Джапаева Йисима, член клуба Даймохк
гуманитарни технически техникумехь.
Сан Гилна
Сан хьоме, дай баьхна Гилна!
Хийла ахь кьизалла лайна,
Х1ун диси те хьуна газа?
Мостаг1чо хийла йи лаза!
Делахь а ца юьйжи гуора,
Мел хиларх хьайн синна
хуорам.
Г1евттира 1енадеш ц1ий,
Кьонахий айдеш хьан сий.
Маьршачу хьан лаьттан ирс ,
Лехар сан 1алашо хир.
Еза хьо дай баьхна юрт,
Дагчохь ду хьан куьце сурт.
Самукьне шовданийн лер,
Цкьа а дац дагара дер.
Дедайша д1акхехьна некъ,
Оха ма боккхур бу чекх!
Дай баьхна сан маьрша Гилна,
Беркате хьо даим хилла!
Сайн дог ас хьуна д1адилли,
Хьо лоруш язди сайн илли!
Джапаева Йисима
Свидетельство о публикации №217070902083