9. Дахарехь зеделларш

81)  К1еззиг динарг а г1оле ду дийр ду бохучу дукхачул.

82)  Нийса дерг хаа лууш воцчуьнца къийсар эрна ду.

83)  Дикчу зудчо ц1а марздо, ткъа вочу зудчо са марздо.

84)  Адамийн дахар лам санна ду. Хьалавала хан дукха еза, амма чу сиха хьоду.

85)  Ша шеца лерам ца хилар докъазалла ю. Амма шех т1ех воккхавеш хилар 1овдалалла ю.

86)  Шен хьекъал гайта г1ерташ хилар ша цунах шек хилар ду.

87)  Шех кхоьрий хиъча кхоьруш долу ж1ала а хуьлу майра.

88)  Мачи чу боьжна т1улг а бу сингаттам.

89)  Г1алат даккха хуучунна хаставан а хаа деза.

90)  Мел беха некъ цхьа г1улч яьккхича кхочуш хуьлу.


Рецензии