4. Дахарехь зеделларш

31)  Дина даьлча юхь1аьржа хирволчу х1уманна ойла яр а бац юьхьк1ам.

32)  Къаьхьа стом мел шекар тийсарх марзлур бац.

33)  Х1оранна а къанваллалц ваха лаьа, амма къанвала цхьанна а ца лаьа.

34)  Ша оьзда волчунна кхечуьнгара даьлларг а хета шен юьхь1аржо.

35)  Кхечунна вас латтучо шена вас ян некъ боккху.

36)  Дай дика хилар дозалла дац, т1аьхье царех масалла оьцуш яцахь.

37)  Ца ваьлла деш дерг бала бу, мел дика г1уллакх и делахь а.

38)  Куралла - стагана ша ма варра ца вовзар ду.

39)  1овдалниг галваьлча и ша бен вац, ткъа кхетам берг галваьлча галдолуш дерг халкъ ду.

40)  Мах хадабарал атта ду амат баккха.


Рецензии