Эскиева Асет, Даймохк клубан декъашхо
студентка ЧГУ, филологический факультет
Йоккхае со, ирсе адамаш гича
Царна юккъехь хилча даим барт.
Кхиверг лара цхьаверг кийча хилча,
Суна тов и, цунах язйо байт.
Адамашка кхача лууш ирс,
Кийча ю со орцах яла царна,
Ирс дахарехь декъа хилча йиш
Ас саг1ийна лур дара массарна.
Амал хуьйцу хенан йохалло,
Амма сан дог хийца ца ло цкъа а.
Марзо шеца йолуш деттало,
Массарна а лууш ирс д1акхача
Гена-гена ойланаш д1ауьду,
Делахь адамашца дуьсу са.
Дика мел дерг царна хила лууш,
Самукъне уьш хилар ирс ду сан.
*** *** *** ***
Мерзачу дахарехь вай цхьана дехаш
Дага ца дог1ура къаьстар ду вай
Цу къаьхьчу суьйранна вайн дахар хедаш
Делан кхел хилира. Хьо а д1аяй.
Дог морцуш ца йоьрзу дера чов хила
Йоьлхура хьоь кхойкхуш схьайоьхуш хьо
Къахьегна ма барра хьан когаш хийла
Къилбехьа берзийча кхийтира со
Т1аьххьара йилхира со маракъовлуш
Мерзачу дешнашца хьаьстира со
Ца оьшург ас дича хьо реза йоцуш
Со чехош цкъа а хезна яц хьо
Хьан х1усме хьоьжу со и еса лаьтта
Б1аьрхиш сан 1енаш ду сеца ца ло
Хьо х1инца а чохь йолуш санна ма хета
Чу яхча мел лехарх кара-м ца йо
Бала а лаьттар бу 1ийжар бу кийра
Эсала хьан елар дицлур ма дац
Самукъадалар а ду суна хийра
Дог доьлху кхин юха хьо йог1ур яц
*** *** ***
Юьртара чиркхаш а дайна
Бодано сан дуьне кхолий
Меллаша цхьа парг1ат тийна
Сан коре лайн чимаш дуьйшу
Геналле со шайца йоьху
Ойланаш са бале лаьцна
Сингаттам бу йогу ц1ергахь
Алунехь хьо дуьхьалтуьйсу
Вай къаьсти бахьана доцуш
Вовшашна ца хилла доьг1на
Безаман уьйраш а хедош
Дуьйлу вай вовшашна гена
Ткъ муха? Ас муха къийла?
Дерриг и готтачу кийрахь
Къастаран къахьалла мийла
Хьожур ю хьо ирсе гайта
Шелоно некъаш т1е санна
Ша хьаьхна ахь безам суна
Еха со хьан 1индаг1 хилла
Даим а еш цунах ойла
Юьртара чиркхаш а дайна
Бодано сан дуьне кхолий
Вистхуьлуш хьан аз тарделла
Лаьтта сом г1орийну лай т1ехь
31.12.15
Свидетельство о публикации №217070902182