12. Дахарехь зеделларш

111) Хьекъал долчух дагаволуш воцург шен 1овдалаллица ша вуьсу.

112) Хьекъал долчо аьлларг кега а дой ша хьекъале хетийта лууш хуьлу цхьаверг.

113) Нехан шех дийца дика х1ума доцчунна нахах дийца вуон х1ума карадо.

114) Комаьрша стаг хаставар а комаьршалла хеташ хуьлу б1аьрмециг стаг.

115) Цхьамма динчух г1алат даккха хууш верг ша и дан хууш а ца хуьлу.

116) Барт бохо ойла йолуш верг бахьана доцуш вуьсур вац. Барт бан г1ерташ волчуьнан къахьега деза.

117) Шена к1ел мел сеца а бала т1ебазло.

118) Хьекъал дерг бахам ца хилча а ларур ву. 1овдалчунна бахамо дан г1о а дац.

119) Х1умма а ца хуург 1овдал вац, хаа ца г1ертарг ву 1овдал.

120) Тоба, тхьамда ца хиларх а тоба ю, амма тоба ца хилча тхьамда хир вац.


Рецензии

С 3 по 5 июля состоится Литературный фестиваль в Этномире. В программе – семинары известных поэтов и писателей, поэтический конкурс, посвященный Году единства народов России, книжная выставкая-ярмарка. Приглашаем принять участие →