10. Дахарехь зеделларш
92) Шена оьшуш йолу х1ума нахана кхоа ца яр ду комаьрша хилар.
93) Мел велларг а дуьненахь ваьхна ала хала ду. Сачохь хилар бен кхин билгало йоцурш а бу.
94) Д1алуш верг вехаш ву мел къен велахь а.
95) Буьйса лайначунна бен 1уьйренан чам кхетар бац.
96) Хьикматечунна хьо хьекъале гахь уьйр тасло, ткъа 1овдалчунна гахь хьаг1 денло.
97) 1овдалчул 1овдал воцург 1овдалчуьнца къийсалур вац.
98) Хьекъалх пайда оьцур бац кхетам бацахь.
99) Дов даьллачу шиннах бехке верг хьекъал дерг ву.
100) 1овдал хиларан а ю шен цхьа дика аг1о - цхьаннан а хьаг1 ца хуьлу цуьнца.
Свидетельство о публикации №217110101019