2. Дахарехь зеделларш
12) Цхьанна дина дика дуккханна а 1отделла карадо.
13) Пайдехь дерг схьаэца хаарал кхетаме ду пайда ца хинберг дита хаар.
14) Баьрмециг волчо шен х1ума нахана кхоадо, шен долуш санна. Ша пайда а ца оьцу и неха долуш санна.
15) Ша къанваллалц ваха ойла йолуш верг къеначех кхарда ца веза.
16) Хьаг1 йолчу стагана шена вуон болх хиларал хала ду кхечунна дика болх хилар.
17) Сатийсам самах гуш г1ан ду. Ткъа г1ан декхалуш дерг а ду, цадекхалуш дерг а ду.
18) Шех эхь хеташ воцу стаг нахах эхь хеташ хир вац.
19) Нахе диканиг алийта дика хиларх а ца тоьу - велла хила а веза.
20) Уггар дика юъучуьнан чам бийриг мацвалар ду
Свидетельство о публикации №217110100980