Шайхи Арсанукаев дагалоцуш
Со дукха жима яра тхан Дас, со книга буйна а йоьллина шена цхьаъ йоьшуш карайича, х1ара дешнаш далош ,сих-сиха карладохура цуо доьзалехь и дешнаш:
«Ладог1ал цкъа соьга ,хьекъале корта.
Ладог1а яккхий д1а лергара потт,
Йист йоцу х1орд санна бу хьуна шортта
Ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт»
Цуьнан автор мила ву а хаале генна хьалха евзира цуьнан «Ненан мотт» ц1е йолу стихотворени.Бераллехь дуьйна сих д1аийра и дешнаш.Со цхьаъ яц цу декъехь муьлхха а нохчочун и байташ гимн санна евзаш а ю, жима а 1илманца,литературийца гергарло долчунна х1етте а.
И байташ д1аяханчу оьмаран елахь а,х1инцца язйича санна керла , маь1не ю.Шен мотт ца ларбечо къам ца лардо,синоьздангалла ца ларйо. Нохчийн мотт х1етте а ша ларбан а,бийца хьакъ долчарех цхьаъ бу дукха генара хьан шен хьоста долуш (Урарту,Шумер).
Дуккхаммо а язйина ненан маттах байташ ,амма Шайхис санна дагах а кхеташ,цкъа д1аешча а иесехь а юьсуш байташ к1еззиг язйинера х1ета.
Х1инцачул а кхин тоделла дацара ненан меттан хьал Шайхис шен кхайкхам баржош.Мотт къен бу,цуьнан хьелаш ледара ду ,бохуш,и мотт д1атоььтучара д1а тоьттург шен къам ду,цуьнан 1адаташ ду.Иза маггане а мегарг цахиларх кхетадо вай вайн къоман яздархоша,поэташа.
Дийцича а тоьуш дац маттаца дерг,иза шен чуьра 1амо безаш бу,доьзалера схьа…Тахана юха а чолхечу интернетан муьрехь радион белхалочо Исраилова Яхас даим а билгал ма-даккхара «нохчийн мотт меран бер санна цхьанхьа соне д1атеттина лаьтташ бу».
Кхузахь юха а карла йолу Шайхин кхолларалла. Юха а еша лаьа Шайхин байташ,кхето лаьа церан маь1нех х1ора а.
Шайхин кхолларалло ,шеко йоцуш, вайн къоман литературехь поэзин декъехь йоккха меттиг д1алоцу, майрра оьрсийн поэтаца А. Пушкинаца йуста мегар ду цуьнан ц1е.
Шайхи вина Дишни –Веданахь 1933 шарахь,цуо хьехархойн институт а яьккхина шен заманахь,дуккха а белхаш дина –хьехархочун т1ера редакторн ,Яздархойн союзан куьйхалхочун т1еккхаччалц.
Амма цуьнан коьрта къинхьегам –поэзи яра. Шен дукхаха болу ницкъаш д1абелла цуо ненан мотт кхиорехь,иза бовзийтарехь ,безийтарехь. Куралла х1ун ю а ца хаьара цунна ша муьлхачу даржехь хиларх. Иза дика гуш ду цуьнан кхоллараллехула а. Дукха къахьегна цуо ша йоккхучу ханна,язйина байташ ,поэмаш. Арадийлина дуккха а поэзин жайнеш: «Лаьмнашкахь 1уьйре»(1965), «Безаман шовда»91967), «Ц1еран суй»(1969), «Новкъахь»(1970), «Сийна некъаш»(1973), «Лакхенан г1иллакх»(1975), «Тешам»(1978), «Керла де»(1980), «Ушармин Ших»(1982), «Кхолламан сизаш»(1987), «Лаьмнийн иллеш»(1991).
Массарна а евзий те аьлла хеташ ю цуьнан дукхаха йолу байташ: «Зарзар», «Безаман хоти», «Мохкбегор», «Весет»…Цхьа еша атта ,яйн ойла дагт1е хьоьрсуш,синна парг1ато луш а ю уьш.
Дуккхачу а теманийн шоралла хаало Шайхин поэзехь. Экама бу поэтан Дега-Нене болу безам,шатайпа ю Даймахкаца йолу шовкъаш. Иза дукха дика къаьсташ ду «Мацах цкъа ,аьхкенан тхи санна еанчу 1уьйранна» байтийн мог1анашкахь. Ден х1усамехь лерехь дисина ненан озан ховха зов а,кху х1усамера схьаболу Даймехкан лаьмнашка болу безам а-и кхо деган лазам бу поэтана даима шовкъаш лург а . Башломаца,лаьмнийн хотешца, 1аннашца гучуболу лирически турпалхочун шен Даймахке болу безам дуккха а байташкахь.Хьомечу юьртан васташ х1уьтту дешархошна хьалха поэто х1ора язбечу мог1анехь.
Къаьсттина тидам т1ебог1уьйтуш ю цуьнан х1ара 21 мог1анехь нисйина байташ.Яханчу оьмарашкара схьа кост санна лара мегар ду уьш. Жимма а лах ца дела церан маь1на тахана. Къонах хьакъ долу шву ша бина некъ шен т1аьхьа вог1учу верасе-к1анте д1акховдо. Цуьнан масалаш дукха ду нохчийн къоман дахарехь. Х1ара байташ ешначунна шера го иза.
Весет
Къоьжачу вайн лаьмийн
Дог кура баххьаш,
Вайн тог1еш,шовданаш,
Б1ешерийн хьаннаш-
Д1аэца тахана
Хьайн дола ахь уьш,-
Дас ,весет деш, хьайна
Йитина хазнаш.
Лирически турпалхо воккхаве шен б1ешаарера схьадолчу къоман гаьннех,уьш лардан ницкъ кхаьчначу хьаннех ,лаьмнех.
Къомах къам дийриг Дайн весет ду т1аьхьенаша лардеш схьадахьаш долу.
Дикка ладог1а кху мог1анашка,ойлае:
Д1аэца ахь х1инца,
Дайша шайн ц1ийца
Заманийн йохаллехь
Лардина латта.
Даймохк хьайн д1аэца,
Раг1 хьан ю х1инца,
Ден весет кхочуш дан,
Юкъ ехкий, г1атта.
Ларбе Мохк,
Хазбе и,
Ца еш мало,
Т1аккха ,хьайн весет деш.
К1анте д1ало…»
Дуьххьара ахь д1аешча цхьа гота маь1на долуш хетта тарло дешархочунн а х1ара байташ, доьзалехь дас к1антана бен хьехам …
Х1ан-х1а, шуьйра ду кху весетан маь1на. Д1адахнарг ,х1инцадерг а хиндерг а ч1огг1а вовшашца доьзна хилар,церан з1е-силсил ца ходуьйтург бакъболчу къонахийн некъ бу.Шен дайн оьздачу г1иллакхашна-1адаташна т1ера доьг1на къам х1аллакхилла къам ду .Цуо бохамехь вайн къам лардинарг дедайн до1а,весет ду. Дайн весеташна муьт1ахь хилла къам толаме кхочур ду,цуьнна ц1е д1айовр яц ,и къам д1адер дац.Иштта къонахий вайн мехкан дуккха а хилла,болуш а бу,хир а бу.Дала мукълахь.
Дайн весеташ лардечу къонахех ву тахана мехкан куьйгаллехь волу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин к1ант Рамзан-Хьаьжа а.Къамелаш г1уллакхашца цхьана дог1учех ву иза.
Боккъалла а шайхалла долуш карайо вайна нохчинй къоман ,цкъа а шеха куралла йина воцучу поэтан Шайхи Арсанукаевн дешнаш.Дукха дика девзаш хилла цунна къомах къам дийриг мотт а ,оцу маттехула схьадолу дайн весеташ кхочуш дар а дуйла…
Х1ора шензаманхочун шех ала дош дуьтуш д1авахана иза вайна юкъара.
Суна дуьххьара 2003 чу шарахь гира вист а хуьлуш Шайхи. Тхо къоначу поэташна леринчу семинаре гулдинера . Шайхи Арсанукаев,1умар Яричев, Леча Абдуллаев иштт а кхин а дуккха авайн г1арабевлла поэташ бара цу гуламехь.
Аса 2003 шо даллалц нохчийн а.оьрсийн а маттахь язйора. Х1ета йийшира аса сайн ненанн маттахь язйина а ,оьрсийн маттахь язйина йолу масех байт.
Оьрсийн маттахь язйинчу байтин мах 1умара хадийра сан,ткъа Шайхис схьала а г1аьттина дина къамел ,аса весет санна сайца схьадеана.
-Пет1мат,-элира соьга Шайхис ,цхьа к1еда,мерза,даим а со шена евзаш хилча санна, ахьа нохчийн маттахь язделахь х1инцачул т1аьхьа ,хьо нохчийн къоманна пайдехь хила езаш ю,хьан мотт к1орггера а,хаза а бу,вайн литература ю кхио езашерг»
Шайхи догк1еда дика адам дара, дуьне не хьежар шатайпа дара цуьнан.
Адам а ,дуьне а цхьана мог1ара х1оттош дустар даладора сих-сиха. «Адам -и жима дуьне ма ду ,адаман даго шена чу лоцу дерриге а дуьне». Х1ара дешнаш а къоначу муьрехь дуьйна Шайхига хезна ,дисина сан иесехь.
Т1екхуьучу ч1урана дика масала а ду поэтан дахаран некъ.Аса юх-юха а йоьшуьйтур яра цуьнан байташ . 2003-2017
Свидетельство о публикации №217080900730
Ларамца,
Асламбек Гайтукаев 10.08.2017 03:31 Заявить о нарушении