Ахьмадна лерина

Б1ей шерийн некъаш беш, тулг1енаш керчош
Оьг1азе дог1у хьо х1ай шийла терк
Буо берийн б1ара хьежа зударий буьтуш
Хийлаза белхабо ахь наной б1аьрг

Лакха-Невре лецира ирчачу кхауо
Теркуо д1а хьул варца вай ваша Ахьмад
Вехалаш адамаш и везачу деле
И карвар дехалаш сийлахьчу Эле

Дог доьхна лаьтта да хи т1е д1а хьоьжуш
Нана ю миска къурдаш деш 1аш
Вежарий хийза г1ийла са туьйсуш
Цкъа мукъна гаре б1аьргашна схьа

Везачу дала шу дегнаш хьастийла
Бай бойла баланаш кийрара шу
Лакх-Невре лоцийла хазачу кхауо
Вай дала синтем беш дегнашна шу


Рецензии