1. Дахарехь зеделларш
2) Харц доттагI мостагlчул а кхераме ву.
3) Кийра буьзна хиларх хуьлуш вац къонах, нагахь цуьнан дош деса делахь.
4) Воккхачунна хlума дицдалар сингаттамаш дукха хилар. Жимачунна дицдалар сингаттам ца хилар.
5) Къамел говза хиларх тоьуш дац, нагахь оцу къамелехь хlора дешан ша да вацахь.
6) Хlумма а ца дечуьнгара гlалат ца долу. Кхечуьнгара гlалат даьлча и реза а ца хуьлу.
7) Оьзда воцчунна оьзда лела хала хир ду.
8) Шен хьекъале хьаьжжина бен кхечуьнан хьекъал дусталур дац.
9) Дог-ойла цlена ерг массеран а ву гергара, ткъа дог-ойла вуон йолчо ша санна верг лоху.
10) Осала стаг юххе витахь эвхьаза волу, дlахервахь гамло.
Свидетельство о публикации №217110100973
Хьекъалечу даше ладуг1уш а, цунах беркат оьцуш а болу дешархой хуьлийла хьан, Сайд-Эми! Ахь дийриг зиен довр дац, Дала мукъалахь!
Асламбек Гайтукаев 03.11.2017 10:32 Заявить о нарушении
Сайд-Эмин Мартанхо 04.11.2017 16:13 Заявить о нарушении