15. Дахарехь зеделларш

141) Текхарг мел хичу 1иттарх ц1анлур яц.

142) Деш долу дика а хила деза цхьана барамехь. Барамал совдаьлча мел диканиг а вочу доьрзу.

143) Хьекъал дерг шен хьекъал гайта г1ерташ хир вац.

144) Т1алам болуш волчо цхьанхьа цамегачу х1уманах кхи г1уллакх до.

145) Тешаме воцчу стагца гергарло д1аг1ур дац.

146) Вон стаг, текхарг санна, д1евшах вуьззина хуьлу.

147) Шена дерриг а хаа моьттуш хилар х1умма а хууш ца хиларан билгало ю.

148) Шен дош лардан стаг вацахь и дош ца дала доьналла а ца хуьлу.

149) Хьекъал хиларх 1илма а ца хуьлу, 1илма хиларх хьекъал а ца хуьлу.

150) Кхиверг эшо ницкъ оьшу, ткъа шен дег1 эшо доьналла хила деза.


Рецензии