5. Дахарехь зеделларш

41)  Кхечуьнан къайле гучуяккхар ямарт хилар ду, шен къайле гучуяккхар хьекъал ца хилар ду.

42)  Нахаца бала боцуш волу стаг шена а вац пайдехь.

43)  Дика г1уллакх даран мах хьан и дан ницкъ кхачар бу.

44)  Шен уггар ч1ог1а мостаг1 стаг ша ву.

45)  Вуочу стагана диначу диканал вуон х1ума дац, ша дикачунна дина вуон дацахь.

46)  Осалчу стагера г1о эшар а бу боккха эшам.

47)  Шена т1ехь сакхт доцчунна нахана т1ехь сакхт гур дац. Нехан сакхташ лехьадар а ду сакхт.

48)  Дег1ана куц ма эшшара хьекъална кхетам оьшу.

49)  Ша нахана диначу диканах шен дагана там хилар бу-кха буьззина мах.

50)  Шена цахуург ца хаий хаар а ду хаар.


Рецензии
Кхечо дуккха яздинчул мехала-маь1не а, чулацаме а долуш, юх-юха а деша мегар долуш хьекъале-беркате дешнаш ду д1аяздинарш! Дела реза хуьлда!

Асламбек Гайтукаев   09.11.2017 17:26     Заявить о нарушении