Акростих

                Акростих
Ша къонах хиларна дуьненан меха
Атта некъ бацара хаьржинарг цуо
Х1оранна латтийра аг1о,мел веха
Адмашна бузарца 1илманан дуо.

Б1ешерийн к1оргера схьадеъна г1иллакх
Адамийн дог ойуш даржийра цуо.
Хьуьжараш ехкина, д1ахьоьхуш 1илма
Адамех тамбира исламан гуо.

Сийлахьчу къуръанан векал а хилла
Ахархо санна шен такхадеш нох,
Нуьре х1у д1атосий кхиадеш хийлла
Адамаш ийманца дуора цуо дох.

Хийлла цуо дерзийра и луьра девнаш
Делан дош д1акхайкош,д1айоккхуш вас.
Орам д1ахедар бац шерашкахь б1енаш,
Ширлур дац  дуьненахь къуонахчун васт.


Рецензии
Къонахчун васт, цуьнан хьуьнарш шир ца ло, диц ца ло. Хьан мог1анаш цунна тоьшалла лара мегар ду.
Кхиамаш хуьлийла кхоллараллехь!

Асламбек Гайтукаев   03.11.2017 10:18     Заявить о нарушении
К1орггера 1илма долуш, дешна стаг вара Хьалха - Мартант1ера ШАХ1АБАН ХЬАСАН. Цунах мел дукха яздича а дерриг ала а хуур дацара.Хьуна ДЕЛА РЕЗА ХУЬЛДА!

Сайд-Эмин Мартанхо   04.11.2017 16:21   Заявить о нарушении