3. Дахарехь зеделларш
22) Кхечуьнгара даьллачу г1алато ша кхетавар г1оле ду, шегара даьллачу г1алато кхиверг кхеточул а.
23) Вуьзна волчо дуьйцург мецачунна самукъане хир дац.
24) Х1умма а ца деш мукъа 1ер г1олехь ду, х1умма а доцург дечул а.
25) Шен бахаман эла хилар тоьлу, ша цуьнан лай хуьлучул.
26) 1овдалчуьнгара а хуьлу пайда, цуьнга ладог1а хиъчхьана.
27) 1едало х1оттийначул а ч1ог1а ду шен оьздангалло х1оттийна низам.
28) 1едало х1оттийна низам лардеш верг ву-кха боккъалла а маьрша стаг.
29) Дешаро 1овдалчух а вийр ву 1илманча, хьекъал-м ша дерриг бен хир дац.
30) Яхь хилар - ша нахал а иешна хила ца лаар ду, ткъа хьаг1 хилар - ша дика хила а ца г1ерташ нах вуон гайта лаар ду.
Свидетельство о публикации №217110100986