Мунаев Ильяс, Даймохк клубан декъашхо
технически техкникумехь
НЕНАН МОТТ
Даго боруш, матто огуш...
Ма чахчабе ненан мотт..
Синпха бекош, и бекарна...
Хастам бе аш, ойъуш куьг...
Дарба ду и, къизчу чевнийн..
Шардеш нисдан дилхан дог
Синтем бу и сирчу динан..
Берг ловзаеш, ларба хоъ...
Маршо ю и, лаьмнийн, хьаннийн..
Мукъам бекош, етта чкъуг..
Барзакъ ду и, хьо шелвелча..
Вохвеш лаца ирсан мукъ...
Х1оллам бу и, вайн Даймехкан..
Де эшначохь лато чиркх..
Седа бу и, буьйса хазйо..
Детех къагош сирла сурт..
Дог1а ду и, серсаш дог1у..
Дуьне ц1андеш, етташ йорт..
Бахам бу и ирсе кхачо..
Вайн Даймахкахь, йоккхуш г1улч..
Ховха мотт и, дегнаш ц1андо..
Дожош денна бецан тхи..
Ненан мотт вайн кхуьуш бог1у...
Декъал хуьлда Нохчийн къам!!!
Свидетельство о публикации №217070902144