Керла коч

      Керла коч

Хи йисттехь, церг- цергех а йетталуш, милла  эгош 1ара кхо-диъ  шо сов хан бен йоцу жима Хеда. Цуьнан балдаш лилула  сенделлера. Ткъа боккха сийна ши б1аьрг цхьа цеце хьоьжура  гонд1арчу 1аламе а, йуха - булкъдеш, ловзучу хин тулг1енашка  а.
Маьхьарий хезара Шалаж-хи чуьра схьа, цхьаццамо вовшашна  хи буха те1ош а, вовшийн д1атоьттуш, берда т1ера чукхийссалуш  йоккха  г1овг1а  эккхийтина ловзуш- луьйчуш дара бераш. Царна  цхьаьнна а ца  девзара Хедигара сингаттаме хьал…
Сих-сихха доккха са доккхура Хедас, цуьнун  жимачу кийрахь боккха бала бара: хие коч охьа  йаьхьнера цуьнан. Хедас  дукха   бердан йисте йиллинчух тера дара  иза, мел кхуо лехарх коч ца карийра. Оцу йаьхьначу  кучал доккха дара  кхуьнан жимчу  даго оьхьу  ц1а  кхаьчча  хиндерг. «Х1инца  ц1а  яхча  нанас  дов дийр ма ду. Х1ун эр ду ас Нанига?» И дага а дог1ий йуха а «хинк» олий  йелхаран  къурд а бой, лахара балда озадора Хедас. Йуха хин йистте дикка д1ахьожура… «Коч хино схьа ца тесна те? Аса берда йистте охьа ма йиллинера  и коч,  луьйчуш йолуш»,-ойлайича  и дика дагадог1ура Хедина, амма  коч йахана-йаьлла  меттиг бацара, йа схьагарехь, кхуьнан кучаца а, ур-аттал кхуьнца  а бала болуш берех цхьа а вацара, шайн ц1ог1анца лийчар бен.
Кхин цкъа а хорам а хилла дикка  йилхира йо1. Ша кхин хи т1е ца йаийтарна а кхоьрура нанас.Ткъа цунна  ч1ог1а  дукха дезара  х1ара доьду хи.
Даггец бен ца дог1у  Шалаж 1аламат к1орга хи  хетара цунна. Хин т1улгаш гуччехь бен ца х1уттура и лийча. Самукъадолуш 1ийнера х1ара хи чохь, х1ара луьйчучу сохьтана кхунна гена йоцуш 1иллина коч къайла ца йаьллехьара. Цу балхо ч1ог1а догдохийнера йоь1ан. ..
Аьхкенан мур къаьсттина  хьоме  бара Хедина,  массо а берашна санна. Арахь а, хин йисттехь а д1айоьдура дукхаха долчу  йуьртарчу  берийн  хан.
Денна уьдуш лелара. Гайнаш лаза довллалц, хьаьрса хьочан х1инца а хилаза долчу стоьмийн  симаш дуий, йуха нене  дехарш а дой  воккхаха  волу  ваша, йа йиша  хьалха  а доккхий  хи т1е  боьлхура…
Воккхаха  волу ваша  вара тахана Хедица. Иза а  вацара  ши  шо бен  кхул воккха,  амма иза  йишин воккха 1у вара .Шеца Эду хилчахьана  дерриге  а дуьне  шеца  ду  моьтту  йо1ана: мичхьа а йаха йаьхьара Хеда Эду хилча, йа луларчу Маликатин к1етахула йала а ца кхералора, церан  даим а з1енаца дихкина д1асауьдуш летачу ж1аьлех а ца къехкара.
 Тахана-м Эду Хеда гучохь вацара. Йиша  хи чуьра  хьала а йаьккхина, лехча цуьнан коч ца карийна, шен аьрхачу  ойланашца вахана хи чу а иккхина  айми бухахь къайлавелира. Х1инций-х1инца чуьра хьала волу ша  олий сих-сихха  йиша  йолчу аг1ор б1аьрг а кхарстош, мохь беттара цуо: «Дай-наний ма лойла, йиший-ваший ма лойла, кхузза чу  кхетта, кхузза кад мелла  хьала волу вай со-м»…
Хьалавалар-м аьттехь  а дацара. Арахь кхетта бовха малх, даггара ловзуш, пхидарчий санна хи чу кхиссало бераш,т1аьхь-т1аьхьа туолуш, дохлуш дог1у хи – и шадерг дара Эду  хи чуьра схьа ца хоьцуш, сецош.
    Ткъа  Хеда-м г1ийла 1аш йара, лаьтта б1аьра а йог1аелла, ши б1аьрг а ц1ийбина… Ц1еххьана ша 1аччу аг1орхьа  цхьаммо  мохь тухуш санна  хийтира, д1ахьаьжча, йоь1ан б1аьрг кхийтира т1ай т1ехула сехьа йолучу  шен Ненаненах Алах. Араш йара цуьнан ц1е, амма йоь1ан бераша, ц1е кхобуш, хьостуш, Ала  олура. Алал  хьоме х1ума дацара Хедина  кху доккхачу  дуьненахь. Цуьнца доьзна дара кхуьнан к1еззигчу дахарехь мел долу токхениг, самукъанениг…
     Хедина хала долчу муьрехь, туьйранахь санна, схьакхочура  иза даим а. Даим а буьззина т1оьрмиг хуьлура Алагахь. Цу т1оьрмиг чуьра  уггаре  а хьалха  схьайоккхий цуо кховдош хилла йолу марзолгаш йара хурманаш, якъийна Маккара  хурманаш. Уьш Алас Москвара кхоьхьура, шен ваша волчуьра ша ц1а йог1уш. Цхьацца тайнигаш а, дуккха-дукха хаза т1ейуху, цхьанне  а йоцу хаза бедарш а йахьара  Хедарна.
    Цхьа кегийра суьлхьанаш а хуьлура Алан буйнахь даим а хьийзош.
Шатайпа хаза хьожа, Алайх бен ца йог1у  хьоме  хьожа  а йетталора цунах схьа…
    Декъаза кхоллам болуш йо1  хиллера  Араш, цуьнан нана Банажа и, бер  долуш  кхелхинера, ткъа дас, паччахьан заманахь совдегар хилла волчу Сулиман Султамурда, йо1 леррина лелайора. Араш ондда йаьлча  бен  зуда а  ца йалийнера цуо, ткъа  десте  мел диканиг а Нене ца кхочу-кх...Кхин дийца а ца оьшу кхузахь...
   Нана  йоцуш, нанас дина кхин  х1ума  доцуш г1ийла леллачу Арашан    цхьаъ бен йоцу йо1 йара К-эвлахь, Хедин нана. Ткъа  цхьаъ бен воцу к1ант цуьнан эскаре ваханчохь  кхелхинера, къайлахчу эскаршкахь г1уллакхдеш (Арашана хаьа а ца хаийтинера и къайле т1аьхьуо бен).
  Москвахь вехаш Арашан санна декъаза кхоллам болуш, т1ера жимчохь Нана йелла висина вара Дешериев Юнус, меттан 1илманча. И дика накъост вара Арашан, шен йишин санна  терго йора цуо Алан. И волчу а йоьдий Москвара цхьацца  кега-мерса х1уманаш –сабанаш, духеш дахьий , уьш д1а  а  духкий, шен   йо1ана, Хедина нанна Джаннатна, г1о дора …
 Гергара нах дукха бацара Арашан К –эвлахь, хи йистера дешича  Себихьат йоцург. Цкъа а невцан  баьрчехь  буьйса  йаьккхина  йацара шен мел йаха-йан меттиг цахиларх.Синдекъаза адам дара…
   Хедина и шадерг х1ета ца хаьара… И ца кхетара и шена уггаре  а дукха дезаш долу адам  шена к1еззиг х1унда го. Эхь-бехко къуьйлуш, к1еззиг йог1ура и невцан х1усаме. Йеъча а буьйса-де ца доккхуш, ша йеанарг охьайуьллий, берийн берех б1аьрг тухий, к1еззиг марзо оьций,уьш хьостий сихха д1айоьдура…
  Х1инца тахана  а йара Ала Хедина орцах кхаьчначу санна йог1уш. Геннара йевзинера цунна берда йисттехь, йог1аелла, гуьйриг санна, 1аш йолу шен жима  йоь1ан йо1.
«Хьайн Ба йала хьан, хьо ма цхьалха йу, Хеда, хьо хьаьнца йу?»-олуш т1ейолаелира иза йо1ана .Тамашийна ойла хьере хилла, ша йолчуьра хьалаиккхина, даггара маракхийтира Хеда. Довха барташ дохура Алас Хедина. Хи чуьра секха1одара ваьлча санна, сихачу боларца схьаведира Эду  а. Алас хьоьстура шен хьоме  йоь1ан бераш. Хедин коч йаьхьний хиира цунна. Меллаша  шен т1оьрмиг схьа  а баьсттина, х1умнаш кего х1оьттира, т1ехулара тайнигаш бен х1ума ца гора йо1ана, ткъа Алас катоьххина  бухара схьаяьккхира  инзаре  хаза  бойнех йуьйцина  коч. Сирла сийна дарин бухара чкъор а долуш, т1ехула  к1айчу  бойн дакъа а дохуьйтуш башха тегарца йина йара керла коч.Уггаре  а Хедина тайнарг -галстук  тайпа  хьалха дакъа дара цу кучан.
Леррина  т1ейуьйхира  коч Алас  Хедина, йуха цуьнан  ховха куьг а лаьцна  урамехула ц1ехьа йолаелира. Сехьа ваьлла вог1ура, маьхьарца къамелаш деш, Хедел а к1еззиг воккхавеш воцу Эду а. Шен буйнашкахь цуо къуьйлура  Алан совг1ат- машен. Х1ара дерриге а 1алам а,  дуьне  а шен  дуьхьа  кхоьллича санна йелаелла, йекхаелла йог1ура жима Хеда Сих-сиха охьахьожура и шен духаре, йуха гонаха б1аьрг тухура. Т1ех мел вериг а шен куче хьоьжуш хетара йо1ана.
Доккхадераца ирссе детталора  йоь1ан кийрара  дог.


Рецензии