13. Дахарехь зеделларш

121) Юьхь ц1елуш хилар тоьлу, дог 1аьржа хуьлучул.

122) Шен корматаллаш юьйцуш хилар ледара хилар ду. Ткъа ша царех пайда оьцуш ца хилар 1овдалалла ю.

123) Собар к1еззиг долчуьнан г1алаташ дукха хуьлу.

124) Мел хазаниг а к1ордадо барамал совдаьлча.

125) Халонех кхоьруш волчуьнгахь ерг хало ю.

126) Шен сий айба г1ертарал а оьшуш ду кхечуьнан сий дайъа г1ертар.

127) Вуй хууш волу мостаг1 г1оле ву доттаг1 ву моттуьйтуш волучул а.

128) Хаза дош аьлча самукъа долуш волчуьнга хаза дош ца алар къизалла ю.

129)  Говзалла йолучуьнга г1ирс ца хиларх г1уллакх дало, ткъа говзалла йоцчунна г1ирсо дан г1о а дац.

130) Хьекъал, кхетам цхьана хилар - хьикмате хилар.


Рецензии