Хеда Ахмадова, член клуба Даймохк

Курчалоевский район,Майртуп
Чекхъяьккхина Майртуьпара  №3 йолу школа.
«Даймохк» клубан декъашхо.


    Бераллин чам
1уьйренца г1аьттина бешахьа яьлча ,
Схьа хеза цхьа зевне,самукъне йиш,
Баьццарчу бацалахь Пет1амат даьлча,
Хаало кхаьчнарг буй б1аьстенан мур .

Бас-йистехь чу хьажча гуш а ду шовда,
Гонаха дитташ а шайн шабарш деш ,
Маьлханчу з1аьнарша бо бовха кхачам,
Кхин ч1ог1а ойуш дог ,реза а еш .

Карарчу тайниго бералле кхойкху,
Б1аргаш чохь хоьттина жималлийн сурт,
Сирлачу туьйрано ,ойланаш йойту ,
Мерза сан бералле жималлийн бух.

Цхьанне а ца моьтту къаналле г1ойла ,
И ойла цхьанне а накъостех яц ,
Бералла, хазалла,жималла гойла ,
Массеран дегнаш чохь ,и ян йиш яц!!!!

Ларъелаш бералла , и ярна кхоьруш !!!
Дуьненчохь цкъа бен и вайна луш яц .
Доггаха сий а деш ,доггаха лоьруш,
Хестаеш лелоран барам а бац!!!
--


Рецензии