Хасанова Мадина, член клуба Даймохк

Хасанова Мадина Мусаевна
йина 1алхан-Калахь 1998 шарахь,
доьшуш ю хьехархойн колледжехь,
байташ язъян йолаелла 11 шо долуш.
   

      Нохчийн мотт
       
Нохчийн мотт даггара хьо беза суна,
 Хьо лоруш, хьо буьйцуш дозалла до.
Дас-нанас бераллехь 1амийна тхуна,
Хьан аьзнаш схьахезча дог дела ло.

Нохчийн мотт мел беза хетта хьо сунна,
 Хьан маттахь дуьххьара аьлла ас дош,
Дуьххьара байташ а лерина хьуна.
Хьо цкъа а биц бир бац,зама ю теш.

Нохчийн мотт, хьоьца ду сан елар, елхар,
Хьоьца ду сан г1иллакх, иман-бехк,эхь.
 Хьо кхиор, хьо хестор хета сайн декхар,
 И декхар ду х1ора нохчочун т1ехь.
 
Хьо сийсаз беш вериг ву къоман мостаг1,
 Хьо лоруш воцуриг ма сийлахь вац.
Хиларх а дуккхачу меттанийн доттаг1,
Шен мотт ца хуург ирсе хир вац!
                (ХаСаНоВа МаДиНа)


Рецензии