Шайхиев Iалвадин кхоллараллах дош

Слово о творчестве чеченского поэта, публициста Алвади Шайхиева,
отметившего в 2017 году свой 70-летний юбилей

Декор ду иллеш а башханаш,
Со кхета, кхана.
Нислур ду сайчара там ца беш, -
Иштта ду дахар.
Делахь а яздо ас диллина –
Ца хила къорам.
Некъ баккха сайн деган иллина,
Ирбина къолам!
(1алвади Шайхиев).

   Иштта яздора 40 шо сов хьалха нохчийн поэта Шайхиев 1алвадис. Тахана иза шуьйра вевзаш поэт, публицист ву.
 
   Уггар хьалха билгалдаккха лаьа Шайхиевс публицистикан декъехь дийриг. Ша школехь доьшуш волчу хенахь язйина цо шен дуьххьарлера статья. Цуьнца цо юха а бакъдина нохчийн кица: «Хиндолу хьоза бенахь дека».

   Йоза-дешар дика 1амор, ойлаян хаар, шена гург, хетарг, ша тидам бийриг йозанан дашца нехан кхиэле говза дилла хаар – иза дерриг, Дала делла пох1ма а, хаддаза шена т1ехь къахьегар а цхьаьнаийча нисделира 1алвадина шина а маттахь (нохчийн а, оьрсийн а) проблема х1отто хаарца яздар карадерзар.

   Пачхьалкхан тоьллачу вузехь (МГУ-хь) астрономин 1илма 1амо болу шен лаам (таро ца хиларна), т1аьхьа а теттина, 10 класс чекхъяьккхинчул т1аьхьа шега кховдийна болу хьехархочун болх т1елецира к1анта. Иштта хан яра иза – 60-г1а шераш: хьехархой ца тоарна, уггар а тоьлла болу школан выпускникаш юьртарчу школехь хьеха совцабора.
   
   Выпускникийн хаарийн дикалла таханчул лакхара яра цу хенахь: 1амочо, 1амо ма-дезза, к1орггера 1амадора дешар, 1илма а. Дешарций, хааршций, цхьа муьлхха говзалла караерзорций бен шена дахарехь меттиг яккхалур йоций хаьара х1оранна.

   Хьехархочун а, журналистан а белхаш – вовшашна хийра белхаш бац. Шайхиевс, шех хьехархо хилча, дешархо волчу хенахь газетаца тесна гергарло, кхин а ч1аг1дира, дешан говзаллехь ша т1аьхь-т1аьхьа к1арг а луш.

   Иза Нажи-Юьртан к1оштан куьйгаллин тидамза ца дисира. Цигахь балхахь хиллачу Киндаров 1абдуллас Шайхиев 1алвади районан газетан редакце балха кхайкхира, т1аьххьарчун хьехархочун белхан шолг1а шо дола ма-деллинехь, ала мегар долуш.
 
   Дахар-1ерах, исторех, г1иллакх-оьздангаллах, вайн культурах лаьцна къоначу публициста язйина материалаш ирачу, бакъдолчу дашца къаьсташ яра. Цу т1ехь масал эца бевза нах, кхин гена ваха а ца везаш, 1алвадин хьомечу юьртана уллехь баьхна я бехаш бара: Гадаев Мухьмад-Селахь, Айдамиров Абузар… Цу т1е, хьалхарчун говзарш зорбане яхар дихкина а дара цхьана юккъехь.

   Шайхиевс, оцу луьрачу заманахь (псевдонимаш а йохкий), Гадаев Мухьмад-Селахьа язйинчу башхачу говзаршна зорбане яха некъаш лоьхура, ткъа уьш гулъяр, къепе (системе) ялоран болх цо даима а д1ахьуш хиллий т1аьхьо гучуделира вайна – Шайхиевс, шен чулацаме дешхьалхе а язйина, Гадаевн «Ц1ен-Берд» ц1е йолу книга зорбане яьккхича. Шайхиев говза публицист хиларан тоьшалла деш яра, масала, цуьнан «Оползни души» («Син токхамаш») ц1е йолу статья.

   80-г1а шераш чекхдовлучу муьрехь и статья зорбане яьллера «Грозненский рабочий» газетан аг1онна т1ехь. Нажи-Юьртан а, Веданан а районашкахь ХХ-чу б1ешеран 80-чу шераш чекхдовлучу муьрехь токхамаш буйлабелира, ткъа говзачу журналистан ницкъ кхечира цу дерригенна юккъехула вайн синойн токхамаш ган а, уьш юха вайна ваьшна бовзийта а.

   Шайхиев 1алвади вайн махкахь шуьйра вевзаш ву поэт санна а. Цуьнан стихаш арайийлина Соьлжа-Г1алахь, Москвахь, Махачкалахь, ткъа иштта дуьненан 17 пачхьалкхехь. СССР-н яздархойн мог1аршка а д1аийцира иза ша дукха жима волуш. Иза даима а (ша школехь дешархо волуш дуьйна а) «диллина яздеш» ву, «некъ баккха» шен «деган иллина, ирбина къолам».
 
   Даг чохь дуьсуш (шайца цхьаьна дог делош, делхош, ойлане вохуш) башха мог1анаш 1аламат дукха ду Шайхиевн. Говза васт кхоллар, исбаьхьа сурт х1оттор, чулацаме сюжет дагалацар, нохчийн дешан мехалла, мутта, марзо, чам бовзар… - уьш дерриге б1аьрла хаалуш ду Шайхиевн поэтически кхоллараллехь.
Ойла е вай кху башхачу мог1анийн:

Къонах хилла вахахь,
Къонах санна лийр ву,
К1илло хилла вахахь,
К1илло санна лийр ву…
           *   *   * 
Ас кхузза ирдо сайн б1аьрса.
Сакх-само –
Кхузза совйоккху.
Нагахь со къорвала доьг1нехь,
Б1аьрса дан, нагахь, сан доьг1нехь,
Кхолламе дехар ду иштта:
Селла а иркечу кху б1ешарахь,
Гомер санна хилийта б1аьрзе,
Бетховен санна со къорвалийта!
           *   *   *
Дас соьгахь яхчийна къонахчун амалш, -
Шаьлтанца сайн иллеш яздо ас цкъацкъа.
Аьхналла сан даг чу йижийна нанас, -
Сан ненан даггара яздо ас цкъацкъа.
           *   *   *
Цхьаъ веха иттаннан дахарца.
Иттанна цхьа дахар кхачац,
Аьлча а,
Дахарехь иттаннан лар юьгу цхьамма.
Иттанга цхьа некъ д1акхехьалац.
Хьалхарнаш оьшуш бу:
Царна т1ехь лаьтташ ду дахар,
Шолг1анаш кхоьллина стенна?
          *   *   *
Сайн мехкан сийлахь илланча
Хир воций хиъча,
Ас х1унда яздо диллина
Х1ора дош ц1ийца?

   Шайхиев 1алвадин стихаш, поэмаш. Царах х1оранца а хаза ношъелла ойла, дика чулацам, шатайпа башха сурт хаало. Чу са а дуьллуш, 1аьвшшина, «ц1ийца» яздина дош 1иллац книгийн терхеш т1ехь: иза яздина шекъа дакъа а далале, яздархочун долара д1а а долий, т1аьххьарчун верас а хуьлий, башхачу васташкара марзо лоьхучарна 1аь а етташ, еххачу оьмарца деха.

   Вайна тахана мехала ду вешан дегнаш, синош меттах1иттор. Цу т1ехь вайн г1оьнчий, некъан накъостий ду 1алвадин а, кхечу вайн пох1махойн а (дика ду уьш берриш вайн болуш!) дешнаш а: иллеш, байташ, назманаш.
 
   Даймохк, да-нана, латта, дерриг 1алам, вайн кегий бераш, лаьтта т1ехь дехачу адаман жоьпалла, доттаг1ий, вайн истори, хьошалла – уьш дерриге а Шайхиевн поэзин коьрта теманаш ю. Поэтан х1ора мог1ано а вайн историна, г1иллакх-оьздангаллина герга валаво дешархо.

   Уьш – цхьана заманна, муьрана яздина а доцуш, гуттаренна а йолчу теманашна яздина хиларо а, цара ойла самайохуш хиларо а уьш механа язйо, шайн ешархо кхиаран т1ег1анехь лакхавоккху.

   Бакъдерг вай аьлча, Шайхиев 1алвадин стихаш т1ехь йолу гуларш х1инца кара а яц. Газетадешархошна кхин цхьа къайле а йовзийта йиш ю сан: авторехь (Шавхиевгахь) шегахь а ша язйинчу гуларийн комлпект ян а яц (яздархочун библиотека а, ерриг х1усам а яьгна). Уьш дуккха а яра: «Синхаам» (1969 ш.), «Безаман алу» (1971 ш.), «Кхерчахь ц1е» (1975 ш.), «Яьссин къоналла» (1977 ш.), «Г1а-буц» (1978 ш.), «Эхь-бехк» (1988 ш.) и.д1.кх.

   И гуларш (и саннарш а) шен ц1ахь йолуш верг суна хьалдолуш, вехаш хета, х1унда аьлча царна юкъахь ду исбаьхьа, ховха, дарбане дош. Оцу дешан мах лакхара хиларна, 1.Шайхиевн стихаш, поэмаш школийн программашна юкъа а яхана, цунах (авторх), цундела, хьакъ а волуш, нохчийн литературан классик хилла. 1алвадин поэзи евза а евзаш, цу т1е догц1ена а волу стаг реза хир ву, аьлла, хета аса бохучуьнна.
 
Ойла е вай кху мог1анийн («Лазаман лорах» ц1е йолу поэма д1айолало цаьрца):

Аса а ма лайна
Сайн халкъан 1азап,
Къа-бала.
Аса а 1аьвшина логгелца
Цуьнан къаьхьо.
Кхо шо хан хиллехь а
Кху къизчу дуьнен т1е вала,
Шийлачу маьхьарца
Нуьцкъаха
Сайн ц1ера ваьккхина со!
Ваьккхина Нохчийчоьх –
дайн лаьттах, лаьмнех,
Дайн кешнех,
Дайн иллех,
Ненан маттах.
Г1ирг1азойн маьлха к1ел,
Г1ирг1азойн лаьттахь,
Г1ирг1азойн маттахь ас
Дуьххьара ненан ц1е
Яьккхина, бах!..

   Ала дог1у, Шайхиев 1алвадин поэзи юкъа а лоцуш, литературоведчески статьяш язйина авторш а бу вайн. Церан массеран анализ а еш, шен жам1 а деш, 1илманан болх язлур бара студенташна, аспиранташна. Цара-м и белхаш язбеш хила а мега, цунах дерг суна довзац.

   Делахь а, газетадешархойн тидаме дахка лаьа суна Шайхиевн кхоллараллех лаьцна цкъа (40 шо гергга хьалха) Осмаев Асламбека яздина дешнаш: «Хаза аьлла дош, стеган ойланашкахь, синхаамашкахь, цу стагана шена х1ун ду а ца хууш, даим а дехарг, доьлург, доьлхург говза гайта хаар – хьесап дина ца валлал нуьцкъалий, цецвоккхуший ду.

   Нуьцкъала ду – б1аьстено шен чаьлхаш меттахйохий, парг1атонехь долалун хи санна, лаамийн г1аттамца хьан дог цо карзахдоккху дела. Цецвоккхуш – дуьстина-дерина, къегина далийнарг, ахь айхьа кхадийна ца хиллехь а, хьоьца даима даьхна хиларна а, хьайн деган къайленашкара схьаэцна хьуна и хетарна а ду. Иштта ю бакъ поэзи. Суна хетарехь, дестор хир дац вайн, поэзин и коьрта аг1онаш Шайхиев 1алвадин кхоллараллехь шайн шокъе, дуьззина дахар д1акхьоьхьуш хилар вай ч1аг1дича».

   Шайхиев 1алвадин кхоллараллах лаьцна мелла а яздан йиш ю. Хьалхо шех лаьцна цо ша элира: «Берх1итта шо долуш газете веана со, тахана пенсин ойлаян а воьлла. 1алур вуй-те со ца язъеш? Вац. Сайга мел язло, къолам охьабуьллур бац аса…»

Цкъа изза поэзин кепара а аьлла 1алвадис:

Иллица гергарло хадо,
Я иллис д1атаса хьо,
Хьалхе ду, х1инцаъ, 1алвади,
Х1инца а къона ду дог.

Хьажахьа гонаха, дерриг
Жил-1алам – хьан хьалха ду:
Пет1амат-зезагаш, цкъергий,
Тал техка, -
Хьо церан ву.

Ткъа адамаш, жил-1алам ц1инден,
Ткъа церан куьйгийн и зовкх –
Дерриг а дерзадахь илле,
Хьан илли хир ма ду токх!

…Иллица гергарло хадо,
Я иллис д1атаса хьо,
Хьалхе ду х1инцаъ, 1алвади,
Х1инца а къона ду дог.


* * *

1алвади Шайхиевн стихаш

Стаг велча – юьртахь зударий боьлху.
Зуда лахь – юьртахь зударий боьлху.

Тезетахь божарий г1айг1ане лаьтта.
Б1аьргех хи ца гойтуш, ойлане лаьтта.

Г1иллакх ду иштта и, схьадеъна ломахь,
Амма кхин цхьа г1иллакх схьадеъна ломахь:

Ц1ий 1анон дов г1аттахь, дош даше даьлча,
Дов духу, зударийн мохь-ц1ог1а даьлча.

Вайх х1ора ларван уьш ницкъ болуш хилла,
Х1оранна там бан уьш комаьрша хилла.

Ткъа, тахна тезет ду. Зуда д1аяьлла.
Дахаран х1у тесна, иза д1аяьлла.

Хьаста вай и, цкъа а кара ца эцна,
Ткъа тахна хьош ю и белшаш т1е эцна.

Делхийша адамаш! Тийна ма лаьтта?
Зуда яц – нана ю кховдош ерг лаьтте!


*   


Рецензии
Башни.

Алвади Шайхиев

Дорогам благодарен я вчерашним
И тропам, извивающимся ввысь,
Что привели меня
к чеченским башням,
Где судьбы всех веков переплелись.

Их не для красоты здесь возводили –
Чтобы свобода не попала в плен.
Кто шел сюда для грабежа, насилья,
Смерть находил у этих гордых стен.

Они и до сих пор еще одеты
В косматый дым, в пороховую гарь.
И если вновь пробьют тревогу где-то,
Свинцу подставят грудь они,
как встарь.

«Жизнь кончена, когда очаг погашен!» –
Так говорят вайнахи с давних пор…
Пылает в очагах забытых башен
Негаснущее солнце вечных гор.

Всей жизнью, очаги, я связан с вами,
Я – продолженье вашего огня.
И если станет гаснуть это пламя,
Тогда возьмите сердце у меня.

Седые башни!
Знаю, неспроста мне
В них судьбы предков гордые видны:
Ведь эти башни вовсе не из камня –
Из мужества отцов возведены!-----
-----Да здравствует город Грозный!
Да здравствуют русский и чеченский народы!
(гениальный чей-то перевод)

Павел Облаков Григоренко   16.08.2017 05:45     Заявить о нарушении
Спасибо, Павел, за отзыв! Успехов в творчестве и всего доброго!
С уважением,

Асламбек Гайтукаев   16.08.2017 14:21   Заявить о нарушении