Халикова Мадина, Даймохк клубан декъашхо

Яьккхина Нохчийн пачхьалкхан университет,
хьехархочун болх беш ю  "Нохчийн Энергетикан техникумехь".



Къонаха Дада

Дуьххьара ког боккхуш,хьоьгахьа ихна,
Бераллин хаза хан.г1ан хилла,яйна.
Амма хьох тешамца лакхене эхна,
Дахаран халонаш ахь тхоьца лайна.

Адаман сий.ларам,къинхетам.безам...
Дахаран лакхенаш йовзуьйтуш тхуна,
Хьоьца со 1емина адамаш деза,
Даггара баркалла,тхан дада,хьуна.

Доьзалан дай хилла д1ах1уьттуш х1инца.
Адамийн хьоь болчу ларамех кхетта-
Хьан хаза г1иллакхаш,хилларш вайн ц1ийца,
Дада,хьан дика ц1е,тхан лакхе хетта!

Адмашла ву ала куралла йоккхуш,
Массо а диканийн масалла хилла.
Дада, ахь дахаре тхуна некъ боккхуш,
Кхетта тхо,тхан да,хьо Къонаха хиллий!


Хьан дика ц1е ларъян хир бу тхан кхетам,
Эзарнаш шерашкахь вахалахь,Дада!
Тхо кегий долуш,ахь тхох бина къинхетам,
Везачу цу Дала бойла хьоьх,Дада!


Рецензии