Лакхенан зов

Жимчохь дайча тIомадаьлла,
Лакхе гезйеш кема доьдуш,
Йолура карзах аьрха ойла,
Синтем бойуш, сагатлуш.

ХIетахь санна, стиглахь тахана,
Кема дахча, шен хьашт эцна,
Сийна лакхе дIавоьхуш со
ХIунда йекац даржош зов?!

Кема лардеш Iалац веха,
Дезарш лаьттахь сийсаш ду.
Ойла цIена латтош вахар
Йеза, сийлахь лакхе йу.

1990 шо


Рецензии