14. Дахарехь зеделларш
132) Болх ца бан г1ертачо ши къа хьоьгу.
133) Хьекъал долчунна массо а шел хьекъале хета, ткъа 1овдалчунна массо а шел 1овдал хета.
134) Хийла суьпа стаг шен къинойх кхоьруш ву, хийла 1еса стаг ша суьпа хеташ ву.
135) Жималла д1аяьлча дууш дерг дуьне дац, воккхаллех пайда эца кхетам бацахь.
136) Цхьаъ бен воцург и мел онда велахь а цхьалха ву.
137) Шех диканиг нахе алийта деза, ша ала а ца г1ерташ.
138) Доккхачу хьекъална урхалла дан мел хилла а кхетам оьшу.
139) Адамах адамашна юккъехь бен адам хир дац.
140) Хьекъал доцург шена хуург нахана ца хаа моьттуш хуьлу.
Свидетельство о публикации №217110101031