Суьйнаш ду дага. Хь. Сайдуллаевн кхоллараллах дош
Цуьнан дагчохь «суьйнаш ду дага…»
«Цуьнан байташкахь поэзи хаало, ткъа и ша дешан пхьар хилар а. Ткъа пхьар, Делера схьа пох1ма ца хилча, хуьлуш вац,» - иштта аьлла Сайдуллаевх лаьцна публициста, поэта Аболханов Хьаькама.
Поэт, публицист Сайдуллаев Хьасан вина 1947-чу шарахь Г1ирг1азойн махкарчу Ош-г1алахь. Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан университетан филфакан къоман отделени чекхъяьккхина Хьасана. Итт шарахь хьехархочун болх бина, 25 шарахь сов заманахь школан директор хилла.
Хь. Сайдуллаевн стихийн масех гулар араяьлла: «1уьйренан нур» (1974 шо), «Даймахкана тешам» (1982 шо), «Зевне бердаш» (1991 шо). Поэзин а, прозин а «Сатийсаман кхоллам» ц1е йолу гулар араяьлла цуьнан 2005-чу шарахь.
Хьехархо. Хьехархойн а хьехархо (школан директор). Поэт. Публицист. Царех муьлхарг ву веза, муьлхачун жоьпалла ду лакхара?! И дерриг «дар-жаш» цхьаний д1акхехьа Дала хьуьнар, доьналла делла стаг ца лара а, ца вовза а бакъо юй-те вайн?!
Хьехархочун, школан директоран, яздархочун – оцу кхаа а белхан декхарш еххачу хенахь цхьанаметта кхочушдора Сулейманов Ахьмада, Айдамиров Абузара, Рашидов Шаида... Церан лорах схьавеара Ножин-Юьртан к1оштан Мескитарчу юккъерчу школан хьехархо, директор, нохчийн поэт, публицист Сайдуллаев Хьасан.
Юьртахь хьехархо хилар, цу т1е – школан куьйгалхо а волуш муххале а, ч1ог1а жоьпалле а, хала а г1уллакх ду. «Хьехархочуьнга» ц1е йолчу шен цхьана стихехь Сайдуллаевс ша а олу:
Хьехархо, хьоьх йозу т1аьхьенийн кхане,
Некъ хьуна сийлахьниг белла...
Хьехархо юьртахь мог1арера вахархо вац. Цуьнан х1ора дош, х1ора боккху ког – балха т1ехь, ц1ахь, диканехь, вонехь, новкъахь хуьлда иза – бен а дац, кера юккъе йиллина х1ума санна, гуш хуьлу. Ткъа и стаг балха т1ехь а, ц1ахь а дика вевзачу юьртахошна хаьа, яздархочун дашца цуьнан нахе вистхила бакъо, юьхь ю я яц а.
Сайдуллаев Хьасанах – хьехархочух, школан директорх, Мескитан вахархочух лаьцна диканиг бен олуш ца хезна суна. Ножин-Юьртан районан дешаран отделехь болчарна гарехь а, шен юьхь а йолуш, дика хьехархойн коллектив яра Мескитарниг. Цундела Сайдуллаев Хьасанан яздархочун (поэтан, публицистан) дош бух болуш а, онда а ду.
Ас Сайдуллаев Хьасанан поэзин мог1анаш дуьххьара дешна суо школан дешархо волуш. «Къоначу поэтан библиотечка» рубрикаца араяьллачу цуьнан хьалхарчу гуларна т1ера цхьайолу стихаш тхан классерчу дешархоша дагахь 1амайора.
Сайдулаев Хьасанан «зевне аз» дека дикка хан ю. Даймохк, нана, латта, 1алам, доттаг1ий, безам ю цуьнан поэзехь коьрта теманаш.
«Де доьхча, Даймехкан орца ца хезаш висарна кхоьруш» ву поэт, Даймахке а, хьомечу халкъе а болу бе¬зам цхьаъ бу цуьнан:
Вахар ма вахар дац,
Дайн лаьмнаш доцуш
1уьйранна, суьйранна
Б1аьрг тоха цкъа.
Шен къоман син мерзаш,
Хезаш а доцуш,
Там хилла тохалахь
Дагт1ера пха...
Хьасан «шен хенан аьрха бере» велахь а, даима а г1айг1анашца ву: «дошал еза суьйре таь1ча» нанна са а б1арзлуш, «стом санна, ношъеллачу ойланан урх ца лацарна» дагахьбаллам а болуш, «цхьана дийнан ирсан токхех а вуьзна, дахарера лакхе а ца оьшуш...»
...1ийний хьо, хьевелча хераллин тевнехь,
Ненан кхерч бицбелла бохуш...
...Сайн ц1ийнах, доттаг1ийн марзонах хьаьгна,
Хийла сох хьирчина ойланийн дарц.
Шена «дезаделлачу» Лаьттана лерина масех стих язйина поэта. Царех ю: «Сан латта», «Латта морцуш...», «Лаьттан т1улгаш», «Лаьттан букъ...», «Геч ма де, латта», «Хьан т1улг ас куьйгашца хьостур бу латта...» и.д1.кх. Оцу дезчу даше йолу шен ойланаш йовзуьйтуш, поэта олу:
...Сайга латта хилча кхойкхуш,
Кийча хилла г1атта...
...Хийла майра к1ентий эгна,
Латта, хьуна т1е!
...Х1ай, адамаш алийша, ала!
Герзашца ма дазде латта.
...1уьйренан маьлхан ц1е санна,
Ца дагахь сан деган нур,
Геч ма де суна ахь, латта.
Шатайпанчу «басаршца», говза х1оттадо Сайдулаевс 1аламан сурт. Иза гучудолу цуьнан «Малхе», «Сан седа», «Гуьйренан илли», «Зарзлуш йолчу мархийн кирхьех...», «Гуьйре», «Баьгначу седанан чим» и.д1.кх. дуккха а стихашкахь. И 1алам исбаьхьа а, адамийн юкъаметтигашца дозаделла а ду.
Бутт луьйчу, стигланан богех мотт хьоькхуш,
Лайн кхаш т1е хьаьрсина нур.
Хьан деган б1аьстенан малх мел бу богуш,
Шийла бац дорцан к1айн х1ур...
Дарцо д1ахьулдарх хьуна т1е некъаш,
Безамца достур ду ас.
(«Чилла»)
Буьйсана седанан
Ч1уг етташ доьдучохь сан Яьсси-хи,
Хьомениг елахь хьан къона дог хьоьстуш,
Эщац-кха ирс леха дуьненахь кхин.
(«Шовданаш декачохь»)
Йо1 чухьоьжу куьзга санна, сирла
Марха йоцуш сийна стигла ю...
(«Ломахь суьйре»)
Поэтан цу тайпана башха дешнаш вайн иллиалархоша мукъаме дерзийна, ладог1архошна дукхадезаш а ду. Амма вайна ледара бевза иллиалархоша д1аолучу иллийн дешнийн авторш. Аса айса а цхьана иллиалархочух йолчу статья т1ехь Сайдуллаевн «Хьо х1унда къехка?» ц1е йолчу стихан автор г1алатца кхин язвинера.
Урамехь чекхвуьйлуш
Керта б1аьрг бетташ,
Хьо гape сатуьйсуш
Сан безам кхехка.
Таллархойх къаьхкина
Хаза сай санна,
Аьрха йо1, алахьа,
Хьо х1унда къехка...?
(«Хьо х1унда къехка?»)
Сайдуллаев Хьасана Даймахках, ненах, лаьттах, доттаг1ех, безамах лаьцна олуш долу дош говза сурт х1отторца оьзда а, оьзна а, эвхьазалла йоцуш а, кхета аттачу маттахь аьлла долуш а, дагах кхеташ а, дагна синтем луш я ойлане воккхуш а хуьлу. Иза г1еметта х1оьттина поэт ву, цу т1е иза дахарх воккхавеш, хиндолчу диканах тешаш а, халонашна б1окъажор боцуш а ву.
Веха со, нах санна, сайн денош кегош,
Деган шовкъ гуттара к1еж туьйсуш ю.
Малх сарахь ц1ийбелча, чубуза бегош,
1уьйрене сатуьйсуш ойланаш ю.
Цу т1е - поэтан «дагчохь суьйнаш ду дага...»
Сайдуллаев Хьасана зорбане даьхна шен публицистикан йозанаш а. Кхетош-кхиорна а, халкъан педагогикана а лерина йолу уьш (и статьяш араюьйлу нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь) республикан муьран зорбанах пайдаоьцучарна евзаш а, оьшуш а, цу декъехь компетенци йолчу наха лакхара мах хадош а ю.
Сайдуллаевс цу декъехь кхин д1а а болх бойла лаьа вайна. Ткъа 1989-чу шарахь дуьйна СССР-н яздархойн Союзан декъашхо хилла волчу поэтан, публицистан Сайдуллаев Хьасанан кхоларалла хьакъ ю аьлла хета вайн муьран изданеша а, дешархоша а шена т1е тидам бахийта, ткъа иза ша, шен книгийн презентацеш, кхоллараллин суьйренаш, юбилейш вовшахъеттийта а, я вовшахъетта а, т1аьхьаваьлла вац.
Ирс-аьтто, беркат, могашалла лаьтташ,
Дала дуккха а шерашкахь вахавойла хьо, Хьасан!
***
Сайдуллаев Хьасанан байташ
Ахь элира
(К. Гайтукаевга)
Ахь элира: «Кху дуьненахь
Ненан марзо тоьъна
Б1аьрг ца боьлхуш г1оза баьхна
К1ентий к1езиг бу.
Тахна дарцо къинхетамза
Аьрха тулг1е тоьхна,
Хьан даг т1ера доьжна зезаг
Хено дицдийр ду».
Бехк ма билла хьуна дуьхьал
Со г1аддайна веънехь,
Хьан кадамо ца совцийнехь
Б1аьргех 1ена хиш.
Дог ца лозчу нийсархошна
И осалла хеттехь,
Къера ву со. Оцу дийнахь
Ца совцура уьш.
Ткъа сан ненан нийсархоша
Дуьхьал кхетча юьртахь,
Олу: «К1ант, хьо муха веха,
Са-м ца гатдо ахь?»
И де юха карладолий,
Къора воьлхуш кийрахь,
Къийла г1ерта къонах хуьлий
Цу лазаман къахь.
1аьнан шийла чилла еъна
К1айчу юрг1ехь хьерчаш.
Карзахдоккхуш тийна 1ийжа
Сан лазаман ов.
Дагчу йижна вонан алу
Суна шелъян г1ерташ,
Ахь элира: «Теша, доттаг1,
Йоьрзур ю хьан чов».
***
Къинхетам боьху ас…
Оьмаран йохаллехь шераш мел дийларх,
Къинхетам боьху ас ирс доцучарна.
Мох-дарцо шелбина юург а йоцуш,
Кхерч боцуш, тхов боцуш лелаш болчарна.
Къинхетам боьху ас ч1аьг1на не1 тоьттуш
Хуучарна и еллалур йоций.
Балано, бохамо г1елбина бог1уш
Хуушшехь некъ бацлур боций.
Къизачу кхолламан сингаттам лайна
Къинхетам боьху ас де эшначарна,
Оьмаран т1ийриг гуш озийна, яь1на,
И хедар юй хууш лаьтташ болчарна.
Эс доцчу 1есалло хербина халкъах
Тукхамах, тайпанах з1е хаьддачарна
Къинхетам боьху ас орцане кхойкхуш
Дуьненан, эхартан паччахь волчуьнга.
Свидетельство о публикации №217081301881