Хьаг1
Дог вочу адмаша питна ду деш
Ткъа цаьрга ладоьг1уш, уьш бакъ бу моьттуш
1аьржа хьаг1 хьан дагчохь кхиош ю беш.
Ладег1ахь сатуьйсуш хиларе пайда
Хьайн коьртехь вуон ойла сеца а еш
Нахаца барт бухур, цунах хир х1айда
Буй т1аккха ахь бен болх диканна беш.
Ца оьшу ахь леха доцучохь бахьна,
Ма г1ерта хьайх кхардо хьо вевза нах.
Питана дижна ду, г1атто ма г1ерта.
Хадабан хаалахь хьайн ирсан мах.
Свидетельство о публикации №217103001622