Дажаев Эскерхан Даймохк клубан декъашхо
Веденский район ,юрт Тевзана,9-чу классан дешархо,
«Даймохк» клубан декъашхо
Нохчийн мотт
Дахаран хазна ю нохчийн мотт тахна,
Лакхене г1улчашка г1ирс иза бу,
Буьссур бац ненан мотт шен некьах боьхна.
И кхио яхь йолуш к1ентий мел бу,
Мотт бацахь – кьам а дац,долуш ду кица
Цундела и лело вай декхар ду.
Йиш яц вайн ненан мотт цхьаьнца а хийца,
Иза вайн кьоман хазалла яй.
1илмано некь гойту вайн Даймохк ларбан.
Муьлхха мотт Делере цхьа ни1мат ду,
Х1ора а декхар ву шен меттан сийдан,
1алаш беш мотт кхиор оьздалла ю !
Даймохк вай ларбийр бу ,ларбийр бу мотт,
Х1ораннийн даггара ч1аг1о ю и,
Йист йоцу х1орд санна хилла и шортта
И хилла вай мехкан хьалхара сий.
Кьоман юьхь вай дайша маттаца лийрина,
Йозанца яйьина бодане дохк.
Мотт вай кхиор Дайн весет лийрина,
1илманца кьагор бу и сийлахь мохк!
Сан хьоме Нана
Мерза мутт санна, дош мерза долуш,
Маьлхан йовхо санна, куьг довха долуш,
Ц1ена шовда санна, дог ц1ена долуш ,
Массарел хьомениг сан нана ю.
Бода болчохь серло ю
Шело йолчохь йовхо ю.
Цунна уллохь марзо ю.
И сан хьоме нана ю.
Нана ца езаш верг кьонах ма вац,
Цуьнца барт боцуш верг стаг ванне вац,
Ас Далла хастам бо и суна яларна,
И сайца йитарна «АЛЬХЬАМДУЛИЛАХ1"!
Свидетельство о публикации №217070902093