуш вайча, цунна дуьхьалдовду юьртара бераш, маралелха, хьал-де хотту, вовшашка шайн генара, гергара Iалашонаш юьйцу цара.

   «Со ишколе веъча, бераш маралоьлху суна, сан могашаллех дерг хетта
буьйлало уьш. И бахьанехь дагна там хуьлу сан. Аса лелошдерг царна оьшуш хIума хир ду-кх тIаккха, олий хетало суна…» - олу Базуркаев Сайд-Эмис.


   Iаларойн-Эвларчу №2 йолчу ишколехь цуо вовшахтоьхна «ИбрахIим» цIе йолу юкъараллин спортивни клуб. Оцу дIадолорх лаьцна Базуркаевс боху:
«Къанойн кхеташонан декъашхо хиларе терра, сан дукха къамелаш хуьлу юьртарчу шина ишколан дешархошца. Кху тIаьхьарчу хиламаша церан синош заьIап дина хиларан тоьшаллаш гучудевлира суна. И бахьанехь дара «ИбрахIим» клуб кхолла сацам бар а. Дала мукъалахь, Делан Шен дуьхьа, оцу берийн гIуллакхе хьожур ву со. Кхечу кепара хуьлийла а дац, суна ялсамане еза…»

   Цунна шена хаало, го юьртара (юьртара боцу а) шайн цхьацца лазамаш болу нах. Делан дуьхьа олий, ишттачу нехан гIуллакхана араволий, орца дохуш лела иза. Дуккха нахана аьтто хуьлу цуо накъосталла дар бахьанехь.

   Базуркаев Сайд-Эмих лаьцна  наха олучуьнга ладугIуш, тхо хилира Курчалойн-Эвлахь, Iаларойн-Эвлахь, Гуьмсехь. Лиира, вайн публикацин коьртачу турпалхочун сурт цунах лаьцна наха дечу тоьшаллашца, цуьнан шен философски ойланаш а йовзуьйтуш хIотто.

   Юьртара №1 йолчу юккъерчу ишколан директора Хамидов Хьамзата иштта яздо шайн дикчу гIоьнчина шаьш хIоттийначу характеристики тIехь:

   «Базуркаев Сайд-Эми тхан юьртахь жимачунна, воккхачунна вевзаш волуш, догдика стаг ву. ХIуманна чIогIа саготта ву, юьртара бераш кхетош-кхиорехь бечу балха юкъа шен Iаламат доккха дакъа дуьллу цуо. Юьртан, кIоштан барамехь дукха къийсадаларш вовшахтуху цуо шашканашкахула, шахматашкахула, футболехула, охьатохархлатарехула.

   Тоьллачарна совгIаташ эцийта спонсорш а карабо цунна. Цхьацца бахьанашна дешарехь, кхетош-кхиорехь тIаьхьадисинчу тхан дешархошца болх вовшахтоха хан а карайо цунна. Хьехархочунна цадалург а дало Базуркаевна ишттачу берашца. Хила ма-везза патриот ву иза…»
 
   Оцу тайппана тоьшалла хезира тхуна №2 йолчу ишколан куьйгалхочуьнгара Исмаилов Iайндигара а:

   «Сайд-Эми, шен хене хьаьжна воцуш, мало йоцуш, чIогIа пайден стаг ву тхан юьртахь. Цуьнан ойла тIе ца йоьдуш, шена цуо сингаттам ца латтош цхьа гIуллакх дац кхузахь. Нохчийн гIиллакхийн, ламастийн бухехь дIахьо цуо тхан берашца болх. Оцу тIехь дика гIо хуьлу цуьнан дахаран зеделлачух. Тхан берех, церан хьехархойх лоций кIоштан «Машар» газете яздо цуо сих-сиха. Тхан ишколан дика накъост ву иза…»

   Шайн куьйгалхочо аьлларг тIедуьзира оццу ишколехь географин Iилма хьоьхуш волчу Чакаев Сайд-Эмис:

   «ЧIогIа цIена, нийса болх барца кху юьртана а бIаьрга тIе ваьлла, лерина къахьийгира сан цIерхочо юьртарчу почтехь ша волуш. Шена юхайогIу кепекаш схьа а ца оьцуш чувеанарг дIавахнехь, иза вухаваллалц латтайора уьш; нехан хьакъ шегахь дуьтур долуш вацара иза. Бераш шена тIедерзо хаьа цунна. Уьш ийманехь, гIиллакх-оьздангаллехь нислур бацара те бохуш, шен пенси тIера а харж еш, таро йолу нах гIо дан а кхойкхуш, дикчу гIуллакхашна юкъ йихкина лелаш ву иза. ХIора юьртахь хила везара и тайпа стаг…»

   «Дагар а ца деш ахча дахьийта мегар ду Сайд-Эми волчу почте, сов дерг галдер дац, цуо юхадоуьйтур ду, олура тхан дас, - дуьйцу юьртарчу туьканан йохкархочо Хизриева Мархас. – Ишколерчу дешархошна цхьаъ эца ша веъча, блокнота тIе массо хIума дIаяздеш, дукха лерина лела иза. Цуо чот тоьхнехь, оха хьесапаш, талламаш бан оьшуш доций хаьа тхуна. Iаламат дика хета тхуна иза иштта берийн дуьхьа лелаш.

   Вайн гIиллакхаш, истори йиц ца ялийта гIерташ къахьоьгуш схьавогIу иза. Цхьа а шеца совнах хIума доцуш, ша беш болу болх нахана гахьара аьлла ца беш, дика адам ду иза. Вайх хIора иштта хIуманна сапаргIат воцуш велахьара, дика хир дара. Тхуна, бакъду, мах хаьа цуьнан...»

   Шайн юьртахочух лаьцна башха чулацаме, дика тоьшаллаш дира Iаларойн-Эвларчу бахархоша Медаев Мовсара, Жамуханов Iабдул-ВахIаба, Абдулханов Хьамида, Висаев Iаладис, Аласиев Дорцус, Саидов МехIдис, Косумов Мохьмада, Альвиева Асетас.

   Цара дуьйцура, жима волуш дуьйна шен дикалла дIакхоьхьуш, нийсо езаш, хьарам хIума ца дезаш, цхьа а шеца вон хIума доцуш, тешаме стаг иза хиларх лаьцна. Иза воцчо кхечо атта дийр доцуш, дIадахьа хьуьнар кхочур доцуш дуккха цуьнан дика хIуманаш дагардора юьртахоша. Оцу цуьнан дикачу хIуманийн чаккхе ян а яц аьлла хеталора ладоьгIучу тхуна.
 
   Аласиев Дорцус а, цуьнан лулахочо Саидов МехIдис а кху тайпана дешнаш элира:

    «Сайд-Эмин дай хилла дика нах. Цуьнан да Махьмуд вара кху Iаларойн-Эвлахь йоза-дешар даржош къахьегна. Нехан шегахь тешам болуш стаг ву Сайд-Эми. Кху юьртара паччахьан заманахь (хIинцачул 100 шо сов хьалха) ХьаьжцIа ваханчу 40 сов стагах лаьцна хаамаш гулбина цо, вайн дуккха ярташкахула некъаш деш.

   ХIокху Нохчийчохь галдаьлла хIума делахь, иза шен галдаьлла моьттуш, диканиг а - дерриге шен хеташ, дерригенах доглозуш стаг ву  иза. Шена тIе цхьаммо гIуллакх деача, иза дан хьожу иза, мало ца еш ара а волий.
Халкъан бахам ларало иштта нах. Сайд-Эмих лаьцна мел диканиг яздан хьанал ду-кх шуна...»

   Шен дош долуш, иза дIаала озалур воцуш стаг Сайд-Эми хилар гучуделира Iаларойн-Эвла тIеман бохамах ларъечохь. Цунах лаьцна шакъаьстина дийца мегар дара.

   Косумов Мохьмада далийра кху тайпана масал а. Тохара Базуркаевс почтехь болх бечу хенахь, Шеларчу кхеран куьйгалло тишъелла мебель яийтина хиллера юьртарчу почтина, кехаташна тIехь иза цIена йолуш санна а язйина. «Аллерой – не музей», - аьлла тIе а яздина, мебель юхаяхьийтина хилла Сайд-Эмис.

   Шатайпа боккха болх бу Базуркаевс зорбанехь бийриг. «Машар» цIе йолчу Курчалойн кIоштан газетан коллективо, газетдешархоша цуьнан сий-ларам беш хиларан тоьшаллаш кIезиг ца гира тхуна. Газетан коьртачу редактора, яздархочо Кацаев Сайд-Хьасана тхан шеца хиллачу къамелехь элира:

   «Наггахь хуьлуш хIума дац: лакхара дешар дешна волчу говзанчо редакце яийтина материал а тIехь дуккха болх бан безаш хуьлу. Базуркаевн йозанаш тодан ца дезаш, ша материалана елла цIе говза схьаяьстина йолуш, мотт хаза болуш, еша догдогIуш хуьлу.

   Цо башха, ша саннарг вайн цкъа а хилла йоцу, киншка язйина юьртара хьалхалерчу хьаьжойх лаьцна Цуьнан публикацийн коьрта теманаш ю берийн дахар, интеллигенцин гIуллакхаш, истори, вайн дахарера кхачамбацарш, ткъа иштта ша доладечу берийн спортивни хьуьнарш. Вайн махкарчу хIора юьртахь цхьацца Сайд-Эми велахьара, вайн республика кхин хир яра...»

   Тхан шеца хиллачу къамелехь Базуркаевс къаьсттина дукха дийцира юьртарчу ишколийн хьалхарчу классийн дешархошца шен долчу дезчу гергарлонах лаьцна. Царна массарна совгIатна коьрта тахка йовлакхаш далар ламасталле доьрзуш ду Сайд-Эмис бечу балха тIехь.

    «Зударийн йовлакх» цIе йолчу шен публикаци тIехь цо яздинера: «БIешерашкахь нохчийн юкъараллехь даьхна долу гIиллакхаш дохо йиш, бакъо яц вайн. Уьш лардан, кхион деза вай. Мел товш бу вайн юкъараллехь майра, бозуш боцу божарий, оьзда зударий. ГIиллакх лар ца дича, вайн барт хир бац, дика дехар а дац вай, Дела реза а хир вац вайна...»

   Тахана Гуьмсехь вехачу, цIера Цоцин-Эвлара волчу жимчу стага-заьIапхочо Муслимов МехIдис дуьйцу: «Еххачу хенахь лоьрашна билгалъяккхалуш йоцу цамгар токхуш волчу суна орцахвелира Сайд-Эми. Больнице вижийра, ткъа иштта аса цхьа а харж ца еш, ВТЭКах чекхвала аьтто бира. ХIинца суна пенси хIоттийна. Дела реза хуьлда Сайд-Эмина!»

   ... Эхартана цхьана а кепара бина кечам а бацара цуьнан аьлла нахана хеташ, дIавоьду цхьаверг кху дахарера. Кхиверг къанвелча волало кечамбан. Сайд-Эми (Дала могаш-маьрша вайна иза дуккха вахавойла) ша дуьнентIе ваьлчахьана дуьйна кечамбечех ву. Дала йоле-меле дуьллийла цо мел дийриг!


2009 шо.


Рецензии
Март беттан 25-чу дийнахь бакъдуьнена вирзи БАЗУРКАЕВ МАХЬМУДАН САЙД-ЭМИ! Дала гечдойла Сайд-Эмина, ялсаманин ох1ланах войла иза! Дала ийман, собар лойла халахетаран дакъа мел кхаьчначунна!

Базуркаевс дитина х1ара мог1анаш:

Дала сайна дуьне делча,
Берриг бахам цхьаьна болуш,
Дуьненан сайх паччахь вича,
Дерриг адам муьт1ахь дина –
Г1айг1ане со хир ма вара,
Боккха бала кийрахь болуш,
Кхоьрур вара галваларна а,
Нийсонах со д1акарчарна.

Дуьне лоьхуш со ца лелла,
Бахамо со ца 1ехийна,
Хьо цхьаъ хилар дагчохь долуш,
Г1ийла дуьне текхна аса.
Ца хууш сайх х1ун дер Ахьа,
Ву со кхоьруш дуьхьалх1отта,
Къинхетаме ас сатуьйсу,
Диканаш сан к1езиг ма ду.

Хийла г1ело соьга кхечи,
Йоьхна киртиг т1е ма х1оьтти,
Хьоьгара уьш ас ларарна,
Г1айг1а йоцуш чекх ма вийли.
Цхьа а х1ума соьгара дац,
Массо х1ума Хьоьгара ду,
Цахууриг ца кхеташ ву,
Кхетар ву и – т1аьхьа хир ду.

Къематан де генахь ма дац,
Далла дуьхьал х1итта деза,
Делан кхиэлах девриг ма дац,
Нийсо цигахь лелар ма ю.
Йисина хан к1езиг ма ю,
Кхача волу суьде со Хьан,
Къинхетам бар доьху Хьоьга,
Бехке ца веш т1еэцахьа.

Фирдовс ю сан даго йоьхург,
Реза ву Ахь еллачунна.

Асламбек Гайтукаев   05.04.2021 05:52     Заявить о нарушении