8. Дахарехь зеделларш

71)  Шена зеделларг къаьсттина дика 1ема.

72)  Вочу стеган шеца нисса волчуьнца хьаг1 хуьлу, ткъа шел тоьлла волчуьнца гамо хуьлу.

73)  Дег1ан куц хазалла ю, ткъа хьекъалан куц кхетам бу.

74)  1ехо тешаме нах бацахьара цхьаболчу нехан бахам стамлур бацара.

75)  Нахах тешаш хилар ша тешаме хилар билгало ю.

76)  Мел боца некъ цхьа г1улч ца яьккхича кхочуш хир бац.

77)  Шена довза цалуург наха дийцарх девзар дац.

78)  Шеца нисса хьо лоруш воцург доттаг1 вац. Хьо шел лахара хеташ велахь хьан сий дойъу цо. Хьо лакхара хета бахахь шен сий дойъу.

79)  Г1алаташ ца даха говзалла саяккха еза. Амма говзалла саера яц г1алаташ т1ехь бен.

80)  Бехъелла х1ума ц1анлуш яц кхин х1ума бехъеш бен.


Рецензии