Цхьа де т1екхаччалц забаре дийцар

Закрис.Закрина.Закрига...
  Х1окху  т1аьхьарчу  шерашкахь  ма -леггало  лего  яьккхинера  Беркат-юьртарчу Закрин ц1е,   40  шаре  волуш  х1ара  ву  я  вац  а  ца  хиинчу  гергара а  ,гергара  мел  воцчуо  а.
   Юьхьанца боккъал а оцу шеца  гергарло ч1аг1деллачу наха х1ун леладо ца кхетара Закри,и тешара церан догц1еналлех.
 Ткъа ма-дарра дийцича,цуьнан  ц1е  мехалла  яларан  а,  иза  дагаваран  бахьанаш дуккха а дара…
  Закри жимчохь дуьйна вара шайн юьртахь лоруш а,майра ву аьлла ц1е яхана к1ант а.Нанна  а вара  и  доьзалехь къаьсттина везаш,къинхетаме дог-ойла хиларна.
  Ткъа  оцу арара мичара бевлла ца хуу гергара нах дукха вовшех кхетаран бахьана кхин дара:дагахь а доцуш  лаккхарчу  дарже балха х1оттийра Закри цуьнан доьналла,къонахалла  евзаш волчу  г1аларчу  Хьаькамо.
  Шорбелира Закрин  гуо,алсамбелира  кхеран ц1ен т1ебог1у  мог1а:де-буьйса дацара Беркат-юьрта схьататта деллачу  адамийн г1еранан. Закрин дахаран  1ойла-м  гатделлера.
Дийнахь  а  ,буса  а  схьаоьхура  цхьацца  г1уллакхаш  т1екхоьхьуш  кхеран  бу  боху  а  ца  хезна  гергара  нах ,к1а т1е марзделла даьхни санна.
  Царна  бахка  бахьанаш  а  карадора  шортта: кхуьнан  нене,вежаршка,йижаршка хьовса бахкарал сов   , стуннене стунвежаршкара,стунйижаршкара хьал а довзу лууш схьаоьхура,цкъа-цкъа кхуьнан ж1аьлех,говрех,бекъех долу хьал довза лууш а хуьлура,шаьш кхунна товриг муха дийр ду ца хууш.
  Схьакхаьчна парг1атбевллачул т1аьхьа  хьахайора  цхьацца  шайн берашна еза   белхан  меттиг,шайн ц1енош дан т1е ца тоьу г1ирсаш,зуда яло,йо1 маре яхийта йоцу таро а,масане-масане дара уьш,дуьйцу а ца хезнарш. 
  Юьхьанца цара лелорг боккъала а гергарло ду –кх аьлла хеташ волчу Закрина шен ницкъ мел кхочург дора,массеран а санна аьтто бора  т1евеанчуьнан,  амма бакъду  эххар  а  шен  са  марздича    к1орда-м  динера  1ер-вахар  а  доцуш  хьадал –вадал  а  хилла  лела .Цуьнан  шен  а  ма  бара  доьзал  а ,  чоьхьара  гергарнаш  а. Х1етте  а  яхь д1а ца яла г1ерташ д1алора юхалург олий я вуьшта саг1ина шегахь долу т1аьххьара шай  а.
Х1окху цхьана-шина шарахь Закрига орца ца доккхуш цхьа а ца висинера,шайга тохало ка туьйхира массара а.
  Закри къона-къанлуш цунна юйла  ца  хиина ,я цкъа  а кхуьнан ненаца бала хилла йоцу ненан шичан йо1 Жарг1а  д1айоьдуш а яцара кхаьргара дийнахь а,буса а ,нецех яьлча мегар яц ша а бохуш ,шайн х1ун т1ехь мел волчу стеган г1уллакхаш кхочушдина яьллера иза.
-Миска  Неца  я-1.  Мамин  т1аьххьара  безам  бу-кх  хьо,хьоь  б1аьрг  тоха  еъна-кх  со.Хьох къаьстича мегар яц со,бохуш ,шен х1иллане къамелаш а деш,шен мекара 1алашонаш кхочушйора Жарг1ас.Хаьара нанас аьлларг к1анта кхин а дика дийр дуйла.
-Делахь  ма хьашт доцуш къа   хьоьгу  ахь,  сел  ч1ог1а  суна  т1екхача  г1ерташ , оццул  геннара соьга хьажа йог1у-кх хьо,-  _эр  дара  догц1енчу  Марзета.
  Марзет  ч1ог1а  дика  адам  дара  ша,  къинхетамах  дуьззина  дог  долуш, цунна  оцу  лахарчу  нехан  х1илланаш  а  ца  девзара.Цуо  хала  кхиийнера  шен  доьзал  ,хьалххе  т1ера  да  д1а  ваьлла  йисча.
   Цуьнан  барх1  доьзалхочох  уггаре  а  аьрха  лоруш  хилларг Закри  вара,иза а нахана  ваа санна везаш нисвелла йоккхайийна ца йолура Марзет..
  Моьттур  дара  хьал  ца  хуучунна Жарг1а  боккъал  а  ненан ненан йишин  сагатделла  лела, цуьнан х1илла ца девзачунна. Жимма 1ийна хан яьлча,шен коьрта  хаттарш доладора Жарг1ас: «Закри  мичахь  ву,  ц1ахь  вуй  и?»Делахь  х1ара  вайн  чуьра  йо1  яханарг  ма  вара  балха  д1атаса  везаш  .Неца,х1уммаъ  далур  дарий  техьа  цуьнга?»  Юха  шен  доцу  пенсе  а, цхьаццанхьа шега д1адоьху декхарш  а охьа чу далхадора,улле  а  хиъна  ладуг1ург  цуьнна къинна велххал…Жарг1ина уггаре а дика бевзинера Закрин дагт1е боьду некъ,иза ненехула бара.
  Сарахьо  чу  веъча  нанас  к1анте  д1ахьахадора  ,  ткъа  к1анта  шен  ницкъ  кхочурриг шадерг а дора   дора  ненан  дуьхьа.
  Жарг1а йоцург а, дукха  бара  уьш  ,ц1убдарш  санна  кхунна  т1елетта.И дуьйцуш санна  а дацара:г1аттар-вижар х1ун ду ца хаьара Закрина,х1ора йог1у 1уьйре цхьацца  керла хьаша ,керла дехар.Амма  и шадерг дара и цхьа де т1екхаччалц...
Мухха  а  делахь  а  шен  гергарчу,кхуо уггаре а т1еозийна лелийначуо ,  цхьаммо  питана  а  дина  балхара д1авалар нисделира Закрин.
 Тамашийна х1ума дара цулт1аьхьа хилларг:лахлуш,лахъелира  гергарчийн  тоба,  ткъа  т1аьххьаре  а  тап  аьлла  д1аяйра  иза.
  Закри  балхара  а  д1аваьккхича а,юха  иза  больнице  виллича  а  ур-аттал цуьнгахь муха хьал ду те олий а ца бохура  сила болу хилла гергара нах.
    Массо а дика д1атарвеллера кхунах бахьана а даьлла,амма х1инца х1ара вуйла а ца хаьара.
     Ткъа  гуттар чуьра яьлла хьийзина Жарг1а Закрин нана ,ша "Неца" олуш хилла йолу, д1аяьлча тезета  а ца еара,Закрина т1аьхьа-м муххале а ца еънера иза.Цунна бицбеллера Закрина  т1е боьду некъ а…

                2005


Рецензии